Политикин гурашкахь яздархой а кхобуш хилча...

ДIадоьду 2015-гIа шо Литературан шо кхайкхийнера Оьрсийчоьнан президентан омрица. Кху деношкахь Нохчийчуьрчу Лермонтовн цIарахчу театрехь гулбеллера дахначу шеран жамIаш дан дуккха а яздархой, коьртехь Iедалан дай а болуш.

Литературин шо а кхайкхийна, чакхенга дирзина 2015-гIа шо Оьрсийчохь. Къоман дахарехь литературо йоккха меттиг дIалоцуш хиларца, кегийрхойшлахь исбаьхьаллин литературина тидам тIебахийтархьама а Iалашонашца билгалдаьккхинера шо.

Шо дерзош оцу гурашкахь бинчу белхан жамIаш деш гулбеллера Соьлж-ГIаларчу оьрсийн театрехь.

Литературан шарахь уггар маьIне, коьрта гIуллакх хеттера литературан шо даздаран векалш хIиттиначарна, яздархойн юкъаралло беттанийн, кIиранан денойн цIерш нохчийн маттахь йолуш «2015-гIа шо – Литературан шо» рузма арахецар. Оцу рузмитIехь нохчийн 69 яздархочух, поэтах лаьцна доцца дийцарш ду.

Дозаллица билгалдоккху иштта дийнна шерачохь 20 –х киншка арахецар а. Ю царлахь Газиева Азин «Со йиц ма елахь, Нохчийчоь» очеркийн жайна , Кусаев Iадизан рогIера байтийн, дийцарийн, гочдарийн гулар, Муцураев Олхазаран Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархойх лаьцначу очеркийн киншка, кхин а, къоначу нохчийн литературе дуьххаьара гIулчаш йохучу яздархойн киншкаш а.

Иштта бIаьрла лору Литературин шарна лерина Нохчийчоьнан Iилманийн академехь дIаяьхьна «Толстойн Л.Н. философин, динан хьежамаш а, син дахаран историн, вайн заманан зеделларг а» аьллачу цIарца дIаяьхьна Iилманан конференци а.

Нохчийчуьрчу гIарабевллачу яздархошца зIене девлира тхо. Муьлххачу а хеттаршна жоьпаш дала кийча а бара уьш, амма Литературан шо дерзош, цигахь базбинчу бу бохучу яздархойх, доьдучу шарахь арайийлинчу, ешархоша цкъа а пайда оьцур боцчу жайнех дош шайгара хазо ца лиира царна.

Бакъду, хIораммо а хазийнарг «нохчийн литература ян а яц, цуьнца бала болуш стаг а вац, тоьллачу, амма таханлерачу Iедална муьтIахь боцчу яздархойн йозанаш, долчу хьолехь, дехха Iохкур ду, тIе ченаш а ехкина, дара.

Маршо Радио зIене елира яздархочуьнца Уциев Абуца. Литературан шарахь хIун кхиамаш, хIун иэшамаш хилира аьлла хета хьуна аьллачу Маршо Радион хаттарна ишта жоп хазийра цо.

Уциев: «Суна гарехь, литературан шарахь яздархоша баккхий белхаш бина, арахецна киншкаш ю, царлахь дуккха а кегийрхой а бу, царна некъ бала а беза.

ХIокху тIаьххьарчу шерашкахь боккха тидам тIебахийтина Iедало яздархошна, гIо-накъосталла деш. Яздархойн кечядина доккха цIа ду, киншкаш арахеца дела ахчананш а дара, дуккхахболчара цуьнах пайда а ийцира.

Литература, даим санна, кхуьуш, яздечо, яздеш, дIайоьдуш ю. Ледара агIонаш, муьлха ю хьуна аьлча., къасьттина Кавказан яздархошлахь критикица долу хьал иза ледара ду. Критика цахилча, литераутар ца кхуьу».

Веданахь веха, шуьйрра вевза поэт Хасаров ШаIрани. Цунна шена а дицделла, маца араяьлла шен тIаьххьара байтийн жайна.

Iохку цуьнан йозанаш кехаташ а мажделла.

ХIунда ца кхочу хьоьга рагI аьлла, зIене девлира тхо поэтца.

Хасаров: «Дуккха а хиламаш хилла кху тIаьххьарчу шерашкахь, тIемаш, хийла хIума вовшен довззал гина адамашна, яздархошна оцу заманахь чIогIа хала а хилла, церан дегнех чекхбийлина и хиламаш. Цундела яздан хIума шортта гулделла-кх, боккъалла а яздеш волчунна.

Тахана зорбане ца вуьйлу со, цкъа делахь, сайн кIадонна, шолгIа делахь, ахча дац, хилла а дац, теттина мах бала беза киншка арахеца.

Советан Iедал долчу хенахь, хIун дара, Ночийчоьнна литература ца кхиийта, кехат ца тоьа, аьлла, Москоха хIоттийна барам бара. 60 шо кхаччалц яздархой латтош бара, киншка ара ца хоьцуш, вевзаш волчу шиннан-кханнан бен ца йолура ара».

Дирзи литературан шо, дIасадели совгIаташ, мидалш…Ткъа хьанна? Стенна?

Дайша ма-аллара, буьзний-те дуо?

Оцу хеттаршна жоьпаш хIораннан а шен-шен хир ду.

Амма бакъду, нохчийн къоман библиотекехь кхачо яц хIетте а къоман исбаьххьаллин литературан.

Масала, библиотекан белхахоша дийцарехь, массо а тептарел дукха хоьтту наха Айдамиров Абузаран «Ненан дог». Ткъа иза яц цигахь еккъа цхьа киншка бен.

Ала догIу, йозанчаш Нохчийчохь бIеннашкахь белахь а, нохчийн литература кхиошболчу яздархойн могIарш готто бу.

Амма хьал даймахкарчу нохчийн литературехь мел шийла делахь а, хаало Соьлж-ГIаларчу литераторийн хIусам ма-хуьллу цIерачу яздархойх Европера нохчийн яздархой лербеш юйла.

Швецин яздархойн юкъаралло шен могIара эцна кху деношкахь шайн махкахь меха нохчийн яздархо-мухIажир Юсупов Iилман. Европерчу литераторийн пен-клуб йоккхае кест-кеста шен совгIат а деш ша тергонехь латтавечу нохчийн поэтах Бисултанов Аптих.

Кхушара Ингалсехь кинжка араяьлла Норвегехь вехачу нохчийн поэтан Эльдиев Микаилан.

Иштта къахьоьгу нохчийн литературехь Бельгерчу Яшуркаев Султана а, Бакаев Хьасан а, Францерчу Батаева Хедас, Беляева Бирланта, Норвегерчу Мутаев Мусас а, Эльсанов Ислама а... КхидIа а йохийла ду Нохчийчоьнан яздархойн юкъаралло боцуш санна тесна битинчу нохчийн дикачу яздархойн цIерш.

Я уьш мел дика вайна хетарх а, тарлуш бац таханалерчу Нохчийчуьрчу политикан гурашка?

И тайпа хеттарш нохчийн литературана гонах дуккха а хIиттало.