Your browser doesn’t support HTML5
Хатаев Хьусайн. "Сан Нохче..."
Сан Нохче! Хьо Делан кхаъ бу,
Кхетоза, цIе йохуш, буьйцург,
Я буьйнахь йилбазан тур ду,
Нуьцкъала халонца туьйсург.
Хьо зов* ду заманан маьрша,
Ца хедаш схьадогIург дийна,
Хьо са ду седанан аьрха,
Боданца тIом бийриг тийна.
Ца диэза къамелаш нехан,
Хьох лаьцна цIармата, деха:
Цкъа, язйой, хьо хьалайоккху,
Цкъа, лахйой, хьо хьоьшуш бохку.
Ткъа хьаьжнарш хьан къайле йовза –
Йозанна кхоьллинарш говза,
Хьо толлуш, похIманчаш** хилла,
Церан дош ца дайна, тилла.
Хьан къайле – маршоне некъ бу,
Цу новкъахь хьан болар цхьаъ ду,
Белахь а некъ хьайниг хьийзаш,
Елахь а анайист сийсаш.
(Я нах хьан – лаамийн гIаьрбаш,
Цундела массо а кхаьрдаш,
БогIу-те, баьржина, бевдда,
Ирчачу чаккхене хьевдда?)
Ткъа безарг кхоллам тIех атта,
Маршонца ца дозург дог,
Вуьсур ву, буо хилла, латта,
Ца кхетош ахь боккху ког.
__________________________
* Генара схьадогIу аз.
** Нуьцкъала кхоллархой.