Your browser doesn’t support HTML5
Ахматова Раиса
«Сан юрт»
Генна цигахь, лекхачу лаьмнел дехьахь,
Мархаш, тулгIе етташ, керчачохь, –
Сан юрт йисна хьаннийн IиндагIашлахь…
Хьоме лаьмнаш, шу ду сан даг чохь!
Маьлхан зIаьнарш, керла Iуьйре йогIуш,
Яьржа хир ю цигахь, хьостуш бIаьрг.
Мехкарий а – сарахь шовда оьцуш…
Йиц ма елаш шайна генахь ерг!
Цигахь ду сан дерриг – тхевнийн кIур а,
Аьрзу екар, некъийн аьрха Лар.
Дерриг цигахь – ирс а, сан кхоллам а…
Даим даг чохь лаьтта хьоме юрт!
Дуьнено ше неI дIайилли сунна;
Хийла гIала, хийла юрт а го.
Амма дог сайн дерриг иллеш – шуна,
Махкахой, ас, йоккхаеш, дIало!