ТIекхочийла долу линкаш

 
Зуламах зулам алар: чергазийн геноцид тIелаьцна Украино
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламах зулам алар: чергазийн геноцид тIелаьцна Украино


Чергазийн диаспоран дуьхьалонан акци, архивера сурт
Чергазийн диаспоран дуьхьалонан акци, архивера сурт

Кавказан тIом боьдучу заманчохь чергазийн къомана тIехь геноцид лелийна хилар къобалдина Украинан Лакхарчу Радехь. Оцу хаамо шовкъ гIаттийна чергазийн диаспорехь а, даймахкахь а: къоман боламан векалша аьлла цунах пачхьалкхалла меттахIоттон а, миллионаш доллу дуьне мел ду бехаш болу шайн махкахой цIаберзон а йоккха гIулч йу и аьлла. Оцу сацамо муха Iаткъам бийр бу, дийцира тхан редакцина чергазийн жигархоша.

Радан 232 депутато кхаьжнаш тесна геноцид лелийна хилар тIелоцуш бинчу сацамехьа. Хьалхо, Украинехь тIом болабеллачул тIаьхьа, украинхойн парламентхоша къобалдира Оьрсийчоьно Нохчийчоьнна оккупаци йина хилар а, гIалгIайн шайн пачхьалкх хила бакъо хилар а.

Дуьне хадам боллуш хила деза. Цхьа барт болуш. Зуламана цхьа а шанс ца йуьтуш

Документа тIехь билгалдаьккхина, "1763-1864-чу шерашкахь, даймахкара 90 процент къам махках доккхуш, хIаллакдеш, оьрсийн-кавказхойн тIом боьдучу хенахь чергазойн дозанаш цIандар империн политико леррина Iалашо а хIоттийна, къизаллица дина хIума хилар". Оцу йукъанна Оьрсийчоьно лайш динчу халкъашна дуьхьал лелийначу зуламийн тахана а хьакъдолу жамIаш а дина, бакъонца мах хадийна бац.

Масех пункт йу бинчу сацамехь: чергазийн геноцид тIелацар, церан даймахка берза а, шайн харжам бан а бакъо хилар доцург, йемалдина хиллачух лаьцна хаамаш таханалерачу Орсийчоьнан Iедалхоша харцахьабахар а.

"Нагахь санна, вай дӀайаханчу заманан хиламаш тергал ца бахь, билггалчу наха йух-йуха а лелор долуш ду адамаллина дуьхьал дина ирча зуламаш. Дуьне хадам боллуш лела деза. Барт болуш. Зуламана цхьа а аьтто ца буьтуш. Билггал сигнал хила йеза: жоьпалла шеко йоцуш хир ду", - аьлла бинчу сацамах лаьцна Лакхарчу Радан хьалхарчу вице-спикеро Корниенко Александра. Низаман проектан автор йолчу Мезенцева Марияс историн сацам бу иза элира, "импери хIаллакйар – халкъашна маршоне некъ бастар ду" аьлла, билгалдоккхуш.

"ТаIзар ца деш дитина зулам йуха догIу", - доцца бохура депутато Юрчишин Ярослава, лелийна геноцид тIе ца лоцуш дитахь хиндолчух лаьцна дуьйцуш.

Редакцин сайтана комментари луш, инициативан автор волчех цхьаммо, депутато Гончаренко Алексейс билгалдаьккхира, ша цу кепара низам проект кховдош 2022-чу шеран аьхка вистхилира, хIетахь цхьа могӀа депутатийн иза кхочушдан йиш хиларх шеконаш кхоллайелира аьлла. Эххар а Ӏедалехь йолчу партера цуьнан накъосташ а, кхинйолу фракцеш а тIетайра чергазийн геноцид къобалъяран инициативана.

"ЧIогIа дог тешна ду, кхечу пачхьалкхашкара парламенташ а тхуна тIетовр йу, цу кепара сацам тIеэцарца оха царна а таронаш схьайоьллу. Тахана империца леташ йу Украина, тхан халкъо а ловш йу геноцид. Цундела дийца деза, Оьрсийчоьнна хIара марзделла хIума хиларх. Иштта хьийзийна империно чергазий, нохчий, гIалгIай, кхарачой, иштта дуккха а кхин долу къаьмнаш а. Коьрта ду зуламах зулам алар, диллина лелийначу зуламех тIечIагIдар, бакъдерг дийцар", - бохура Гончаренкос.

