Кенхи балехь кхобу шен бала цо балхорна

Your browser doesn’t support HTML5

Джалалдинов: Нохчий а, суьйли а цхьабосса балехь бу

Бутт хьалха телехьожийлехула «халкъаца къамелдечу» Путине Нохчийчуьрчу Шаройн кIоштарчу шайн Кенхих лаьцна видео яхьийтина волу суьйли Джалалдинов цIера водучу кхачийра юьрт гоне а лаьцна хьийзаечу Кадыров Рамзанан ницкъхоша.

ТIаьххьара а ДжалалдиновгIар чуьра ара а баьхна, церан цIенош дагийна, даима а санна, «муьлш бу хууш дац» олучу наха.

Тахана Рамазан а, цуьнан доьзал а гергарнаш а Дагестанехь къайлабевлла хьийза. Цуьнца телефонехула къамел хилира Маршо Радион

Маршо Радио: Рамазан, ши-кх хаттар дара тхан, и хилларг муха хилла, дийцахь тхоьга.

Джалалдинов: «ЦIенонна цхьа хир дуйла хууш вара со, доьзале сайна тIе схьакхойкхура цундела. Кхо де хьалха гобина ю бохура юьрт, нах гIаш дIасабаха кхоьрура.

Цига йиъ машен еана, ши неI йолу къайниг а, овкъаран басахь полисхойн кхоъ а. Буса, шолгIачу сахьтах ах даьлча. Нийса неIаршка а баьхкина, чу а бахана, пхи стаг ара а ваьккхина, карара телефон схьа яьккхина, етта а тIехь йиттина.

Селхана цIийннене сайна схьадийцийтина ас, журналисташка ма хаийта а аьлла, кхано цкъа къовсур ду. Юьртара дIабигина уьш, новкъахь уьш буьгуш, цIейойъу машен а кхетта дуьхьал.

Икаев Муслима, Шаройрчу полицин хьаькамо, керта а веана, цхьацца Iиттарш а йина царна. Арабаьхна, шина машенахь бигина, Герзелерчу тIайтIе биссийна».

Маршо Радио: Дагестанан дозанца охьакхийсина-кх уьш Герзелехь, кхийсиний?

Джалалдинов: «Охьакхийсина, 500 сом ахча а делла боху. Кехаташ дIаэцна, массеран а, стунненан а тIехь, полицин Шаройрчу декъе. Телефон а схьаяьккхина, боху.

Маршо Радио: Доьзал хIинца хьоьца бу-кх, буй?

Джалалдинов: «Соьца бац, уьш бакъоларъярхошца бу, сан селхана бен ца хилла уьш гойла, I5 минотехь.

Маршо Радио: Кенхи Дагестанера цхьа делегаци кхаьчна аьлла дара, бакъ дуй иза?

Джалалдинов: Бакъ ду. Пхеа машенахь дагестанхой а, иттех машенахь нохчий а бахана. Ерриг а I3 машен хилла. Кадыровхой школе бахана, хьехархошца къамелаш дина, уьш арабовлуш, ерриг юьрт а гулъелла, наха гобан бахана, Iаьржа духаршкахь полици яра, боху, меттигеранаш кIезиг бара, боху, нах бохуьйтуш ца хилла школина герга.

Баькхинчех болчу суьйлаха бахархошка хаьттина, боху, шу чу стенна ца даьхкира. Тхо муха догIу ца дахкийтича,хьуна гуш ма ду иза, аьлла, боху. Ткъеха минотехь къамелдойла хилла нехан. Меттигера полици лелла царна а тIаьхьаяьлла.

Маршо Радио: Юьртахь гергара нах буй хьан, уьш муьлхачу хьолехь бу?

Джалалдинов: Марехь йолу йоI ГIизларахь къайлаяьлла. Ши кIант а къайлаваьлла, Стуннана а къайлаяьлла, боху. Иттех стаг араваьлла, цара ца вуьтуш. Чу аоьхуш, ницкъ а ца беш, Рамазан стенгахь ву схьаала бохуш хьийза. Ца алахь, шу дуьтур дац, аьлла, боху.

Маршо Радио: Дагестан а, Нохчийчоь а Оьрсийчохь ма юй, цигахь хьайн бакъо лаха хаьжний хьо, гIо дехний ахь?

Дукха дукха хилла, тIехь хиларх тоьшалла дан тIехь мухIарш а долуш кехаташ а ма ду соьгахь. Вайн республикерчу прокуратурехь со массарна а вевза-хьуна. Къаьмнийн политикан министрна а вевза. Со цуьнан гIовс волчу вахана, ас дийцича, цуьнан бIаьргех хи а делира-хьуна, цхьаберш къайлабуьйлурш а бара.

Со тIом кхайкхош ма вац, со бартбан веана ма ву, тхо, нохчий , хIаллакдеш ма ду бухарчу Iедалша, баьхча, цхьаьнаннан а бала ца кхаьчна. Тахана дуьйцург, хьовза а дина дуьйцуш ду-кх, соьгахь кехаташ долуш ма ду.