Your browser doesn’t support HTML5
Хатаев Хьусайн. Йохка-эцар
"Бакъ долуш, Далла ца биэза совбуьйлурш."
(Къоранна тIера)
Массо кхаба цунна генахь Дала,
Шеко йоцуш кхи ду декхар вайн.
Йохка-эцар хилла боккха бала, -
Муьлхха хуьлу мацца цуьнан лай.
Юхку, оьцу хIуъа ахь цIе йоккхург:
ДегI а, яхь а, кийла юзуш са…
Эхь-бехк лара аьттехьа цадогIург, -
Новкъа ду и йохка-эцар ян.
Цаьрца вацахь, Iовдал вина, хийла
Вуьцур ву хьо базар ечу наха,
Церан тайпа, са къе долуш, гIийла
Доьрзур ду-кха, латта тодеш аха.
Мацца со а воьрзур, оьмар кхачош,
Амма базар лаьтташ, хьоьшуш бай,
Кхоьру цхьаммо олург, сайн мах хадош,
Юхкург, оьцург хилла, со дIавай.