Путин: Дала бекхам бина Туркойчоьнна
Your browser doesn’t support HTML5
Оьрсийн президента Путин Владимира дийцарехь, АллахI-Дала сацам бина Туркойн махкана "таIзар дан". Оьрсийн кема чудаийтар тIеман зулам лерира Путина. Къоманна хьалха вистхуьлуш, оьрсийн лидеро юха а чIагIонаш йира, Туркойчоьно ДaIишера мехкдаьтта оьцуш ду бохуш. Оьрсийн Iедалша кхин а санкцеш юкъайохур ю туркошна дуьхьал, аьлла, ваIда дира цо. (AP)