Даймахках баьхнарш

И резолюци - историн нийсонехьа а, чергазийн даймахка йухаберза бакъонехьа а йаьккхина ладаме гӀулч йу, комментари йира чергазийн "Хабзэ" цIе йолчу йукъараллин вовшахтохаралла кхоьллинчу Кочесоко Мартина. Цо дагадаийтира, пачхьалкхан тӀегӀанехь геноцид дуьххьара ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан парламенто 1992-чу шарахь къобалйина хилар. Дуккха а шерашкахь историн талламаш баран а, Ӏилманан конференцешкахь дийцаре даран а, халкъ хӀаллакдар бакъдерг тӀечӀагӀдеш материалаш гулъяран а жамӀ дара и. РогӀера гӀулч йара 2011-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Гуьржийчоьнан парламенто иза къобалдар.

ТIемашкахь белла ца Iара чергазой: Оьрсийчоьнан эскарша хинан бала хьогуьйтура ламанхошка, церан йалташ дуьйш йолу аренаш йагайора

Къоман билгалонашца леррина цхьана Iалашонца лелийна и хиламаш йиллина геноцид хиларх тоьшалла деш, дуккха а документаш, рапорташ, и дерриг гинчара дина тоьшаллаш долуш ду", - бохура историн говзалла йолчу Кочесокос. - Оьрсийчоьнан империно Черкеси схьайаккха гIерташ къийсам латтийра 1763-чу шарера 1864-чу шаре гергга, бӀе сов шо, ткъа и терахьаш дара Лакхарчу Радехь болчара шайн сацам тIеоьцучу хенахь бухе дехкинарш а".

Оцу йукъанна, кхин дIа а дийцира йукъараллин гIуллакхдархочо, тIаьххьара диъ шо дара къастамаллин – ГIирман тIом бирзинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан буьйралло тIечIагIйира къилба-малхбузен Кавказан а, Iаьржачу хIордан йист а хьалха дуьйна цигахь баьхначу бахархойх дIацIанйан. Дай баьхначу латтанашкара чергазошна Iосманан импери депортаци йан. Эххар а бIеннаш эзарнаш нах арабехира, доккхаха долу дакъа хIаллакхилира мацалла, цамгарш, тIехь лелийна Iазапаш бахьана долуш.

МухӀажарш оццул дукха хиларна, Истамбуло Санкт-Петербурге дехар дира Оьрсийчуьра арабуьйлучу нахана доза тохахьара аьлла. ДӀакхелхинчу чергазийн терахь масех шарахь ах миллионн герга дара. Цу хиламийн заманхочо, оьрсийн историко Бергер Адольфа динчу хьесапашца, 10% гергга, йа 80 эзар чергазийн бен аьтто ца баьлла шайн даймахкахь биса. 400 эзар гергга стаг вийра, кхин а ах миллион - араваьккхира. Чергазий беккъа тӀемаш бахьанехь белла ца Ӏа: оьрсийн эскарша лаьмнашкара хи сацийра, церан аренаш йагийра.

Кавказехь а санна, Оьрсийчоьно Украинехь а изза агрессин кепаш лелош хилар тахана гуш ду доллу дуьненна - дозанаш схьадоху тIом, бохуш кхин дӀа а дуьйцу Кочесокос: "Тхо тешна ду, Украино бинчу сацамо кхечу пачхьалкхийн тидам а тIеузург хиларх, церан масална тIахьахIуьттург хиларх, нийсонехь гIул а йоккхуш. Тхан иштта дегайовхо йу, геноцид къобалъйаро миллионашкахь долчу чергазийн халкъан шайн даймахка йухадерза бакъо йала аьтто бийр бу аьлла".

Кремлан пропагандо Iехийна, Украинехьа тIемаш беш болчу чергазой а гIад баханера геноцид тIелацарна

Дерриг а дуьнентӀехь беха миллионаш чергазий а, шайн даймахкахь беха бӀеннаш эзарнаш а цхьаьнатоьхна бу Оьрсийчоьнан империно шайна тӀехь геноцид йина бохучу юкъарчу тешамца, боху Чергазийн Конгрессан лидеро Касе Кика: "Соьгахь информаци йу, ур-атталла Кремлан пропагандо Iехийна, Украинана дуьхьал тIемаш беш берш а цхьана реза бара Украино геноцид къобалйарна. Оцу йукъанна дуьнентӀера дукхахболу чергазий Украинехьа бу, нийсонан а, диканан а агӀор бу".

Чергазийн жигархочо билгалдоккху, резолюци тӀеэцале хьалха масех шарахь Iаламат дукха къахьегна хилар а, чергазаша даггара баркалла аларна а, Украинин депутаташна и сацам барна.

"Геноцид къобалъяр йацара къоман боламан Ӏалашо. Иза, уггаре а хьалха, эвсара къийсам латтон а, коьрта Iалашо кхочушйан а дуьненаюкъарчу тӀегӀанехь бакъонан гIирсаш караберзо таро хилар ду. Чергазойн пачхьалкхалла меттахIоттор, даймахка халкъан векалш йухаберзор", - аьлла, шен къамел дерзийра Чергазийн Конгрессан куьйгалхочо.

