Хасаров ШаIрани. Гуьйренан илли

Нохчийчохь гуьйре, 2015

Your browser doesn’t support HTML5

Хасаров ШаIрани. Гуьйренан илли

ШаIрани Хасаров.Гуьйренан илли

БIаьстено хьестарца аьхна,
Аьхкено тIаьхь сурташ даьхна.
Баьццарчу дарийн коч хийца,
Аренаш дагахь ю хIинца.

Аьзнаш а декадеш, зевне,
Цхьа бераш дIахIитти кевне.
Дерриге карла а даьлла,
Суна а хийти «ловв» аьлла.

ДитташтIехь олхазарш дека,
Уьш сайга къамел деш хета,
Байттамал, хIай хан, ас эли,
Хьо сиха, сиха дIаели.

КхидIадерг ду хьуна дахар,
Бохуш соь, тарлур хьо нахах,
Билггала цхьа хIума мелла,
Iуьйре а ю, айаелла.

Гуьйрено илли ди дийнна,
Суна шен хьалхарчу дийнах,
Нийсархой, доттагIий лоьцуш
КIентан кIант ву деша воьдуш.