ТIекхочийла долу линкаш

 
Закаев Ахьмадана кхел йина, Нохчийчохь йийсархой сецабо. КIиранан жамIаш
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закаев Ахьмадана кхел йина, Нохчийчохь йийсархой сецабо. КIиранан жамIаш


Закаев Ахьмад а, Кадыров Рамзан а. Коллаж
Закаев Ахьмад а, Кадыров Рамзан а. Коллаж

Оьрсийчуьра баьхкина лаамхой Нохчийчохь йийсарехь, Ичкерин политикна Закаев Ахьмадна кхел йар, нохчийн кхиазхочун Москвара гIуллакх – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу 98-чу подкастехь.

Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:

Нохчийчохь йийсархоша бина латкъам

Нохчийчохь бертаза лаьцна латтош бу, "Ахматан" дакъошна юкъахь Украине тӀаме баха Iалашонца кеп-кепарчу регионашкара гулбина "лаамхой". ASTRA зорбанан гӀирсан журналисташа баржийра цу масех йолахочо бина хилла видеохаам. Цара дийцарехь, уьш латтош бу, цхьацца бехкашца лецна, бертаза тIамтIе бахийта дIайазбечу Нохчийчуьра бахархойн метта. Доцца аьлча, шаьш тIаме ца дохуьйтург, цара ахча лур ду, ткъа церан метта хIорш дIахьийсор бу.

"Тхо кхузахь духкуш ду. Низамаш талхийначу нахах духкуш ду тхо. Оцу тIехула СВО (ишта олу Оьрсийчуьра Iедалхоша Украинана дуьхьал бечу тIамах.-Ред.) хьийсош таIзар до царна. ТIамтIе ца боьлхург, ахча ло цара: 300 эзар сом, 500 эзар луш меттиг а нисло, оцу нахе хьаьжжина", - бохура цара.

Лаамхой бу бохучара латкъам бина дийшар лаьттахь ду шайн, йуург шен-шен хенахь ца латтайо, ницкъахойн пурба доцуш нишка а ца дохуьйту шаьш аьлла.

Журналисташна хиъна видео тӀехь волчу масех стеган цIераш. Царах цхьаъ ву оьрсийн агӀор дехьаваьлла Донбассера вахархо, важа Волгоградан кӀоштарчу Волжский гӀалара ЧВК «Вагнеран» хилла йолахо ву, ткъа кхоалгӀаниг ву, Нохчийчуьра вахархочуьнца лаьцна а Iийна, цул тIаьхьа Нохчийчу а вахана, цигахь контракт йина, тIамтIе ваха дагахь хилларг. ASTRA гIирсо, йолахойн гергарчарна тIетевжина, чIагIдарехь, бӀеннаш «лаамхой» бу регионехь нохчашца хийца латтош. Бакъду, хIара хаам кхин цхьаммо а тӀечӀагӀбина бац.

ХӀора кӀиранах бохург санна, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам бо, Оьрсийчоьнан тайп-тайпанчу регионашкара баьхкина, республикехь тӀеман кечамаш а бина, рогIера йолахойн тоба тIаме хьажийна шаьш олий. Бакъонашларъярхоша чӀагӀдарехь, цу регионера нах нуьцкъала эскаршка хьийсабо дукха хьолехь къаьркъа мийларна, йа наркотикаш лелорна, йа Кадыровн критикийн гергара бу аьлла.

"Мемориалан" бакъонашларъярхоша гIуран-бутт чекхболуш хаам бира, тIамтIе хьийсорхьама нохчий лоьцуш, керла тулгIе йаржарх. Цара билгалдаьккхира, цхьадолчу хьелашкахь низамехь а доцуш лецначарна тIе кхаьънаш эгадо, йа шайн метта "керла ши лаамхо" схьавалаве бохуш хьийзабо аьлла.

Ткъа хийца Iалашонца йийсарехь латтош ду шаьш аьлла, видеокхайкхам дIайазбинчу йолахойх дерг аьлча, царех лаххара а шиъ, журналисташа дийцарехь, Керла шо тӀекхачале Нажин-Юьртарчу полицин декъера дӀахецна. Бисинчарех хӀун хилла, хууш дац, видео тIехь гуш верриг а бархI стаг вара уьш.

Закаев Ахьмадана йина кхел

Кху кӀиранах Ростов гӀаларчу Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхело таIзар кхайкхийна Ичкерин политикна Закаев Ахьмадана. Террорхойн юкъаралла кхолларх а, терроризме кхайкхарх а лаьцначу артиклашца 20 шо хан тоьхна цунна. Оьрсийчоьнан талламо Украинан эскарехь Ичкерин батальонан буьйранча волчу Юсупов Мурадана 19 шо тоьхна.

ГIуллакхан материалашца а догIуш, Закаевс дIакхайкхийна ша йозуш йоцчу Нохчийн Республикан лидер ву аьлла, цо кхоьллина ВСУ-н Арахьарчу легионан декъехь батальон, ткъа цуьнан буьйралла дар шена тIелаьцна Юсуповс.

Церан хьокъехь бехктакхаман гӀуллакх долийра 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь Оьрсийчоьнан низамхоша «батальон хилар» билгалдаккхаран буха тIехь. Ткъа цул а масех бутт хьалха, чIагIдарехь, Закаевс «дикачу агIор къамел дина хилла» Нохчийчохь герзашца тIелатарш дарна байъинчех лаьцна.

Цу буха тӀехь кхело сацам бира, ВСУ-н Ичкерин батальоно гӀортор йо "терроризман идеологина а, практикана а" аьлла. Кхелан сацамехь иштта билгалдаьккхина, Юсупов 2013-чу шарера 2015-чу шаре кхаччалц Шемахь хилла хиларх а, цигахь, талламчаша дийцарехь, "низамехь йоцуш вовшахтоьхначу тобанийн" декъехь тӀом бина хилар а.

Закаев Ахьмадана Оьрсийчохь 2000-гӀа шераш дуьйладелча дуьйна тIаьхьабевлла бу, амма хӀара дуьххьара официалехь цунна дуьхьал кхайкхийна таIзар ду. Украинехь тIом болийначул тIаьхьа Ичкерин политико дакъалоцу пачхьалкх ларъйарехь, диллина дӀахьедарш до Кремлан агрессина дуьхьал. 2022-чу шарахь Кадыров Рамзана кхайкхам бира, Закаев ве аьлла, тIаьхьо политикан вешин кӀант нуьцкъала Оьрсийчоьнан агӀор тӀом бан хьажийра.

Москвара нохчийн кхиазхочун гIуллакх

Москвахь латарна тIехула ницкъбеш харцахьа лелла аьлла бехкевечу Нохчийчуьра кхиазхочунна Мурдиев Романна цIера дIасавалар дихкина кхин а беа баттана. Оцу ханна гIуллакх прокуратуре йуха хьажийна, цхьацца кхачамбацарш нисде аьлла. Формалан билгалонашца ду гIуллакх прокуратуре йуха луш кхело бина сацам бу, дIахьедина нохчийн адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура.

Мурдиев а, кхин а 4 кхиазхо а бехке веш ву хулиганалла лелорна, аьлча а, хьалххе барт а бина, шайн нийсархошна тӀелатар дарна. Кхиазхошна тӀехь йен кхел къевлинчу неӀаршкахь дӀахьош йу. Мурдиевн гергарчара чӀагӀдо, шена вевзаш хилла кIантехьа гIо доккхуш хиллера иза бохуш. Цуьнан адвокато дӀахьедина, цу бехктакхаман гӀуллакхана йукъахь хилла шиъ декъашхо талламо йукъараваьккхина аьлла. Цо бахарехь, «къаьмнийн тоба йара боху церан верси йухуш» хилла и ца динехь.

Кадыров Рамзана, Мурдиевн гӀуллакхах лаьцна комментари йеш дӀахьедира, Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр а, чоьхьарчу гӀуллакхийн министр Колокольцев Владимир а "шайн хьакъ йолчу меттигашкахь вац" аьлла. Оцу дIахьедарна тIаьххье ницкъахоша летачу хенахь йаьккхина видео дIасайаржйира "хиллачух дерриг а ма-дарра къасторан кхачам боллуш барамаш" бу хIорш аьлла, дӀакхайкхош. Ша Мурдиев цхьана видео тӀехь бен гуш вац – иза "Ходынское поле" олучу паркехь йаьккхина йу. Цу тӀера кхеташ дац, ма-дарра муха доладелира церан дов, амма видеон хьалхарчу секундаша йуьззина тӀечӀагӀйо бехкевечун верси. Цу тIехь Мурдиевс кӀайн футболка йоьхна кхиазхо кхечу школерачу дешархочунна генавоккху – схьагарехь, цо гIо даьккхина боху кIант и волчух тера ду.

Тхан редакцин Нохчийчуьра хьосташна хетарехь, Мурдиевн гӀуллакхехь жигара дакъалоцуш ду республикерчу Ӏедалша, массо а нохчашна, уьш миччахь белахь а, тӀехь Ӏуналла дан шайн ницкъ кхочу боху куц-кеп латторхьама. Ткъа, нагахь санна оьшуш хьал нислахь, церан проблемаш бакъоларйаран органашца листа ницкъ кхочур бу шайн бохуш.

БатIалхьажой а, инарла Кириллов вер а

ГӀалгӀайчохь лаьцна батIалхьажойн вежараллин декъашхо ву бохуш волу ши стаг Точиев Батухан а, Падиев Рамазан а. Оьрсийчоьнан тӀеман ницкъийн радиацин а, химин а, биологин а тӀеман эскарийн куьйгалхо инарла-лейтенант Кириллов Игорь а, цуьнан гӀоьнча а вуьйш дакъалаьцна хиларх шеконаш йу царех. ГӀалгӀайчуьра бахархой лецарх лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан кхерамазаллин ницкъашца зӀе йолуш йу бохуш, йуьйцучу телеграм-каналаша, официалехь информаци тIечIагIйина бац.

Зорбане баьхначу хаамашца, лецнарш батIалхьажойн вежарийн тӀеман тобанера хилла, инарла Кириллов верна бехке болчарна хӀусамца а, машенца а накъосталла дина хилла бохуш дуьйцу. Хьалхо лецира кхин а массех батIалхьажойн "тӀеман тобанехь" хилла бохуш волу стаг – уьш бехке беш бара Подмосковьера "Крокус Сити Холлехь" теракт йинчу нахана гӀо дарна.

Кириллов Игорь а, цуьнан гӀоьнча а вийра Москвахь гIуран-беттан 17-чу Ӏуьйранна эккхийтар а дина. ШолгӀачу дийнахь Талламан комитето а, ФСБ-но а хаам бира, шеконашца лаьцна шаьш Узбекистанан вахархо аьлла. Украинан къайлахчу сервисаша шайна болх бан лаьцна хиллера иза бохура, цунна 100 эзар доллар ахча лур ду аьлла.

ТӀаьхьарчу шерашкахь Оьрсийчохь хьийзош бу батIалхьажой, цундела царах цхьаберш Украинина дуьхьал тӀаме баха декхаре хилира. 2023-гӀа шо чекхдолуш къайлахчу сервисаша, кхелан сацамца, террорхойн вовшахтохараллашна йукъатуьйхира батIалхьажойн "тӀеман гара".

Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG