Айдамирова Машар. Дахаран агIонаш луьстуш

Нохчийчоь -- Нохчий зуда, СаймаIшк, 1994

Your browser doesn’t support HTML5

Айдамирова Машар "Дахаран агIонаш луьстуш"

ХIокху доккхачу дуьненан ширалле дирзина ши хIума ду – безам, ненан дог. Дийца Iаламат дукха дуьйцу, амма цкъа а, цхьана а заманахь царах билггала бакъдерг аладелла цхьа а вац – дукха мел дийци тилало шен ойланийн лехамашкахь. ХIора адамо ша велла дIаваллалца ша-шега – со хIокху дуьненчу хIунда веана? – бохучу хаттарна ца карон жоп санна буьсу и ши синхаам а.

Безаман куц-кеп хIоттош, ца далош хIун васт дисина, амма иза хIинца а бу бIаьрзечу адамах боьлуш лелаш. Мерза я кхаьхьа ца хьехош, безаман кад дIамала кийча ву ша верриг а.

Ткъа ненан дог?

И кад нанна бен кхочуш бац. Хьаъа мел хIуъу дийцарх а ненан дагах кхеташ еккъа цхьа нана бен яц. Оцу деган беза мохь, лазам шега иэцалур болуш я лаам болуш цхьа а вац.

Хьанна моьттинера, нисса ткъа шо даьлча халла меттадеана ненан дог ямартчу тохаро юха а морцур ду. Замано халла ерзийна чов йиллина дIаяхийтира, аьртачу туьро юьтучух, цкъа а йоьрзур йоцу керла заралла а юьллуш.

Хьаьдда-едда лелаш де-м сихха дIадолура, амма хIара буьйса йогIу-кх цкъа а чекх ца яла санна. Сирлачу дагалецамийн шед бостуш йогIуш елахьара а хIун дара? ТIаккха-м мелла иза яхъяларе сатаса а мегара.

Буса сахиллалц хьан бIаьра хьоьжу Iаьржа бода муха ловр бу?

Бердах воьдучо гIорасиз хIаваэхь тийсаваларх терра, буьйсанан есаллехь пана евлла ойланаш тIегульян гIерта Медни.

ГIуллакх хуьлий ткъа?

Церан Iу ледара яьлла тховса!

Таханлерниг санна хала де хила а хиллий-те хIокхуьнан Iаьржа ун хилла хьаьрчинчу кхолламехь? Баланан доза дац бохург хир ду-кх хIара. Атталла, йижаршна хьалха а юьхьа тIе бен дацаран чкъор озийна, эккха доллу жима дог буйна а къевлина, харцоно кагйина букъадаьIахк сатта ца юьтуш, корта айббина юьртах чекх а яьлла, халла шен гIийлачу хIусаме текхнера миска зуда. ТIаккха елира, болат буржалш диттина, гурахь латточу синхаамашна паргIато.

ОхI-хIай, ма гулбелла хиллера-кх бIаьргаш чохь и дуьра хIорд!

Дог Iаббалц йилхина юьхь йистина, кийра а бассабелла, цхьанна а дагара ца хаийта гIерташ къийлина ерриге а дегIан меженаш лозуш гIора а иэшна.

ХIан-хIа, наб озор ю бохург аьттехьа а дац. Корта а бу эккхаболлуш, оззийна тIера эзаргI схьаяккхал.

Iаьржа бода, дог огу къаьхьа ойланаш, саоьцу тийналла!

Уьш кхуьй а цхьааллина лан Iаламат хала мостагIий бу, – бус-буса садууш, шаьш боккхучу толамех пхьор оьцуш, цIий муьйлу сутара убарш.

Дуккха а хахирцинчул тIаьхьа охьахиира Медни.

Бодано Iаьвдинчу жимчу цIа чохь текхна-а лелачу сахьтан цхьамзанаша болчун тIе а совбаьккхинера хуорам. Церан текхар, хIокхуьнан карзахдаьллачу деган сихделла деттадалар цхьана эшшара ца лела. Биллина дIа хье тIе оьгучу тIадамо хьерадоккху боху адам. Оцу таIзарх тарделлера зудчунна тховса хан ялхош сахьто беш болу болх а.

Дуьххьара гуш санна ехха шен куьйгашка хьийжира иза.

Дитт къанделча цуьнан орамаш, кIомсарш санна, гучудуьйлу, ткъа адам къанделча – пондаран мерзаш санна пхенаш тIедовлу. Иштта уьш тIедовллал къена-м яц хьуна иза: дахаро хьистина ца хиларе терра, кхолламо, сацкъар тIехь санна, таIIош йихкина хьаьркаш ю-кх. ХIокхунна бен деша хуур доцу зайлйоза.

Дера ду декъаза куьйгаш!

Дог ца догIуш, халла гIаьттина яхана тилвизор латийра Меднис.

Тахана нохчийн зудчун деза де даздеш даздарш ду хьерадевлла дIадоьлхуш.

Ма цхьана ца догIу цу чохь дека тIак-тIака а, хIокхуьнан бакъабеллачу кийрахь етта вота а!

Массара а декъалбо зударий, хестайо церан доьналла, оьздангалла, деза совгIаташ до хьакъ бу бохучарна. Шираллера схьадогIу ченан уьйриг хилла нохчийн Iадаташ, мел дукха корта беттарх, кхин ала керла хIумма а ца карийча, хелхаран дIахIоттаме нисдина цхьа гIиллакх гайтира – йоIа довхошна юкъа кхуссу кортали. Иза а ду массо заманахь шена луъ-луъучо цкъа охьадуьллуьйтуш, тIаккха тIетуьллуьйтуш.

Iадаташ маца хилла нохчийн зудчун бакъонийн гIаролехь?

Хилча а уьш дахарехь хьан лелор дара, Дала КъорIанца доссийнчу шарIо бохург деш ца хилча?

Дийца говза бу-кх, амма уьш деккъа дийца аьлла даийтина ма дац Дала!

Кхочушде боху!

Бусалба динан кIоргене ша кхаьчна моьттучу цхьаммо элира-кх, зудчунна эвлаяъ гIенахь вогIийла а дац, аьлла. Велла вала иза дела-I, и эвлаяаш мичара бевлла ца хаьа-те цунна?

Уьш стиглара охьа иэгна моьтту-те?

Ша хьан дуьненчу ваьккхина дицделла-те?

Яларна-йисарна юкъахь нанас дукха хала дуьненчу баьхна бац уьш?

Цхьана агIор бакъ луьйш хила а тарлора иза – гIелоно, харцонаша кIелйитинчу нохчийн мискачу зудчунна хьалха хIотта-м хьанор дац хIумма а аттачех гIуллакх!

Кхайкха аз доцуш, кийрахь доккха тезет хIоттийначу хеттаршна дала-м жоьпаш хила а дезий. Амма хIора боьршачу стагана буса гIенахь-м хьовх, самах а хIора денна цхьацца эвлаяъ оьшур-кх уьш меттабало, Дала доссийнчу КъорIан чохь зудчух, ненах аьллачух уьш нийса кхето.

Нохчийн махках хьаьрчина къа оцу орамах доллуьй-те олий а хета наггахь?

Тилвизор дика хIума-м дера яра, ган а гуш къорза пуьтуш буттуш яцахьара. Тиларчу вохуьйту дела олуш хир ду-кх цунах – тилвизор. Дика ду-кх цунах вихкина воцуш - ара ма веллинехь дахар ша ма-дарра гуш, девзаш а хуьлу-кх, хьарцахьа яьккхина кетар санна.

Са Iехо хIумнаш а дера ма гойту оцу тилвизаро, амма, деган цхьана кIоргенехь тоххара нийсонах догдиллина, хьаьшна дIатаIийна сатийсамаш боккхачу дегабаамашца самабаха бахьанаш а довлуьйту-кх.

Бусулба пачхьалкхашкара зударий бу къамелаш деш, шаьш шайн бакъонаш муха ларйо дуьйцуш. Нагахь санна шайн хIусамда доьзал кхаба ларош вацахь, шаьш иза суьде дIало боху.

Нана яла нохчийн зударийн!

Оцу тIе даьккхича, Нохчийчохь цхьа наггахь воцург, берриге бохург санна боьрша нах маьрша хила хьакъ долуш ма бац – набахтехь ерриг оьмарна хан токхуш хила ма беза уьш.

Кхечо дуьйцу, хIусамдеца дIасакъастар хилча юкъарчу бахаман тоьлла дакъа шена а, шен доьзална а кхочу, елла дIаяллалц гIело тиекха а ца дезаш.

Ткъа вайчара хIун до?

Бежана санна лоллий дIайохуьйту. Ша хьегначу къина тIера тилор тай а ца луш, оззадой бераш схьа а дохий.

ХIара Медни санна..

Шен куьйга цIенош а динера хIокхо, кIари бист кхаччалц дерриге дина а яьлла, хIусаман кхерч биллинера. Хаза доьзал а бара – йиъ йоI, цхьа кIант. КхидIа-м яха хала а дацара аьлла хеттийтина, дагахь доццург хилира – майрачо зуда ялийра. ХIинца а дикка кхетта яьлла яц иза хиллачух. Марзошна, хIусамдена муьтIахь а ма яра иза, гIуллакх-гIиллакх тIехь шегара яхь дIалур йолуш ма яцара, къахьега мало еш ма ца хиллера, вийца ворхIе да а ма вара. Хьанал-хьарам къасто а хууш, ламаз-марха а долуш цIена хила а ма гIиртинера. Майрачо, хьо шена кхин оьшуш яц, дIагIо аьлча забар йина моьттира. Йитина бехира, тIаккха а доьзалх яла ца лууш кертахь сеца гIиртира, марзоша метта ца валаво-те бохуш. Берийн дуьхьа деган куралла а иэшийра.

Денна карзахвуьйлуш иза Iанне ца Iийча децIа яха дийзира.

Цкъа а дицлур дац Меднина, йоIана хилла цатам хиъча, шен ненан байна юьхь-бос. Юха цуьнан маслаIаташ, доьзалехь дар-дацар доцуш хуьлуш а ца хуьлу, ша дерриге а дIанислур ду, бохуш.

КIира даьлча дIанисделира дерриге а – эмгар гучуелира. Маренаш деш а лелла, хIинцца хьаькам ваханчу хIокхуьнан хIусамдена тIе бIаьрг биллина хиллера цо.

Муха ца буьллу? Иза-м Iовдал дера ца хиллера – куьг Iотта а ца дезаш кийчча цIенош ду, мотт-гIайба, коре-наьIаре иэца а ца езаш.

Меднина-м шегахь собар карийра иза дерриге а лан, амма цуьнан мискачу ненан даго ца лайра-кх. Дукха хан яллале нана дIакхелхи. ТIаккха тIом бели, да а дIавели. Ваша воцу гIийла йиша ю хIара. ХIинца ша йисина яьссачу кертахь. Доьзал кхиъна, йоIарий марехь бу, кIанта а зуда ялийна. Делан къинхетам боккха бу, хаза дIатарбелла уьш. Цаьрга дешийта а ницкъ кхечи цуьнан, шега далург дира, могашалла а ца кхоош.

Цхьаболу зударий-м тухий маре а боьлхий, шайна кхин доьзал а болабора, амма хIокхуьнга ца дадели-кх иза. Ша бахьанехь доьзалан корта таIарна кхоьруш, церан сий лардеш, марехь йолчу зудчул а хала лелаш, дIакхийхьи и деха шераш. Бакъдерг ала деза, юьхьанца шен доьзална тIе дIаерзаре сатуьйсуш ма лийли, амма тIаьххьара а дог дилла дийзира – эмгаран кхоъ йоI ю хIинца. Церан бен муха бохор бу? Берийн бехк болуш хIума ма дац хIокхеран дIахIоьттинчу кхолламехь.

ХIинца-м цецвала дисина хIумма а дац. Берашца жоьра йисинчу зудчо шена стаг валавар а долийна: дехьа чохь бераш, сехьа чохь «къона нуц-нускал» а. Цхьаммо а емалдеш ца го, хила дезаш санна дIанисдо. Марехь йолуш кхечуьнга маре яхана бохуш а хеза. Дера хаац! Медни кхеташ хIумнаш дац-кх уьш цхьа а.

Тилвизаран куьзгана чохь цхьа могIа мехкарий бу схьагойтуш, нохчийн сийлахь йоI цIе яккха къуьйсуш ду и бераш. Цхьана баттахь хуьлуш ма яц и еза цIе!

Вайн дайша «кIентан ирс аренца, йоIан ирс – чохь» лаа аьлла ма дац. Со хаза ю, дика ю бохуш, нахана хьалха сеттарх хуьлуш ма яц оьзда а, сийлахь а. ХIокхеран юьртахь а кхиъна туй тесна бен хьажалур воцуш исбаьхьа йоI, цуьнан хазаллица дуьстича хIорш-м говза кечйина тайнигаш ю. Цхьамма-м и шайн йоI оцу къовсаршка хIунда ца йохуьйту, цо хьалхара меттиг а боккхур бара, цунна деза совгIаташ а хир дара, дуьненна йовзар а хир дара, аьлла, шайга схьахьедича, и стаг венза ваьккхира йоIан цIерачара. ХIинца а дерзанза ду и дов.

Тилвизарчохь кхайкхош ца хилча а хууш хуьлу-кх хьенан пенаш юкъахь кхуьуш ду мехкан сий ойбу цIена жовхIарш.

Иэхь-ийман IиндагIе гIерташ хуьлу, серлоне ца лелхарх, цуьнан нур боданехь а лепаш ма хуьлу!

Шена ца доьгIна ирс берашна кхаьчна йоккхаеш, церан хазахетаршца ехаш схьайогIучу цуьнан дог тоххарехь цхьанаэшшаре деттадала доьллера. Шен дегIана там-товраш ца лоьхуш, оьздангаллех, собарх ца юхуш, доьзалан дуьхьа ша яхарна Дала шена бина боккха къинхетам хета цунна уьш иштта ийманехь нисбалар. Къаьсттина йоккхайоь иза кIантах, Iумарх. Нахаца, йиша-вешица кIеда-мерза, гIиллакхе. Оццул къона воллушехь, балхаца а ларош ву. Иштта дика кIант кхиорна хIара декъал а йо, баркаллаш а олу.

Кхин хIун оьшу нанна?

ХIинца Хьаьжи-цIа ваха лууш ву кIант… Оцу тIера дIадоладелира тахана хилла чекхдаьлларг.

- ХьаьжицIа ваха сацам хилла сан, мама, - ненан кара корта биллира Iумара. – Пурба лохьа суна!

- Дера лур ду-кх, Дала мукълахь, - доккхачу хазахетарца тIеийцира Меднис и хаза кхаъ.

- Мама, цига вахале кхин цхьа декхар ду суна тIехь, иза кхочуш ца дича Хьаьжи цIа вахар дихкина ду суна.

- ХIун ду хьуна новкъарло йийриг?

- Хьо сан дега дIаерзо деза сан…

Iаьржа юькъа месаш кегош нанас хьоькху кIеда куьг, и дешнаш хезча, сецира.

- Мама, хьо йист хуьлуш ма яц? – жоп ца хезча, нанас куьг хьоькхуш там хилла къевлина бIаьргаш схьабиллира кIанта.

- Оьший-те? – эххар а йистхилира иза.

- Оьшу. Со вайн юьртан къедица дагаваьлла…

- Дукха зударий ма бу со санна шен кхолламна къера а хилла Iеш, да-нана цхьана ца тохарх, церан доьзалш а ма бу, Хьаьжи-цIа а оьхуш лелаш.

- Церан шайн гIиллакх ду, суна сайн хьажалла Дала ма боххура цIена хила лаьа.

Дуккха а къийсинчул тIаьхьа Iумара ша боххучунна тIеерзийра нана.

Цхьана кIиранчохь новкъайолуш яра Iумаран тоба. Цундела сихвеллера кIант дерригенца а лараван.

…Тилвизарчохь доккха ловзар ду дIадоьдуш, кхуьссучу шатлакхаша дийнахь санна серлайоккху стигал.

«Декъал йойла нохчийн зуда!»

«Елало, нохчийн йоI!»

Зуда гIаддайна елаелира – хIокхунна а кхаьчна оцу дезчу дийнан дакъа. Дуьззинчу дахарехь хIокхо лелийнчу оьздангаллин, гIиллакхан мах хадош доккха совгIат кховди.

Керта ян пурба ло тов?!

Тилвизарчохь Дади-юрт йоккхуш хилла тIом бу дIагойтуш. Маьхьарий, мела цIий, тарраш, шаьлтанаш, тоьпаш – кIуркIамане ю-кх, цхьа хьере хьаьвзина кIуркIамане. КIайн гIабалеш юьйхина кечбина мехкарий, цара луьра мостагIчунна ен дуьхьало, цIийх Iаба ца туьгуш, къора гIергIа сийна Терк. Иэхьечу йийсара, Iожалла тIелоцуш, хи чу лелха и гIорасиз мехкарий.

Да ма ватIарг, оцу генарчу замане ца кхевдича тахана нохчийн зударех кхин дийца турпала гIуллакхаш ца карийна-те и кино яьккхинчарна а?

Дади-юьртара мехкарий цхьана доьхначу дийнахь Терка-хи чу лелхарх бан тамаша бац тахана бехачу нохчийн зударийн. Хи чу лилхичхьана чекхдолуш хилча-м и буьрса Терк зударийн декъийх дуьзна хир дара, дукха хиларна царах тулгIеш а керчаеш.

Декъазчу Нохчийчохь тIамо Iожаллин хьер йиллира. Иблис меца Iаьхира адамийн цIий доьхуш, хьерахь жарж баккха адамийн буьйда дегI дийхира. Мехкадаьттанал совделира татолах хьаьдда цIий, латта хьанделира нохчийн хьеначу дилхах.

ХIокху тIаьхьарчу тIеман шераша дуьззина жамI дира нохчийн зудчун декъазчу кхолламан. Доьзал хене баккха рицкъа лоьхуш, шийла-меца ца хьехош, бага са а кхаьчна хьаьдда-едда лелла, Iожаллин хIоъ-молхин дорцана дуьхьал тийсина экаме догIмаш цаца санна дерина, могашалла иэшна гIорасиз хилча а тахана садаIа меттиг ца бели-кх царна. Шайна гIортораш хила боьгIначу божаршна гIортораш а хилла схьабаьхкинчу хIокхарах хIинца а Iебаш бац-кх!

Шен лаамехь дуьненчуьра дIавахар Дала ша гечдийр доцчух уггаре а доккхийчарах доккха къа лерина. Жоьжахатан цIарах кхоьруш ца хилча, хIокху харц дуьненчуьра дIабаха новкъабевлла дукха мухIажарш хир бара, дуьне а гIеххьачул даьсса лаьттар дара.

Къаьсттина декъазчу зударех.

ХIора догIучу Дела денна цIерга лелхаш схьабогIу уьш.

Деш цхьа хам-пусар делара?

Дахаро хьовзийча, цхьа Дела воцург, накъост а воцуш. Шийла мохь аьлла, хецаелла Цуьнга кхайкха а ца яьхьа – бехк билларна кхоьруш, осала яьлла аларна кхоьруш.

ХIокху тIаьхьарчу тIемийн халчу муьрехь турпала чекхбевллачу нохчийн зударшна хIун хIоллам бугIур-те? Церан къа мича дахьа деза-те? Ган а гуш харцонаша хьовзийча, арз деш, Iедале яла а озало – тайпа-тукхам, доьзал, дехьа-сехьарнаш нахала бовларна кхоьруш. ХIара нахала яккха цхьа а цхьаннах уозалуш вац – я Делах, я Iедалх. Iадаташ Iадда Iаш ду, шайгара жоп ца дехчахьана. ШарIе ялар дагадеача а хьераяьлларг лору.Кхи-м хаац, амма оццул хала дуьйцучу оцу Сират-тIайх, цIалга лелхаш, чекх-м ялалур ю нохчийн зуда. Муха ца ялало? Аганара яьлчхьана дуьйна пелхьо хилла дахаран Iинах чекхъюьйлуш яьхна йолчу цунна даккхийчерах зер дацара иза-м!

Вуьшта, дикка ойла йича, ненан кийрара дуьненчу ма воллура цкъа кхоссавелла коша эккхал бен хан ца хуьлу-кх. Оцу мIаьргонех лаьцна иэсехь дита ирсан тIадам кхочий алахь? Керта ян пурба ло тов?! ХIокхуьнгара пурба даккха дезаш бара-кх уьш шаьш оцу кертахь битарна, хIинццалц и пурба а доцуш шаьш Iарна хIара къинтIера а йоккхуш.

Шаьш бусалба ду бохуш ламазана кортош а бетташ, маьждигашкахь Далла хьалха гуора оьгучу юьртарчу баккхийчу нахана а, моллина а гуш ма дара хIокхунна тIехь йина къиза харцо.

Уьш мичахь бара хIетахь я хIинца а?

ХIунда ца йира цара шарIо ма-бохху нийсо?

Стаг вийча маслаIатана-м арабовлу хIорш.

Ткъа зудчун, цуьнан доьзалан кхоллам кагбар – тезет ца хIоттадарх, охьадиллина дакъа ца хиларх бохам ларалуш бац-те?

Доьзалан марзонах дуьйцина хаза дуьне ма ду доьхнарг! ТIаьхьа даьккхина сагIа а доцуш, марчо хьарчийна коша йиллина а йоцуш, дийна йоллуш елла, бIарла хуьлий лела миска зуда, шен доьзалах, цIа-цIех а хьоьгуш.

Керта ян пурба ло тов?!

ХIара-м башха цец а ца елира иштачу чаккхенах, долийчхьана дуьйна и хир дуйла а хаьара. Миска, ша цхьа диканиг дечух дог тешна волу Iумар вохийнера-кх хезначо.

…Кхайкхина молла юха мах беш шен декхарш кхочушдан волавелча, дас цIартIе яккха оьшуш хьал дац, эцца керта ян пурба ло ша, аьлча, собарх вуьйхира кIант.

- Оцу сан ненах хIун даьлла, цо хьанна тIе хIун иэхь деана, хьенан сий дайина? Иэхь-ийман, гIиллакх-оьздангалла хIун ю ца хуучу шуьгара пурба даккхал ма декъаза стаг хилла-кх со вина сан нана! – хIокху дийнахь а маларх дикка ца ваставеллачу дегара жоп доьхуш мохь белира дог доьхначу кIентан.

Важа вист дIа а ца хуьлуш лаьттара.

- Iумар, дега иштта къамел деш ца хуьлу! Мегар дац, хьоьгахь товш хIума дац иза! – бехк боккхуш ненан аз хезча кхин а цецвелира кIант.

- Мама, хьайна тIехь хIокхара лелийнарг кIезиг хета хьуна?

Ненан бIаьргаш хих буьзира.

- Ма бакъ дац-кх зуда стеган пIендах кхоьллина бохург, - гIайгIане корта хьовзийра Iумара. Когашкара дуьйна коьрте кхаччалц оьгIазе шен дега а хьаьжна, кIоршаме тIетуьйхира: – Иштта хилча-м хIуманна а мегара яцара иза… мичара карор дара ненехь оццул доза доцуш собар, къинхетам!

…Дера ду хIокхуьнгахь-м собар.

Ца хилча долий иза?

Дала ша собар долчунгахьа хир ву ма аьлла!

Къинхетам?!

Иза собар санна бехча хуьлуш бац. Адамехь къинхетам бу я бац. Хьоьца Дела алссам велахь карош ду и ши жовхIар а.

ХIара дахар-м цхьа цIе санна хIума яй – доладалар кIур тийсарца хуьлу, чекхдаьлча еккъа цхьа юкъ юьсу-кх. Лап аьлла яьгначу сирниках хIун юьсу – цхьа хьаьвзина, кхарзаелла цуьрг?!

Цхьаммо хаьттина боху цомгашчуьнга:

- Дахарний, Iожалний юкъехь хIун башхалла ю?

- Цхьа а башхалла яц-кх! – жоп делла вукхо.

- ТIаккха хьо вала хIунда ца ле?

- Цхьа а башхо йоцу дела!

Мел ду бахарх а, дахар данне а дац гIан. ГIан ду-кх иза даиманна дIакхетта Iечу стеган, набарна тхьуз доьлла, ша самадаккха гIерташ, шега кхойкху аз ца хезаш, ондда къорделлачу сина.

Къаналле дирзинчу адамана синкхача лург цуьнан дахаран дагалецамаш бу. Терзанна тIехь диканиг совдаьллехь токхе хуьлу, вониг гулделлехь – нIаьно стом санна, диллина дIа дуу са дуткъдо.

Тховса дуьххьара шен дахаран жамI деш и терза хIоттийча Медни жимма сапаргIат хилира – хIокху дуьненчохь лелаш ца хиллехь а, бакъдуьненахь лаккхара мах хадор болчу синмехаллашца яьхна иза – гIиллакх-оьздангаллица, къинхетамца, собарца.

Оцу синмехаллийн стом цхьана дийнахь кхуьуш ма ца хуьлу. Цуьнан чам баккха а кхуьур яй иза-м.

Вуочу хIуманан сахьт дукха лелахь а, дикачун а ма ю, минот бен яцахь а, тоьхна шен цхьа хан.

Тахана хIокхуьнан оьздангаллин беша кхоьссинчу тIулго Iовжа-м йира-кхи хIара, вуно дукха чIогIа лаза а йира…

ХIуммаъ дац, дIовш мийла Iеминчунна вала вожа хIума дацара иза-м. ХIун дийр ду ткъа? Берийн вон ца гичахьана бохуш дIалеларг хир ю-кх.

Арахь цхьа татанаш хезна тилвизаран гIовгIа яйира Меднис.

Сатосуш а ца хиъна хIокхунна шен дахаран тептар кегош. И тептар а карийра юкъахь дуккха а агIонаш ца тоьаш. Цхьа буьйса а тоьур йолуш хиллера иза деша.

- Мама!

Iумар вац иза? ХIинца хIун хили-те?

Сихха тIе хIума а кхоьллина неIаре хьаьдира нана.

КIант генна новкъа волуш санна кечвелла вара: Хьаьжи-цIа ваха аьлла леррина иэцна духар, коьртахь пес, карахь суьлхьанаш.

- Iумар, хьо ма хьалхе новкъа ваьлла? Кхана Iийча ду ца бахара ахь шайн кема?

Iумар догдика велавелира:

- Дукха тIаьхьа висина, мама! Хьалххе новкъа вала везаш хиллера!

- Хьо хIинцца новкъа волуш ву?

- Новкъа волуш вац, мама, со Хьаьжи-цIа схьакхаьчна-кх!

Нана ца кхеташ шега хьаьжча, хьаьжа тIе барт бокхуш, иза маракъевлира кIанта - цхьана буса йолчунна тIе а худаеллера миска.

- Ялсамане ненан когашкахь ю бохуш хилча, Далла тIе боьдучу новкъахь уггаре а гергара хIусам хIара ма хета суна-м!

НеIарехь цуьнан доттагI Абу гучувелира. Цунна тIаьххье Iумаран жима доьзал а.

- ХIара чамданаш стенга йохку, Iумар?

Медни кхийтира дерригенах.

- КIант, наха-м кIиранаш-беттанаш ма дойу новкъахь, хьо ма сиха схьакхечи! Цхьана буса баллал бен ма ца хили и хьан некъ! – елаелира иза.

- Сиха дац, мама, ткъех шарахь бахбелла некъ бу ас бинарг. Къобалдехьа сан хьажа!