Your browser doesn’t support HTML5
«Со Веденски районера Селментаузенера ву. Тесаев Эми ву со. В 2000 году, 6 март дара и, оцу хенахь Веденски районехь цига Селментаузенехь тIемалой сдаваться до, аьлла, цига хьалабигнера. 7 хиллера уьш хьалавахана, Iаьна тIехь на колени а хIиттийна, 2 сохьтехь Iийнера уьш лайна юккъехь. ТIаккха, чура хьала а еана БТР-о "Тесаев Висламбек", аьлла, юккъера схьа а ваьккхина (деваша ву и Висламбек), и цара речки чу а вигина, Iийначул тIаьхьа, юха хьала а бевла, "Тесаев Висита" (тхан да ву иза), [кхайкхира]. Юха и схьахьаьжча, юха цара и чу а вигина, царшинна урс хьаькхнера.»
Стохка 11-чу сентябрехь оха кечйинчу программехь дийцира 13 шо долчу мухIажара Тесаев Эмис, Оьрсийн эскаршна шайн герзашца тIебаханчу шен дена а, девешина а динарг. Эмин да а, деваша а, цаьрца хилла болу кхин а нах а тешнера Оьрсийн Iедалша а, эскардайша а, герзаш охьа а дехкина, Iедалан кара долхахь, таIзарх хьалха девр ду шу, аьлла, тIемалошка бинчу кхайкхамах.
Цхьа эзар исс бIе дезткъе дейтталгIачу шарахь тIом болабелчахьана дуьйна, дуккха а амнистеш кхайкхийнера Москохарчу Iедало Нохчийчохь. Соьлж-гIалахь охьахевшинчара, вовшашца къийса а луш, терахьаш даладора, шаьш бахьанехь, оьрсашна тIебаханчу тIемалойн могIарш багарбеш. Гантамиров Бислана, масала, ши эзарлагIчу шарахь, ша бохучуьнга ла а доьгIна, ши эзар сов стага герз охьадиллина, бохуш, дийцара.
Ткъа и герзаш дIаоьцуш, тIебаьхкинарш тIелоцуш, леррина меттигаш а яра билгалъяьхна гIаланашках а, ярташкахь а. Оцу пункташна хьалха, рогIехь лаьтташ, гуш тIемалой я Ичкерин Iедалдай ца хилара, амма наггахь, цхьацца шайн бахьанашца, Эмин да а, деваша а саннарш а, нислора. Царах цул тIехь хуьлуш дерг дуьйцуш, ца валар цхьа а.
Стохка гуьйрана Нохчийн тIемалойн тобано Москох закъалтана нах лаьцначул тIаьхьа, ян еза референдум йийцина а ца Iаш, керла амнисти а багара охьа ца йиллара Iедалша Москох а, Соьлж-ГIалахь а. И амнисти муха хила еза, хьанах хьакхаяла еза, тайп-тайпана туьдуш делахь и йийца йолийнчара, Iалашо цхьаъ йолчух тера ю массеран: герзаца Нохчийчохь Оьрсийн эскаршна дуьхьало еш болчеран могIанашкара ма-хуьллу дукха нах схьабахар а, кIезиг хенаш тоьхна болу Нохчийн тутмакхаш оьрсийн набахтеш чура арабахар а.
Буьйцуш берш цIий Iанийна а боцуш, Оьрсийн Iедало лоьхуш а боцуш болу Нохчий бу. Амма кхин а цхьа агIо ю керлачу амнистин, йицъян мегаш йоцу: Нохчашна кхайкхина а ца Iаш, Нохчийчохь зуламаш а дина, лаьцначу я хенаш тоьхначу оьрсийн эскархошна а йогIуш ю и.
Оьрсийн Думехь депутат волчу Аслаханов Асламбека ша хьахийра боху и керла амнисти дуьххьар Оьрсийн президенте Путин Владимире. Аслахановс даре до, хьалха кхайкхинчу масийтта амнистех теша а тешна, Оьрсийн Iедална тIебахана болу нах дукхах берш хIаллакбина хилар.
"24-чу декабрехь со президентаца Кремлехь цхьана а кхетта, цо тIе а кхайкхина, 3 сахьт герга къамел ди-кх оха"- бохуш дийцира соьга Аслахановс. "Эццигахь и амнисти хьахийра аса. Хьалха хилчу амнистех гIуллакх хуьлуш дацара. Дукхах берш хIаллакбина уьш, байъина. Цундела, аса бах, оцу нехан, тIе а бахана, иштта тхо хьийзош ду (я гергарчу наха, дуй хьуна) ала цхьа орган хила еза, дуй хьуна, иштта хьахийнера аса. ТIаккха и реза а хилла, и хьалха хилла йолу амнисти, хила ма-езза, массарна кхаьчна а яц. Суна схьахетарехь, кхин агIора ян езар и, аьлча, дуй хьуна, ша реза ву, дуй хьуна, амнисти хила еза, аьлла, аьллера. Юха аса сайн проект постановлени кеч а йина, дIаелла цхьа бутт ах бутт хан ю-кх."