Къобалдаран йуьхь бен йац?

Чергазийн геноцид къобалйина шолгIа шайн суверенитет йолу пачхьалкх йу Украина, дагадаийтира "Маьрша Черкеси" ассоциацин куьйгалхочо, "Бахархойн кхеташонан" декъашхочо Яганов ИбрахIима. "Чергазийн жигархоша дозанал арахьа а, шайн дай баьхначу махкахь а къахьоьгуш доллушехь, тхан къомана массо а меттигехь ассимиляци хуьлуш йу, бовш бу мотт, культура, къоман идентификалла. Тханалерачу дуьненахь дийна виса а, уьш меттахIиттон а таро йу даймахкахь, пачхьалкхалла йуха метта а хIоттийна. Ца хуьлчу далахь, чергазийн къам дIадан тарло".

Къамелхочо билгалдаьккхира, хIинцале а чергазийн йукъараллин организацеш кхайкхамаш кечбеш йу Балтин, Польшин, Финляндин парламенташка, халкъана йинарг геноцид йара аьлла, тIелацар доьхуш.

Украинин сацам - символикан политикан гӀуллакх ду, Европера тIаьххьарчу колониалан империн духенах – Оьрсичоьнах - кхеташ хилар гойтуш, бохура Украинин йукъараллин гӀуллакххочо, Оьрсийчоьнан тӀаьхьарчу маьршачу къаьмнийн форуман вовшахтохархочо Магалецкий Олега: "ЧӀогӀа мехала ду цу тайпа гӀулчаш системан белхан йуьхь хилар, кхидӀа а "дерриг а дуьненан бӀаьргаш схьаделла, Оьрсийчоьно хьалха а, тахана а лелочу зуламашна".

Американ Ӏедалан йоцчу Jamestown Foundation талламийн организацин аналитик волчу Гобл Пола Радан резолюци вуно мехала йу бохура: "Иза Киевн рогӀера гӀулч йу Оьрсийчоьно кхечу къаьмнашна геноцид йар къобалдарехь. Ткъа кхечу пачхьалкхашна - Украинина тӀаьхьакхиа аьтто бу, чергазий хӀаллакбар къобалдарца. Со тешна ву иза, цу гӀуллакхо даймахкахь а, диаспорехь а чергазийн юкъараллина ницкъ лур бу, синтем лур бу аьлла", - билгалдаьккхира эксперто.

Оцу йукъанна Гобла бохура, геноцид тIелацар Кремльна лазаме хир ду, и гIорта тарло диаспоран дог-ойлина Iаткъам бан.

Тхан редакцино хьалхо дийцира чергазошна геноцид йарх лаьцна Iилманца жамIаш дарх а, кхузаманан дуьненахь и къобалдаран муьрех а. Тбилисин пачхьалкхан университетан профессорна Чухуа Мерабна хетарехь, уггар а хьалха Оьрсийчоьно лара йезаш йара и геноцид.

Паччахьан Оьрсийчоьнан зуламаш кхузаманан Оьрсийчоьнан Ӏедалша йемалдеш ца хилча хӀоьттина хьал тамашийна ду, элира цо. Гуьржийчоьнан "Ронделин фондан" (Тбилиси) Ӏилманан белхахочунна, историкна а, политологна а Квахадзе Александрна хетарехь, чергазий 19-чу бӀешарахь хиллачу тӀеман жамӀехь уггар дукха баланаш лайнарш бу Къилбаседа Кавказера халкъашлахь.

Цо дийцарехь, чергазий беха кху заманан республикаша - ГIебарта-Балкхаройчоь, Кхарачой-Чергазийчоь, Адыгей - йахначу заманан "кегий гIайренаш" йу, ткъа Москван сагатдо, дозанал а арахьарчу, мел а жигара йолчу диаспоро гIортор йарна Оьрсийчуьра чергазошна.

  • 2023-чу шарахь Истанбулехь дIайаьхьира Черкесин суверенитетан лерина дуьненайукъара хьалхара конференци. Дуьненан лидершка дехар дира и вовшахтоьхначара регионан суверенитет а, Оьрсийчоьнан империно XIX-чу бIешерашкахь чергазийн къомана йина геноцид а къобалйар доьхуш. ХIетахь дуккхаъчу экспертийн шеконаш йара царна жоп лург хиларх.
  • 2024-чу шеран бIаьста чергазийн диаспорин дозанал арахьарчу масех йукъаралло дIахьедар зорбане даьккхира Украинана тIехIуьттуш. Украинана дина тIелатар йемал а деш, цара кхайкхам бира катоххий эскарш цигара арадаха, дуьнено а къобалдина пачхьалкхан дозанаш йухаметта а хIиттаде аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG