Хамидов Iабдул-Хьамид. ГIирмасолтас яьккхина са

Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала, 2015

Your browser doesn’t support HTML5

Хамидов Iабдул-Хьамид. ГIирмасолтас яьккхина са

Хамидов Iабдул-Хьамид

ГIирмасолтас яьккхина са (дийцар)

I

Гуьйренан цхьана шийлачу дийнахь, ханна ткъе пхийтта шо хир долуш волу цхьа стаг лаьттара, шозза тIекIел йинчу туьканна гена доцуш долчу акхтаргаш юккъе а хIоьттина.

Цуьнан лила тоьхча санна болу сийна ши бIаьрг, лаьхьано санна ира туьканан неIара тIе боьгIна бара. Цо лерина тергалвора туьканна чу воьдург а, араверг а. Кест-кеста шен когаш юккъера гали а тодой, лорий дIай-схьай хьожура иза.

Иштта, стешха, къолах веана стаг санна, кхоьруш дIай-схьай хьоьжуш, акхтаргаш юккъе а лечкъина, лаьтташ верг Чапаевн цIарах йолчу колхозехь вехаш волу ГIирмасолта вара.

Шо сов хан яра, цомгуш ву ша, аьлла, цIахь а сецна, иза йохка-эцарна тIаьхьаваьлла лелаш волу. Колхозана гергахь бехказлонна юкъ-кара шен зудий, йоIIий колхозан балха йохуьйтура цо. Амма и шиъ дукха хьолахь цхьацца хIума оьцуш а, юхкуш а хаалуш яра.

Цкъа а, шозза а милицис чIогIа дов а динера, гIуда а тоьхнера ГIирмасолтина, цо лелочу базаршна.

Милицехь шен меттиг эвхьазаяьллий хууш, цхьа бутт хан яра ГIирмасолта милицех лечкъаш лелаш волу.

ХIинца а, акхтаргаш юккъе а лечкъина, къайлах хIума йохка стаг карор вацара-техьа, бохуш, ижонна борз санна, теббера иза.

ГIирмасолта иштта Iаш, туьканачуьра араяьлла схьайогIура цхьа йоккха стаг.

Иза «Луч» цIе йолчу колхозера Маликат яра. Цуьнан кIант Удди немцошца тIом беш Брестехь вийнера. Оцу шен кIентан йоI Лайлаъ а кхобуш, Iаш яра Маликат.

Шен да эскаре воьдуш кхо шо кхаьчна хилла Лайлаъ, хIинца ткъа шо а кхаьчна йоккха йоI яра.

ЙоIана ден цIарах догIучу пенсех жим-жимма ахча дIа а дуьллуш, ши бIе туьма ахча IаIийнера Маликата. И ахча а эцна, Лайлаъна совгIатана хIума эца туькана еана Маликат, туьканахь эца шена оьшург кара а ца йина, цIехьа йогIуш, хIара акхтаргашна тIе кхоччушехь, царна юккъера схьаваьллачу ГIирмасолтас иза саца а йина, элира:

- Хьо хIун эца еанера, йоккха стаг туькана?

Мичара волу а ца хууш цIеххьана дуьхьал а ваьлла дIахIоьттинчу ГIирмасолте лерина хьажа а хьажна, Маликата элира:

- Кху шарахь лоьрийн дешар дешна а яьлла, бIаьста маре яха дийцина захало а долуш, аса кхиийна кIентан йоI ю сан.
Цунна совгIатана цхьа жимо куз а, коч ян шал а дезара суна.
Туьканахь хIокху дуьненна тIехь мел дерг а ду, ткъа кузаш селхана дIадевлла, боху. Шал доцу ши-кхо де а ду, боху.

- Делахь хIета, дала хьан ирсана санна суна тIе нисйи-кх хьо. И ахьа юьйцу хIуманаш соьгахь йолуш ю-кх. Яло жимма нацкъардала вайша, - аьлла йоккха стаг а эцна, ГIирмасолта дечиггий, кIорий духкучу складан кертана тIехьа велира. ДIа-схьа а хьаьжна, зIенан бIогIама юххе охьалахвелира иза. Йоккха стаг а кхунна юххе голаш тIе лахъелира. Гали чуьра схьа-баьккхина куз охьа а буьллуш, ГIирмасолтас элира:

- Сан нана йижинчу кашор, йоккха стаг, тхаьшна аьлла эцна-м бара хьуна сан хIара. ХIинца цхьа чIогIа ахча оьшуш меттиг а Iоттаелла, ца боьхкича ца волу-кх.

- Суна-м хIорш дика довза а ца девза, - аьлла, куз баржийра Маликата.

- СовгIатана бахьа кхул хаза куз оьцур бац-кх ахьа. Хьуна ма гарра, басар чекх а даьлла, чо кIеда а болуш, цIечу экъан тIехь можа бустам а болуш, уггар тоьлуш болчийх куз бу хIара. Же, йоккха стаг, айхьа эцахь, сихо ел, со сиха ву, - аьлла, дIасахьаьжира ГIирмасолта.

- ХIун доьху ахьа кхунах?

- Аса туьканахь, сом лахахь доцуш, дезткъе итт туьма делла-кх кхунах.

- Делла хир дац оццул дукха-м?

- Айса ца делларг аса хьоьга бахахь дала лен тало тоьхна Iазапе лоцийла со, веллачу сайн ден дакъа текхадойла аса, дала сайна дукха безачу нехан дIадохка декъий ма эшадойла суна, - бохуш, къера тоьшаллаш кхайкхо сихвелира ГIирмасолта.

Ша и делла ца хилча, оццул чIогIа дуй буург а хир ма бацара кхо, аьлла, хийтира оцу тоьшаллаша цецъяьккхина лаьттачу Маликатана.

- Дика ду хIета. Ахьа иштта бохуш хилча теша со. Беза-м хета суна хIара, делахь а оцу йоIана хазахетийта оьцу аса хIара, - аьлла, куз топ еш хьарчийна, бIогIамца ира а хIоттийна, бехчалг яьстина ахча дагарда йолаелира Маликат. ГIирмасолтас дIай-схьай а хьаьжна, шена хазахетар лачкъа а дина, шен цхьогалан бIаьргаш цициго дехкана санна ахчанна тIе буьйгIира.

Ахча схьа а эцна, чехка дагардина кучан хьалхарчу кисана а доьллина, ГIирмасолтас элира:

- Йоккха стаг, кIадине хьожий хьо?

- Хьожу-те.

- ХIара уггар цIенчу тIергIан кIадийнех кIади ю хьуна, - аьлла, гали чуьра схьа а яьккхина, - куьг Iоттал ахьа, цициг дац хIара? - олуш, Маликате дIакховдийра кIади.

Куьг Iоьттина хьажа а хьаьжна, Маликата элира:

- Суна-м морса ма хета хIара.

- Ахьа хIун дуьйцу? Чим санна кIеда, пиллаг санна яйн, малхехь ши бос хуьйцуш, ахьа боху а, ца боху а хIара шал ду хIета, - бохуш, мекара къамел дора эхь дайначу ГIирмасолтас.

- Мел ю хIара?

- Кхо метар ю-кх.

- Мах хIун бу?

- Туьканахь, айса дагар а деш, пхийтта туьма делла-кх аса цуьнан метрах.

- Тхан лулахочо итт туьма метрах а луш эцнарг дари санна, кхул а тоьлаш кIади ма яра.

- Йоккха стаг, кIадийнаш тайп-тайпана хуьлу: Iаьржа а, можа а, доIахан басахь а, овкъаран басахь а, ткъа хIара стигалан басахь, уггар тоьлаш йолу тIергIан кIади ю. Цхьа чIогIа ахча эшний бен хIара сан юхкуш елахь, сайн мел верг велла церан декъашна тIаьхьа воьлхийла со, сайн цхьаъ бен йоцу Букали лойла сан...

- Деллахьа стаг, оцу йоIана кIентан цIарах догIу пенси тIекIел а дуьллуш вовшахтоьхна ду хьуна сан хIара ахча, совнах ма даккхалахь, къа хир ду хьуна.

- Айса туьканахь деллачул сов аса хьоьгара шай даккхахь, маттах Iуьрг долийла сан, бIаьргаш тIе кIайн марха йогIийла суна, хье тIе кIайн кIуж бойла суна, дала сайн цIийнах цIе яьлча, хи тоха стаг воцуш бIаьрза хьийзавойла со, дала...

- ОстопируллахI! ОстопируллахI! Теша со, теша со. Деллахьа стаг кхин ма дехалахь и тайпа сардамаш. Вай елла яла со делаI, уьш хIун сардамаш дара?! - аьлла, чIогIа цецъяьлла Iачу Маликата чехка дагар а дина, ахча дIаделира.

ГIирмасолтас ахча сутара схьа а эцна, чехка дагар а дина, «нийса ду хIара-м», аьлла кисана диллира.

- Эшахь сирдиллина шун а, зударийн резинийн лекха эткаш а, баьццара тIергIан жигеткаш а, Iаьржа а, чола а холхазаш а ду хьуна соьгахь, - элира ГIирмасолтас, дIаса а хьожуш.

- ХIан-хIан, кхин хIумма а ца оьшу суна, Iодика йойла хьан, - аьлла, Маликат шен хиллачу мехах йоккхаеш, болар сихдина, цIехьа йолаелира.

Ша яьккхина са кучан аьрру кисана а йиллина, цхьана къорзачу бехчалгаца шен деман гала санна болу мара цIан а бина, шен гали схьа а эцна, керта юххехула охьаволавелира ГIирмасолта.

Ша дIавоьдуш, ГIирмасолта кест-кеста юхахьожура. ХIинци-хIинций йоккхачу стага шена тIаьхьа мохь туху бохуш, кхоьруш, болар сих а дина воьдура иза. Вуьшта ша яьккхина са дагаеача, хазахетарна гилгаш дуьйлура цуьнан дагах.

Амма мел генахь воьдучу милиционерах цуьнан бIаьрг кхетча, дукха кхералой четахь примус латийча санна цIе летара цуьнан дегIах.

Ша дикка гена ваьлча, цхьана аккази юххехь саца а сецна, ша тергалвеш стагга а воций хиъча, гали когаш юккъе а нисдина, ойла ян хIоьттира ГIирмасолта.

Цунна дагадеара, ши де хьалха Эльсанакъас йорах эца шиловкаш хир ю, аьлла шена йийцинчу метте ваха. Шен гали белш тIе а тесна, дIаса а хьаьжна, ГIирмасолта Эльсанакъа вехачу ваха, адамаш кIезиг лелачу новкъа а ваьлла, чехка охьаволавелира.

Сакъераделла йоьдучу йоккхачу стеган Маликатан юьхь хийцаелира ГIирмасолтас ша дIаяха тохаелча, «эшахь сирдиллина шаннаш а, баьццара жигетка а, Iаьржа а, чола а холхазаш а ду хьуна соьгахь» шега алар дагадеача. Цунна дагадеара «ахча хьаштхилла цо хIумнаш юхкуш хилча, туьканахь ма аьлла эца мел ца хуьлу хIума ма яра цуьнгахь ерг», аьлла. И ши бIаьрг цхьогалан санна мекара бара цуьнан, вуьшта ша тIехьаьжча-м бегIийла стаг ма вара и. Лейина хир юй-техьа со цо, бохуш ойланашка яххана схьайогIучу Маликатан карарчу кузах бIаьрг кхетта, новкъа вогIучу стага кхуьнга хаьттира:

- XIун делла ахьа, йоккха стаг, кузах?

- Доьзткъе итт туьма делла-кх.

- Мегар делахь хьажийтахьа, - аьлла, новкъа вогIучу стага, кузе а хьаьжна, элира:

- Дукха делла ахьа, йоккха стаг. Кхуьнан мах туьканахь дика белахь ткъе итт туьма бен бац. Карара эцна хир бу ахьа?

- Карара-м эцна. Вуьшта дика хьажал хьо, хIара-м куьйга бина куз бай.

- Дера, йоккха стаг бац, машено бина бу-кх. Цхьана сийдоцчу жуьлико Iехийна хьо. Айхьа эцна дукха хан яцахь, милице дIахаийта ахьа. Аса дуьйцучух хьо ца тешахь, оцу туькана чу а гIой, хатта ахьа, - аьлла, новкъа вогIу стаг дIавахара.

Ванах боккъал а тешнабехк бина техьа суна, аьлла, шекъяьллачу Маликата, чехка туькан чу а яхана, шегара куззий, тIергIан кIадий гIопасти тIе охьа а диллина:

- Кхеран пачхьалкхан мах хIун бу алахьа соьга, - элира эссала.

Кузей, тIергIан кIадийней леррина хьажа а хьаьжна:

- Кху кузан туьканан мах ткъе ворхI туьма бу, ткъа кху шолан метран мах ялх туьман ши соммий бу, - элира йохкархочо.

Цо и аьлча, дукха халахетта цкъа бIагор беача санна хилира Маликат. ТIаккха шена бинчу тешнабехкана холчу хIоьттина, кхин са тоха а ца делла, «неIалтах ма волийла и», аьлла, оьгIазе йист а хилла, гIопасти тIе а тевжина, «ахIин» аьлла догIа санна, йилхира йоккха стаг.

ХIара йоьлху хезча, туькана хIуманаш эца баьхкинарш, хIун-мила ду хьовса тIебаьхкира. Цхьана спекулянто бIе туьма гергга са а йоккхуш, йоккха стаг Iехиний хиъча, оьгIазбахана, спекулянташна луьйш бара туькана баьхкинарш. Цхьаболчара бохура «Къинхетам боцуш суьдаш а еш, хенаш етта еза спекулянташна». Вукхара бохура «газеташ тIе бохуш нахала а бохуш, даккхий гIуданаш а детташ, хIума дан деза царна». Ткъа цхьаберш «милицис кхачам боллуш къийсам латтабахьара, доь довр дара церан», бохуш бара. «Цхьадолчунна вай ваьш а ду бехке, милицис бохур бу уьш гучу, бохуш, IадIеш долу», элира кора юххехьа лаьттачу воккхачу стага.

Иштта уьш бохкуш милиционер валош тIе а еана, цхьана зудчо, «хьуьлла лаьттарг ю хьуна», аьлла дIагайтира, йоьлхуш лаьтта йоккха стаг.

Милиционеро тIе а вахана, йоккхачу стаге ма дарра дийцийтира куззий, тIергIан кIадий цо эцарх дерг. ТIаккха жимма ла а доьгIна, цо хаьттира:

- ТIехьаьжна муха вара иза? - аьлла.

Йовлакхан тIам шен бIаьргех а хьаькхна, Маликата элира:

- Ханна 35-40 шо хир долуш, юккъерчу дегIахь, цхьогалан санна мекара, сийна ши бIаьрг а болуш, тIехь Iаьржачу кIадийнах йина аьхна тужурка а йолуш, коьртахь лаба йойна тиша фуражка а йолуш вара, - аьлла, шена дага ма воггIура дIавийцира Маликата.

Цуьнга ла ма доьггIинехь и ГIирмасолта хиллий хиира милицин белхало волчу Малдаевна.

«ХIинца и гучуваккхаза Iийр ма вац ша», аьлла чIагIо йира Малдаевс. Маликатан адрес схьа а эцна:

- Са а ца гатдеш цIа гIо йоккха стаг, вай схьадоккхур ду хьуна цуьнгара хьан ахча а, неханиг а, - аьлла, Малдаев чехка туькан чуьра ара а ваьлла, дIавахара. ТIегулбелла лаьтта нах а шайн-шайн гIуллакхашка дIасабекъабелира. Малдаевс динчу къамелах там хилла Маликат а, шен куззий, тIергIан кIадий пхьаьрса кIел а йоьллина, туькан чуьра ара а яьлла, цIа яхара.

II

Малхбузу хан хуьлуш йоллура.

ГIирмасолта ша эцна шиловкаш шен хьешан керта охьа а ехкина, цIа кхача сихвелла, гIалин йисте кхачча воллуш воьдуш вара. ХIара пурх болучу некъа тIе кхоччуш, кхунна некъ буьтуш сецира цхьа жима зуда. Цуьнан карарчу котамах бIаьрг ма кхийттинехь «йорах эцалур яцара техьа» аьлла дагадеара ГIирмасолтина.

- И котам юхкуш-м яц хьан? - аьлла, тIевахара и сецна лаьттачу зудчунна.

- Я те, хIунда бохура ахьа? - аьлла, леррина ГIирмасолте хьаьжира зуда.

- Мехахь хилча эца безам болуш бохура аса-м.

- Хьуна товр ца товр хаац, ши туьма аьлла-кх аса кхуьнан мах. Хьажал муха ю, - аьлла шен карара котам ГIирмасолте дIакховдийра зудчо.

Цо и оллушехь, «кхахь-кхахь-кхахь», аьлла тамбоцуш чIогIа велавелира ГIирмасолта. ХIара иштта чIогIа велавала ша аьлларг хIун ду-техьа, бохуш цецъяьлла лаьттачу зудчо хаьттира:

- Хьо стенах воьлу стаг? - аьлла.

- Стенах воьлу бохург хIун ду? Ши туьма бохург дош ду. Шина туьманах-м цIога а тIехь неI а ло. Ши туьма тов - аьлла, юха а гIадвахана велавелира ГIирмасолта. - Хьуна-м дера моьтту айхьа бухкург Iахар бу. Схьайтал соьга, - аьлла, йоха а йоьхна лаьттачу зудчуьнгара, шен мукъа долчу къйга котам схьа а эцна, куьйга эшарехь цуьнан йозаллин хьесап дира ГIирмасолтас.

Котам, даш санна еза, ерстина эккха йоллуш яра.

- Хьо резаелахь, аса кху меах туьма лур ду хьуна, - элира ГIирмасолтас, шега хьоьжуш лаьттачу зудчун ира бIаьра а хьожуш.

- Аса тахана берхIитта сом делча а дIа ца елла иза-м. Цу тIе хIара меъ дац, лурчах даьккхинчу кIорнех хилла йоккха котам ю.

- Деллахьа зуда ма сту тарбели хьуна кху котаман кIорнех. Хьуна ма гарра, юучунна вон хьегна оза а, бIаьргаш цIийделла жимма могуш доцуш а ду хIара меъ. Хьо резаелахь, айса хьо сацорна, аса и туьма лур ду-кх хьуна.

- ХIан-хIан, шина туьманал сом лахахь лур яц аса, - аьлла, котам схьаэца дагахь куьйгаш кховдийра зудчо.

Ша дуьйцучух зуда Iеха ца лой хиъча, кхин цIога хьовзийра ГIирмасолтас.

- Ца лахь хIун дийр ду хьуна. ХIара-м елча а ца елча а котам бен хIумма а яц. Сайгахь кхин нахарташ йоцу дела дахдира аса хьоьца и къамел. Туьмий, ши туьмий дош хеташ ца дуьйцу хьуна аса хьоьга дуьйцург. Сайгара шайнаш тахана цхьацца кIадийнаш оьцуш кхачийнера аса. Хьенан ю хьо?

- Со Дукин Хьайдарбекан ю-кх.

- Деллахьа юй? Ой, хIинца Хьайдарбеканиг ю хьо? - аьлла, цецвелира ГIирмасолта.

- Я-те, - аьлла, жимма эхь хетта, лаьттан бIаьра хьаьжира зуда.

- Хьажахь, хьажахь! Хьайдарбекан ю тов! ОстопируллахI! Деллахьа ма хала дара суна хьо йовза. Йоккха зуда ю-кх, йоккха зуда. ХIун деш ву Хьайдарбек? Могуш вуй хIара?

- Дика Iаш ву и-м. Шу хIун деш ду, шу дуй могуш? Суна ма ца вевза хьо?

- Дика Iа, дала мукъа лахь. Со Янарсин кIант Iимран ву, - аьлла, харц цIе йийцира ГIирмасолтас. - Хьан дай, сой вовшийн багара а йохуш сискалш юуш, кхиина ву. Цкъа со жижиг духкуш волуш, кхо кийла жижиг а делла, вахийтира аса и. Деллахьа ма хала дара аса цуьнга а, цо соьга а ахча хьахо. ХIан хьайн котам дIа а эца, Хьайдарбеке соьгара маршалла а ло, аса вола бохура ала, - бохуш, шена мила ю а ца хуу зуда Iехо гIерташ, шена вевзаш а воцу цуьнан да шен гергара волчуха къамел деш аьшпаш буьттура ГIирмасолтас. ХIара боккъалла а шен ден гергара стаг ву моьттуш, хьовзаелла, дукха эхь хетта, цIий а елла, лаьттачу зудчо элира:

- И-м ца оьцура аса. Аса цхьа дош а дина, оцу котаман мах бийцарна бехк ма биллалахь суна. Тхоьга волахьа, дадийна а хазахетар дара.

-ХIинца сиха ву со. ТIаккхахула жимма са а къера вогIур ву со. Котам дIахьой ахьа?

- ХIан-хIан. И-м хьехо а ца оьшура. Волахьа тхоьга, - аьлла, лерина элира зудчо.

- ХIинца ван йиш яц. ХIан, хIара ахча дIаэца, - аьлла, шен гира гали хьалха охьа а диллина, кисанара схьадаьккхина туьма дIаделира ГIирмасолтас.

- Iодика йойла хьан, - аьлла, туьма схьа а эцна, зуда чехка дIаяхара.

Зуда гена яьлча, лерина котаме а хьаьжна, «ма дика лейира аса иза», аьлла, ша шех тоам бина, велакъежира ГIирмасолта.

