Баккхийчара къамелехь олуш хеза, хьалха, говрахь я вир ворданахь бен дехьа-сехьа вала, ваха-ван аьтто боцчу, дукха гена йоцчу яханчу хенахь хIинцалерчул хаъал хьасане дар адам, тIекаренаш а лелайора доггаха.
Къаноша ечу къароца цу хенахь, масала, 30-40 шо хьалха, иттаннаш чаккхармашкахь гIаш некъ гезбой а, хьошалла дендарна, "самсадаккхарна" тIера хилла нохчий.
Ишта, баккхийчара дечу тоьшаллашца кхин ца даккхахь а, де-буьйса даьккхина а цхьаьна токхуш, марзонца чукаренаш а лелийна вайнаха.
Стенна мальелла вайнахалахь и тайпа уьйр-марзонаш лелоран жигаралла? Дахаран сихалло лоьхкуш, цуьнан чаккъхе йоцу хьашт-дезарш луьстуш ца ларало те адам юкъа херо ца юлуьйтуш гергарлонаш дIалело?
Вовшашна тIекхача а, ваха –ван а аьтто беш машенийн шорто йолчу кху 21-чу бIешарахь, мацах, мацах санна гергарлонаш цалелоран бахьана хIун ду техьа?
Заманан битам-билгалонаш ахкаме йохкучу Iилманчана кхачо йоллуш жоьпаш дала тарлора цу а, кхечу хеттаршна.Делахь а цу декъехь могIарерчу нахана моьттург мехала хетарна, тхан дехарца гIелделла догIучу гергарлонех шена хетарг довзийтира дахарехь зеделлачу, ша кхеттал хилчахьана къинхьегамехь вахчавеллачу Гизуев Хьусайнас.
Хьусайн: «Адам вовшашна херадаларан бахьна, адам дузар ду. Шен бахаммий, шен ков-керт доцург кхин хIумма а ца оьшу хIинца стагна. Маьждигехь, тезетахь дуьйцуш дац нохчийн гIиллакхех, Iадатех.
Цундела генадовлуш ду гергарлонаш. Мел генара веъна велахь а:- Схьавола чуволий чайна стака а мелла гIур ву хьо!- аьлча, чу ца вогIу. - Са-м цIахь чай мелла бага якъа а яланза ю олий!- дIавоьду.
ЧIаьнта юьртара Элах Молла Сибрех воьдуш цуьнга мурдаша хаьттина боху: « Хьенех, тхуна хIун дитина воьду хьо?»
Вовшийн доьзалш пхьаьрсаш а лоьцуш, вовшийн чу а кхуьссуш, рицкъанах кхетийталаш, цхьа чайна кад аша мелча, шарахь гергарло лаьттар ду шуна юкъахь…»
Дезткъара яьлла ю Теркйист кIоштан Ломаз юьртара Мурадова Iайшат. Цхьа бIе чакхарма сов некъ тоьхна, ТIехьа –Мартана кIоштан Закан юьрта тезета яха яьлла, Долинск олучу эвлана гергахь, регIа дукъал дехьа яла машен схьакхачаре хьоьжуш лаьтташ ю, дIа ладоьгIча Iайшат, йовхонан тов ловш, къеггина хьаьжначу, бовхачу малха кIел.
БIе чакхарма сов некъ бина, хIара йовхо а ловш Закан юьрта када яххал и хIун гергарло ду хаьттича цо дийцира.
Iайшат: «Када йоьдуш ю-кх! Казахстанехь а цхьаьна Iийна ду. Шичий шича а ву кхелхинарг. Дичий бен хуьлий и гергарло!? Лелийнарг ма ду гергарло. Хьо тIевахаре терра бен ма ца хуьлу иза. Казахстанехь дуьйна схьаеъна марзо ю-кх. ХIинца лахлахь бен марсадолуш дац гергарло а. Адам а хийцаделла. Къинхетам а бац хьалхалерниг.»
Соьца гергарлонах къамелаш динчу Хьусайна а, Iайшата а ма-диццара, хан мел йолу а гергарлонаш гIелдалар, беза-бевзачарна юкъа херо йолар, заманан цхьа битам-билгало а хилла дIахIоьттина.
Царна хентарехь, хIинцалерчу баккхийчеран могIанаш лилха мел довлу а, и херо шорлахь бен готе хьаьвзар яц