Дикаев Мохьмад. Со ца кхочуш меттиг бац

Your browser doesn’t support HTML5

Дикаев Мохьмад. Со ца кхочуш меттиг бац.

Дикаев Мохьмад

Со ца кхочуш меттиг бац

Хьовзорхьама, наха олу:
«Хьуна тIаьхьа-м кхуьур вац,
Массо метте кхача гIерташ,
Хьо ца кхочуш меттиг бац».

Со-м сайн дагахь воьлу царех,
Церан забарш йойу ас,
Мунда санна, лаьттачарех
Лела хуург хьоьгуш вац.

Соьга-м нанас олуш дара:
«Хьо цкъа а нахах тарлур вац,
Шо кхачале ага херцош,
Хьо бен суна гина вац».

BоpxIapa ваьлча, аьлла суна:
«Нехан бераш санна вац,
Дешар Iамош вакъа а велла,
ЦIера араволуш вац».

Со-м IадIара, дийца бохуш,
Къийсамашкахь яхь ца луш,
ХIете-вете цхьаъ ца олуш,
Iалур боций уьш хууш.

Наха дуьйцург дезаделла,
Со, мел некъбарх, кIадлуш вац,
Массо метте кхача гIерташ,
Со ца кхочуш меттиг бац.