Аслахановн проект йоцург, кхин а цхьацца сацамаш а, проекташ а ю лелаш а, йийцаре еш а. Амнисти хьокъехь вист ца хуьлуш висина политик а, тIеман куьйгалхо а вац, аьлла, хетало наггахь, Думин гIантден Селезнев Геннадийна тIера инарла Трошев Геннадий а, бизнесмен Сайдуллаев Маликий бист кхаччалц. Сих-сиха буьйцуш Думехь бакъонийн комитетан куьйгалхо волчу Крашенинников Павелан сацам а бу. Кремлехь Iамош а, дуьйцуш а ду керлачу амнистин гIуллакх, Аслахановс дийцарехь. Оцу Кремлан Iедало юьхьарлаьцна йолу проект хьан кечйина ю, аьлла, шега хаьттича, депутат Аслахановс ишта жоп делира тхуна
"Ши-кхо кIира хьалха соьга эли, комитет по законодательству -- цо кечъина, аьлла" - дийцира Аслахановс. "Юха аса, цаьрца цхьана а кхетта, эли "аша и хIунда кечъеш ю, со депутат от Чеченской Республики вара, дуй хьуна, Нохчийн махкара хаьржина а вара; аса кечъян езаш яра и", аьлла. Цо бах, шега аьллера, цундела ша кечъина уьш, шайн комитето кечъян езаш ю и, аьлла. Юха со Кремле кхайкхира, глава администрации Волошин, бохуш, ву-кх и, и волчохь гулделла. Цара, схьа а эцна, Крашениниковс кечъинарг йийца йоли.
Аса бах, ой, со хIунда кхайкхина аша тIаккха? Цул хьалха кеч а йина, Государственни Думе дIа а елла, дуй хьуна, цара массо комитеташкхула, комиссешкхула дIаса а яхийтина, сайниг цхьаммо тIелаьцна а яц. ХIара обсуждать еш ю. Со кхузахь оьшуш а вац. Я ший а обсуждать ян еза вай, ойла ян еза вай, оцу шиннах цхьаъ муха ян еза, аьлла. Юха, дика ду, шаьш реза а ду, цхьа кIира даьлча, цхьанакхетар ду [эли]. ХIинца бутт хан а яьлла, со дIакхойкхуш а вац, тхо гулдеш а дац хIинца."
Шен проект гIехь йоккха башхаллаш йолуш ю боху Аслаханов Асламбека Крашенинникован Комитето кечйинчул. Бехк боцуш, Оьрсийн набахтешкахь хан токхуш болу Нохчий мукъа бахарна тIехьажийна ю, боху цо коьртачу декъана ша юьйцуш йолу амнисти.
"Аса кечъинчун тIехь хIун ду аьлча а, вукха проектехь йоцург, ас бах, и анти-террористически операци, бохуш, оцу тIамана и цIе а тиллина, и цIенош Волгодонскехь а, Москох а лелхийтича, дуй хьуна, цигахь хIинца а цхьаъ Нохчо ву, аьлла, дуй хьуна, гучудаьлла а доцуш доллушехь, Москох а, Волгодонскехь а, Ростовехь а, кхеченхьа а, хIокху мел йолу Росси-пачхьалкхехь операци ю-кх Вихрь-антитеррор, аьлла, террористаш лоьцу шаьш, бохуш, и операци еш. Эзар-эзарнаш Нохчийн кIентий, герз кхуссуш, патарманаш кхуссуш, узуш йолу наркотикаш кисана кхуьссуш, дуй хьуна, хенаш а тоьхна, чохь бохкуш Iаламат дукха нах бу. Iаламат дукха бу"- дуьйцуш вара Аслаханов Асланбек. "Цхьа а бехк-гуьнахь а доцуш. Церан бахьана цхьаъ ду -- уьш Нохчий хилар. Кхин бахьана доцуш. Аса цундела бах, и нах, дуй хьуна, амнистирбан безаш бу, уьш арабаха безаш бу, церан бехк бац.
Вукха амнистехь уллехь а дац и. Вай, хьалха тIом бина аьлла, тIом бинарш а, ца бинарш а, Iаламат яккхий хенаш а тухуш, цигахь тIемалой хилла бу, кхиберш бандиташ бу, аьлла, чубоьхкина дукха нах бу. Аса бах, оцу бехке болчарна юккъехь бехке боцурш дукха бу. КIезга бехк болуш а дукха бу. Бехке болчарна чохь бахкаран срок сократить ян еза, я кхозлагIа дакъа, я доьалгIа дакъа тоьхна йолчу хенан. Бехке боцуш берш -- церан гIуллакхаш, юха а хьаьжна, бехке бацахь, арахеца беза, бах аса, уьш.
