Кху шеран аьхка Оьрсийчохь тIеэцна низам ду, «Геннара Малхбалерачу гонехь латта декъаран башхалла»,- аьлла цIе а тиллина. Иза хьалхара гIулч яра яслуш йолу и регион адамех хьалаюза хьажийна.
Билгалдаьккхинера цига дIаваха реза хиллачу хIора стагана 5 шарна лелон цхьацца гектар латта а, юхадала ца дезаш ахча а лур ду аьлла. Пхи шо дIадаьлча, аьтто хир бу и латта шайн доладаккха. Керлачу меттехь Iедало кхин а цхьацца аьттонаш бийр бу боху.
Яслуш йолу и регион адамех хьалаюзар тIедиллина ду Оьрсийчоьнан президентан миграцин комиссина. Цуьнан коьртехь ву ша а нохчо волу Паскачев Асланбек. Цуьнгара комментари эца гIортарх гIуллакх ца хилира, амма нахе хеттарш дича, къаьста цара тIе муха оьцу иза.
Костоева Марьям ю реза хиллачарах цхьаъ. Цо бахарехь, болх бан лиъначунна, цигахь дан хIума ду.
Костоева: «Кегирхой гIаланашка дIа а бахана, цигахь бехаш баккхий нах бу. Шайна алап делча, болх бийра болуш нах бу цигахь. Куьйгалла дан нах оьшу цигахь. Кредит а эцна, шортта хIума дан йиша йолуш меттиг ю иза».
Геннара Малхбале кавказхой дIакхайкхар - кхочушдалур долуш хIума ду, аьлла хета цхьаболчу тергамхошна. Юккъараллахочо Хизриев Iабдула иштта элира Маршо Радиога ша цу хьокъехь вистхуьлуш.
Хизриев: «Суна мел ойла йича а, сонта хIума хета иза. Совета Iедал долчу хенахь,Къилбаседера хиш Казахстане дехьадаккха ойла йинера. Яздархой дуьхьала а бевла сацийра иза. Вай къам, болх бан а, къахьега а Iаьмма ду. Вахтица болх бан ш аду, амма цигахь даима дIа а бахана кавказера къаьмнаш Iийра ду аьлча ца теша со».
Геннара Малхбалера латтанаш адамех дуза лаар ду аьлла ца хета юккъараллахочунна Хизриев Iабдуллина Iедалша долийна и хIума. Кхин бахьанаш а хила мега. Масалла, Къиласеда Кавказехь белхан меттигаш цахилар. Иштта иза делахь, кхузара, шайн дайн латта тIера нах хIунда кхойкху неха махка, кхузахь ден хIунда ца йо йоьжна индустрия, элира цо.
Хизриев: «Кавказехь белхан меттигаш ца хилар бахьан деш хета суна. Цхьа а хатI доцу хIума а, цхьа гена ойла йина хIума а хила мега. И долийнарг цаьрга чекхадаккхалура ду аьлла ца хета суна».
Геннара Малхбале Оьрсийчоьнан уггаре кIезга адам деха регион ю. И терахь шо-шаре мел долу жимлуш а ду. Ала догIу, ерриге а Оьрсийчоьнан пачхьалкхан 36 процент латта ду цигахь. Ткъа дехачу адамийн терахь ялх миллионал сов бен дац.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832