Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча, махкахь йохош йолу адамийн бакъонаш гучуйохуш а, оьрсашний, нохчашний юкъахь маслаIатан некъаш лоьхуш а, комитеташ кхоллаелира маситта пачхьалкхехь. Оцу комитетех лаьцна Маршо Радиога дийцира политикан Iилманчас Свифт Кристофера.
Нохчийн гIуллакхана гIо деш, кхин а гIо дан лууш дукха а нах бу къаьсттина Европехь а, Iамеркехь. Оцу наха демонстрацеш а, пикеташ дIакхоьхьу шайн Iедалийн урхаллашна хьалха а, Оьрсийн векалаллашна хьалха а, Нохчийчохь тIом сацабе бохуш. Нохчий вовшахбеттабала лууш хенахь, цара хIусамашца а, хьешацIеношца а, визанашца а, ур-аттала некъан билеташца а гIо а до. Конференцеш, фестифалш, хьежамаш а вовшахтуху цара, Нохчийчохь боьдуш болу тIом ма-бар гайта а, бийца а Iалашонца.
Маситта пачхьалкхехь оцу наха леррина комитеташ кхоьллина, Нохчийн гIуллакх шайн Iедалшний, махкахошний хьалха нийсонца дIакхехьа. Iамеркехь болх бечу Нохчийн комитетан эксперт а, жигара декъашхо а хилла ву Свифт Кристофер. Кхечу комитеташа беш болу белхаш а дика бевзуш ву и, ша царца уьйр латташ хиларна а, церан белхаш ша теллина дела а.
ХIокху сохьта Ингалсан махкахь Кеймбридж университетхь талламан болх беш волчу Свифта шех лаьцна дийцира цкъа хьалха, тхойшиннан къамел
дIадолалуш.:
«Со Бостонехь, Массачусетс штатехь, вина 1976 шарахь. Сан 27 шо ду. Со Нью-ХIэмпширехь Iаш ву. Сийлахь-Йоккхачу Британехь Кеймбридж университетан аспирантурехь ву со хIинца, дуьненаюкъара юкъаметтигаш Iамош. Хьалха ас доктор Бжезински Збигневца Дуьненаюкъарчу а, Стратегин а Талламийн Центрехь а, Нохчийчохь Машар ХIоттабаран Iамеркан Комитетехь а белхаш бина», дийцира Свифта.
Муьлхачу пачхьалкхашкахь ю Нохчийн комитеташ вовшахтоьхна, аьлла хаттар делира ас Свифт Кристофере:
«ШолгIа Оьрсийн-Нохчийн тIом 1999-чу шарахь бола ма-белла, цхьамогIа наха, вовшах а бетталуш, кхоьллина организацеш гучуелира Къилбаседа Iамеркехь а, Европехь а. Оцу хенахь, схьахетарехь, итт-шийтта организаци яра оцу тайпа, Канадехь а, Летувехь а, Полшехь а. Аттала Урдун-махкахь а яра цхьаъ, цигарчу Нохчийн диаспоро вовшахтоьхна», бохуш вара Iамеркера жигархо.
«ХIинца а болх бечарна юкъахь ю Цхьаьнатоьхначу Штаташкара Нохчийчохь Машар хIоттабаран Iамеркан комитет а, кхузахь шен бух болу «Нохчийчоьнан Бераш» цIе йолу гIоьналлин вовшахтохаралла а, дукхачу хьолахь гуманитарийн а, лоьраллин а белхаш беш йолу.
Цул сов, кхечу пачхьалкхашкахь а ю наха, гулабелла, вовшахтоьхна масех организаци. Фарансехь -- Парижехь а, Страсбургехь а -- ши Нохчийчоьнан комитет ю болх беш. ТIаккха, къилбаседа пачхьалкъхашкахь ю ишта комитеташ: Данехь а, Швецехь а, Норвегехь а.»
Оцу маситта комитето шайна тIелаьцна тайп-тайпана декхарш ду, боху Свифта. Царна юкъахь тайп-тайпана нах а бу, уьш болх беш йолу пачхьалкхаш вовшех къаьсташ хиларна:
«Оцу тайп-тайпанчу комитеташа шайна хьалха хIиттош долу декхарш дукхачу хьолахь дозуш хуьлу оцу комитеташна юкъабоьлхучу нахах. Скандинавехь Нохчийн комитеташна юкъахь берш, соьгахь болчу хаамашца, коьртачу декъана Iилманчаш а, адамийн бакъонаш Iалашъярхой а бу. Уьш Кавказ а, Оьрсийчоь а, къаьстина Нохчийчоь а Iамош болу нах бу. Царна юкъахь кхин а адамийн бакъонашца хIоьттинчу хьолана сагатдеш берш а бу», дийцира кхин а Свифт Кристофера.
«Фаранси-пачхьалкхехь Страсбургехь а, Парижехь а йолу комитеташ къаьсташ ю царах, амма церан Iалашонаш хIетте а цхьанайогIуш ю. Фарансехь йолу комитеташ, Скандинавехь ерш а цхьанне кепара хьакхалуш яц Iедалх. Уьш махкахоша вовшахтоьхна организацеш ю, царна юкъахь цхьа а Iедалстаг вац.
Парижехь йолчу организацина юкъахь дукха интеллектуалш а, адамийн бакъонашIалашъярхой а бу. Страсбургера комитет коьртачу декъана адамийн бакъонийн жигархойх хIоттаелла ю, цунна юкъахь кIезга бу шуьйра бевзуш болу хьекъалдай. Парижан комитетана юкъавогIуш ву, масала, профессор Глюксманн Андре, Фарансехь гоьваьлла морал-политикин философ.
Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь болх беш йолу Нохчийчоьн комитет кхин тайпа организаци ю. Иза адамийн бакъонийн организаци яц, цо и бакъонаш мел хьехош елахь а. Цунна юккъехь хьалха Iедалехь хилла дуккха а нах а бу, Цхьаьнатоьхначу Штатийн Когрессан декъашхой хилла нах а бу, Iилманчаш а, журналисташ а, юристаш а бу. Уьш, ма-гарра, кхин тайпа нах бу. Шен ма-хуьллу, Iедалца белхаш бан хьожу Iамеркера комитет, шен ницкъ кхачахь. Коьрта долчу декъана, шен анализ а гойтуш, Iедале дIахьедарш а деш, Нохчийн конфликтан йист яккхарна тIехьажийна алсамо белхаш баре кхойкхуш.
Европехь йолчу вовшахтохараллаша нахаца бо дукха белхаш. Цара цхьаьнакхетарш а, демонстрацеш а, гуламаш а туху сиха-сиха вовшах.
Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь Нохчийн комитет талламийн центрех, Iилманчех а, Iедалан урхаллех а еттало , конференцеш гулъеш, конгрессменашна а, сенаторшна а Нохчийчохь долчу хьолах лаьцна информаци латтош а, цо адамийн бакъонашна беш болу эшам буьйцуш а, Iамеркан, Оьрсийчоьнан юкъаметтигех и хьакхалуш хилар къастош а», аьлла билгалдаьккхира Свифта.
Нохчийн комитеташа а, адамийн бакъонийн вовшахтохараллаша а иштта
Дукхах болу Iамеркан Iедалдай тешаш бу, аьлла хета суна, Нохчийчохь герз караэцна болчу нехан доккха дакъа, дукхах долу дакъа ала мегар а долуш, и герз шайн синош лардархьама я шайн къам паргIатдаккхархьама эцна хиларх...
беш белхаш а болуш, и хIинца пхоьалгIачу шаре баьлла болу тIом ца сацар хIу бахьана ду те, аьлла, хаттар делира ас политикан Iилманче Свифт Кристофере:
«ТIом хIинца а боьдуш хиларна цхьа бахьана ду», элира цо. «И бахьана Iамеркан, Малбузерчу Европин лидерша хIинцалерчу оьрсийн Iедале тIом сацо беза олуш ца хиларца доьзна ду.
Оьшуш дерг докха хIума ма дац: я президента Буша, я премьер министро Блэра, я Фарансин президента Ширака, я Герман-пачхьалкхан канцлера Шроьдер ГерхIарда ала деза президенте Путине тIом сацо беза; тIом мел боьду, шун аьтто хиро бац Европин институтех а, Малхбузерчу юкъараллах дIакхета. Иза Путинна чIогIа лууш дара, иза Малхбузенна а оьшуш ду, шен кхерамазаллин дуьхьа а, Оьрсийн халкъан маьршонан дуьхьа а.
Хало стенна тIехь ю хьуна аьлча, Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Европо а кхин дуьхьал доккхуш хIума а доцуш, Путин а, цуьнан администраци а
озийна оцу гIуллакхана юккъе. И доцург, кхин а кхечу гIуллакхашна а юкъаозийна ву Путин. Цо хIуъа а дича, и Малхбузерчу пачхьалкхаша дIатоттуш воцу дела, Нохчийчоьнах бахьана а дина, юккъехь хьокхуш сиз доцу дела, боьдуш бу-кх и тIом хIинца а.
Путине, сан хьекъалехь, сацабойтур бац чохьарчу ницкъаша и тIом, арахьарчара цунна цхьа Iаткъам беш ца хилча. Дукха некъаш ду, оьрсашка тIом сацабайта, Iамерко а, Европерчу пачхьалкхаша а юьхьарлаца мегаш. Царах дукхах дерш хIинца а теллина а дац», чIагIдира Свифт Кристофера.
Нохчийчохь тIом мел бахбели, дарло адам махкахь. Шаьш цкъа а ца ден долу хIума до хIинца цхьаболчара, шайн кирахь болу бала бассо гIерташ. Оцу тIеман цхьа йист ца яьккхича, терроран проблема Къилбаседа Кавказехь йолчунна тIе чIагIлур юйла, ца хаа те Малхбузерчу пачхьалкхийн Iедалшна, аьлла хаьттира аса кхин а Свифте:
«И хууш ду», элира Свифта. «И хаьийта, Нохчийн гIуллакхана сагатдеш йолчу комитеташа и даима дуьйцуш ду зорбан гIирсашка а, адамийн бакъонийн жигархошка а, шайн ницкъ мел кхочу, шайн Iедалшка а. Хало стенна тIехь хуьлу аьлча,-- Цхьанатоьхначу Штатийн Iедалш, масала, хьахийча -- террорца беш болу тIом болабелчхьана, политикан реторико а, ечу анализо а гIехьчул гатбина церан аьттонаш.
Муьлхачу Iедало шаьш террорца къийсам латтош бу ма-аьлла, Цхьаьнатоьхнчу Штатийн а, цуьнан бартхойн а оцу конфликтан хьокъехь йолу позицици хийцало, ишта цунна цIе тоьхна дела.
Нохчийчохь вайна гуш долчунна а хало йо цо. Цхьа а шеко йоцуш, Нохчийчохь а нах а, тобанаш а йолуш ю, терроран методаш юьхьарлаьцна. И хIун ду хьуна аьлча, маьршачу нахана а, Iалашонашна а тIелетарш деш. Амма маьршачу Iалашонашна тIелетарш деш берш а, шайн къоман паргIато къуьйсуш берш я, шайца тIом бича, дуьхьал тIом беш берш къесто безаш бу.
Суна гергахь, иштта дукхах болу Iамеркан Iедалдай тешаш бу, аьлла хета суна, Нохчийчохь герз караэцна болчу нехан доккха дакъа, дукхах долу дакъа ала мегар а долуш, и герз шайн синош лардархьама я шайн къам паргIатдаккхархьама эцна хиларх.
Проблема хIун аьлча, тIом мел боьду, цунна юкъахь йолу элементаш вовшашка къамелаш ца деш мел Iа, ахь ма-аллар, экстремистийн тобанийн аьттонаш хуьлу, конфликт шайна лууче ерзо а, иза шайна езачу кепа тоха а», аьлла шен тешам бовзийтира Свифта.
ТIаьххьарчу хенахь шайна дуьхьал Iитталуш халонаш йоллушехь, Нохчийн комитетийн аьтто хуьлу цхьаьна гIуллакхаш дан. Ишта церан белхан эвсаралла совйолу, боху политолога Свифт Кристофера:
«Дерригенал а хьалха, хаа дезаш ду, оцу массо организацийн хатI а, кеп а коьртачу декъана царна юкъахь болчу нахах а, цара болх бечу пачхьалкхех дозуш хилар», аьлла тидам бира Свифта.
«Фарансехь йолу организаци, Парижера Нохчийн комитет, къаьсташ ю шен хормица а, хIоттарца а, масала, Iамеркехь кхоллаелачу комитетах. Парижерчу комитетан дикка кадолу интеллектуалашна юккъехь тIеман гонах йолу дебаташ меттахъяха.
Политикашна юкъахь и дебаташ йолаяр ишта дика ца нисло церан.
Дани-пачхьалкхера Нохчийчоьнна гIортор ен комитете вуно дика вовшах а тохало, хьалхе а латтало Скандинаверчу организацешна тIехь. Цхьа шо хьалха цара вовшахтуьйхира, кхечу адамийн бакъонийн вовшахтохараллашца а, Европехь а, Оьрсийчохь а йолчу Нохчийн диаспорица а цхьаьна, Дуьненан Нохчийн Конгресс.
Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташка вай хьаьжча, Нохчийчохь Машар ХIоттабаран Iамеркан Комитет адамийн бакъонийн организаци хилла а ца Iаш, коьртачу декъана политикица а, нах кхеторца а гIуллакх долуш организаци ю. Аьлча а, вайна гуш цхьа тоба ю, шена юкъахь шайн-шайн говзаллаш а йолу декъашхой а болуш.
Дуккха а халонаш хьийгира и бес-бесара тобанаш а, церан говзаллаш а цхьана хорше ерзо гIерташ болчара. ХIокху тIаьххьарчу цхьана шарах эха шарахь эххар а аьтто белира церан шайн ницкъаш вовшахтоха.
Закаев Ахьмад Дани-пачхьалкхехь лаьцча, Нохчийчохь Машар ХIоттабаран Iамеркан Комитет а, Парижера Комитет а, Данера ГIорторан комитет а -- массо а каде хьевзира, оьрсаша Закаев терроризмана бехке веш хилар керстдеш, документаш а, тоьшаллаш а Данин Iедалшка кхочуьйтуш. И организацеш иэр-м кхин башха маьIна долуш гIуллакх а дац. Коьртаниг хIун ду аьлча а -- цара цхьанаэшшара болх бар.
Оьрсийн Iедалан цхьана Iамеркехь эзарнаш дипломаташ бу болх беш. Уьш парггIат Конгерессан ученашкахула лела, шаьш Нохчийн тIеман хадош болу мах бовзийта а, хабарш, хаамаш, пропаганда яржо а ...
Тхан белхан эвсаралла совъяккхар юьйцуш елахь, ахь дагадаийта деза тхуна дуьхьал мел лаьтташ долу хIума. Тхуна хьалха пачхьалкхийн Iедалш а ду, оьрсаша шайга дуьйцучух тешаш.
Тхуна хьалха лаьтташ сингаттам а бу, ван мила ву те билггал Нохчийчохь хьалхе йолуш, кхочуш болчу хаамашкара бес-бесара сурт хIуттуш долу дела. Терроран акташа а гIехьчул хало йо гIорторан комитеташна Нохчийчохь адамийн бакъонашца долу гIуллакх айъар тIехь.
Таронашца доьзна хаттар а ду тхуна хьалха лаьтташ. Парижера Нохчийн комитет юкъахь хьал долу нах бац, шайн ницкъ а, шайн хан а, шайн ахча а ду цара дойъуш шаьш юьхьарлоцучу гIуллакхашкахь. Изза хьал Скандинаверчу пачхьалкхашкахь а ду.
Нохчийчохь Машар ХIоттабаран Iамеркан Комитет вуно жимачу бюджетаца ю болх беш. Ткъа Оьрсийн Iедалан цхьана Iамеркехь эзарнаш дипломаташ бу болх беш. Уьш парггIат Конгерессан ученашкахула а лела, шаьш Нохчийн тIеман хадош болу мах бовзийта а, хабарш, хаамаш, пропаганда яржош а.
Дауд-пайхамар Голиафца леташ хенахь, хилла ситуаци ю-кх. Амма дагадоуьйтур вай, Голиафана шен куралла а, зоьрталла а цунна шена дуьхьал делира, Даудана цуьнан ницкъана дуьхьалдаккха оьшуш долу герз а, оьшуш болу некъ а карийна хилла дела», бохуш вара Нохчийчохь Машар ХIоттабаран Iамеркан Комитетан декъашхо.
Нохчийн комитеташа тIаьххьарчу хенахь жигар баьккхина, Нохчийн махкахь машар лоьхуш, шаьш беш болу белхаш. Дани-пачхьалкхехь дукха хан йоцуш, меттигерчу комитето вовшах а тоьхна, леррина гулам дIабахара цхьамогIа политикаша а, журналисташа а. Цигахь дакъа лецира нохчийн, оьрсийн векалша а.
Вашингтонехь деношкахь оха йийцина конференци а, цхьанакхетарш а хилира, Нохчийчохь хиллачу бохамна цхьа йист лоьхуш. Iедалша шайга ладоггIалц белхаш дIакхехьа дагахь ю Нохчийн комитеташ.
(ХIара интервью дуьххьар эфире яьллера 2003-чу шарахь)