Юха а зударий массо арабаха беза, бах. Бер а доцуш, кIезга зудабераш ду-кх, дуй хьуна, [царна юкъахь]. Массо наной бу-кх, шайн цIахь бераш а долуш. Массо кегий бераш дуй, чудоьхкина долу, уьш, дуй хьуна, дIахеца деза, бах, цара адамаш ца дайъинехь а, взрыв ца йинехь а (цхьацца йолчу преступленина амнисти хуьлуш ма яц цкъа а). Юха, 50 шо долу божарий, уьш амнистирбан беза я тоьхна хан жима ян еза, боху аса. Уьш чохь баьхкича, хьанна дика ду? Церан цIахь доьзалш бу, цундела уьш, шайн доьзале а хьожуш, ишта хила беза, аьлла, хета."
Эххаре чекх яла там болуш йолу амнисти Оьрсийн эскархой паргIат бахарна тIехьажийна хир юй те, моьттуш ву Аслаханов. Цунна сагатдеш ву вевзаш волу адвокат Хамзаев Iабдулла а. Кунгаева Эльза йийна волу оьрсийн полковник Буданов цхьа хIума доцуш юкъа воьдура, боху цо, хьалха кхайкхинчу амнистина. И ца хилийта, ойла ян езара, боху адвокато.
"Суна тахана хIун хета хьуна аьлча а, таханлерчу дийнахь амнисти йо, аьлла, Нохчий хIаллак а бина, тIема юккъехь а доцуш, Нохчий хиларна, харцонца уьш байъа а бойъуш, дукха белахь а, бацахь а лаьцна, дуй хьуна, гIазкхий эпсарш бу, дуй хьуна. И эпсарш паргIат бахар юкъадахарна, кхоьру со цу гIуллакхана. Соьга хоттуш хилча, тIема юккъехь, дуьхь-дуьхьал а хIоьттина, беш тIом а боцуш, нехан чура нах а идош, оцу нехан декънаш а духкуш, лела а лелла, гуча бевлла болчу эпсаршний, салташний амнисти йо, аьлла, уьш паргIат бахар суна харц хета"- бохуш вара Хамзаев.
"Герман-пачхьалкхаца тIом беш 55 шо кхачар даздеш, амнисти йира май-баттахь 2000-чу шарахь, дуй хьуна. Таьнгичохь йийна йолу йоI, дуй хьуна, март-баттахь йийнера. И амнисти йо, аьлла, бинчу сацамана тIехь яздина дара, тIом бечохь, мичхьа бина а, дозалла даьлла, стогалла яьлла, орден я мидал йолуш волу стаг, хIуъа а цо зулам динехь, бIе стаг вийнехь, хIуъа а динехь, и, дуй хьуна, паргIат ваккха веза, аьлла. ТIаьххьаре къуьйсуш, гена даьлча и гIуллакх, Конституционни олуш йолчу кхело доккха зулам дина болу, нах байъина стагаш арабовлийта йиш яц, аьлла. ХIинца тахана амнисти ечу хенахь, юха а, иза а дина, уьш арабовлуьйтур буй те, аьлла, цунна ойла ян еза."
Ойла еш бу и проекташ хIиттош берш а, церан мах хадош берш а. И амнисти хьакхалуш берш а, ца хьакхалуш берш а бу шайн ойланаш цунах лаьцна йовзуьйтуш. Нохчийн тIеман тобан хьалханчас Гелаев Руслана, тIемалошна бен-башха ца хета, боху амнисти кхайкхаярх, ца кхайкхаярх. Шаьш хIун леладо а хууш, лелаш бу, боху цо, Нохчийн тIемалой:
"Суна дага а догIуш, 10-13 кхайкхина амнисти ю, срок а тухуш: 3 де дуй я 30 де дуй"- билгалдаьккхира Гелаевс. "ТIаккха, яра хьал, ша ма-доьддура дIадоьдуш ду-кх яра, дуй. Цхьа хIума ду: иза амнисти елла боху нах буй -- уьш, дуй хьуна, дIа а бигина, тIепаз байъина меттигаш дукха ю. Тхан ойла муха ю хьуна аьлча а, тхуна бен дIа а дац, цара амнисти елча а, ца елча а. Бен дIа, дуй! Тхаьш хIун леладо хууш а ду. Къомана оьшуш дерг схьадаллалц, вай дIадоьлхуш ду."
Амнисти я езар бохуш, проекташ язъеш болчара а, юха уьш йийцаре юьллучара а цхьа хIума дац хьехош, хьахо дезаш дерг: мел тешам бу те тахана Нохчашлахь Оьрсийн Iедалх а, цуьнан низамех а, ерриге оьрсийн бакъонийн системах а. Маца хилла Оьрсийн Iедал а, цуьнан бакъонийн органаш Нохчийн халкъан а, Нохчийн нехан бакъонаш Iалашъеш я шайха болу тешам совбаккха гIерташ? Масане бу уьш хIокху тIаьххьарчу шерашкахь а, хьалхалерчу заманашкахь а хIаллак хилларш, Оьрсийн Iедало дуьйцучух теша а тешна. Кхин хIумма а ца хилча, оцу кхойта шо долчу мухIажара дуьйцучуьнга ладоьгIча а, хуур дара жоп цхьадолчу оцу хаттаршна.
(ХIара анализ эфире дуьххьар яьллера 2003 шарахь)