Цхьана куьйга галий, вукху куьйга котаммий ян бегIийла а ца хетта, котам гали чу а йоьллина, галина Iуьрг даьллачухула цуьнан корта ара а баьккхина, гали ги а доьллина, хIара дIай-схьай хьаьжча, геннахь милицин хорма а йолуш, вогIучу стагах бIаьрг кхийтира ГIирмасолтин.
Цунах бIаьрг кхетча, дукха кхеравелла ши-кхо тайпа хийцабелира цуьнан бос. ДегIа тIехь мел болу чо зу санна ирахIоьттира.

Урамехула чехка дIа а хьаьвзина, ГIирмасолта дIаиккхира. ХIара гIалех ара а иккхина, хьун санна лаьттачу хьаьжкIашна юккъе а вахана, къайлах дIахьаьжча, ша ма валлу ведда вогIуш милиционер вайра кхунна. Ведда вогIуш шена и гича, ког ма боллу маса хьаьжкIаш юккъехула дIахьаьдира ГIирмасолта. ХIара иштта ведда вогIуш цхьа итт минот яьлча, чIогIа гIел а велла, хьуьхьа а воьлла, буйнахь доллучу хьозанан санна детталуш дог а долуш, вон са а доьIуш, сецира ГIирмасолта. Шен гира гали хьалха охьа а диллина, цо леррина ладоьгIча, байн хьоькхучу мохо лесточу гIодамийн гIовгIа бен хезаш хIумма а дацара. Малх дIа а буьзна, маьркIажан хан хуьлуш яра. Шена тIаьхьа вогIуш стагга а воций хиича, ГIирмасолтас сацам бира, готесна, генахула боккхачу новкъа а ваьлла, цIа ваха. Охьахиина жимма са а даьIна, хIара цIа ваха хьалагIаьттича гали чохь дукха йохъелла, чIеро санна бага а гIаттийна садоьIуш яра котам. Куьг Iоьттина котам муха Iаш ю а хьаьжна, гали дайн ги а тесна, цIа ваха кхо ког боккхушехь кхунна юххера тата доккхуш олхазар дедира.

Цо даьккхина тата милиционеро даьккхина моьттуш, кхеравелла, раз дIа а кхоссавелла, ГIирмасолта, ког гал а баьлла, шен гали тIе охьакхийтира хIара, чехкка гали тIекIел а даьккхина, хьаьжча, котаман корта гуш а бацара. Чехкка бертиг а яьстина, гали чу куьг а дахийтина, бертигах чу а хьожуш ГIирмасолтас «далаза дуй хьо кIуж болу меъ», элира. ГIирмасолтас схьадаьккхича, кIуж болу меъ делла дара. ДIа а, схьа а туьйхира цо котам, амма, чу са догIур доцуш, дIадаьллера котаман дерг. Иштта хайра доцуш цуьнан ялар новкъа даьллачу ГIимасолтас, дукха шелъялале цунна тIера месаш схьа а яьхна, шен гали чуьрчу зударийн резинкин этки чу йоьхкира. Цул тIаьхьа шен гали ги а доьллина, цIехьа волавелира иза.

ГIирмасолта цIа а ца кхечира. Иза хьаьжкIаш юккъера схьа а ваьлла, новкъа воллушехь Малдаевс, дуьхьалваьлла саца а вина, милице а вигна, чувоьллира.

Таллам бича, гучуделира, йоккха стаг Маликат Iехийна ца Iаш, ГIирмасолтас хьанал къа а хьоьгуш вехаш волу кхин шийтта, кхойтта а Iехийна хилар.

ЦIийнах хьаьвсича, ткъе диъ чола холхаз а, шовзткъе бархI сирдиллина шун а, итт отрез тIергIан кIадий а, иштта зударша юху резинкин эткаш а, бархI куз а, ялх эзар туьма ахча а карийра.

ГIирмасолтина бархI шо хан тухуш суьдхочо кхиэл схьакхайкхийча, ГIирмасолтин гергарчех ши-кхо стаг воцчо, кхиболчу ладогIа баьхкинчара резахилла тIараш туьйхира. ОьгIазе ГIирмасолте хьоьжуш лаьттачу Маликата: «ХIинца яьккхи ахьа са», аьлла ГIирмасолте мохь туьйхира.

Нехан бIаьра хьажа йиш йоцуш, бос а байна лаьтта ГIирмасолта, куьйга корта а лаьцна, ойланашка вахана гIанта тIе охьахиира. Суьде ладогIа даьхкина адамаш шайн-шайн гIуллакхашка дIадахара. Ши милиционер, ГIирмасолтина тIера бIаьрг дIа ца боккхуш, дIахIоьттира.