Австрехь нохчийн суьрташдахкархойн гайтам

Европехь бехачу вайнахана юккъехь дукха бу исбаьхьалхой. Церан белхаш довза таро хуьлу меттигерчу бахархойн сартийн гайтамашкахь.

Your browser doesn’t support HTML5

Австрехь нохчийн суьрташдахкархойн гайтам

Муьлхачу а къомах, муьлхачу а динах а болу нах вовшах кхетош, церан массеран а юкъара мотт буьйцуш хIума ю исбаьхьалла.

Ца оьшу полиглот хила, ца оьшу хийра меттанаш хаа цхьана исбаьхьалхочо шен синан кIоргенешкара богIуш болу хIоттамаш, шен уггаре а экама, я лазаме я, зовкхе ойланаш кехатана я кIаденна тIе бохуш диллинчу сартах кхетархьама.

Сарташкархо шегара хIуъу ала гIоьртинехь а, и сурт гуш волчо тIаккха шегара, шен синхIоттам и сурт шена гучу мIаьргонехь муха бу хьаьжжина чулацам буьллу цу суртана. Ша самукъадаьлла велахь цунна иза сирла а, зовкхе а го. Ша дог эшна велахь, цунна цигахь шен кийрара гIайгIа го.

Ша цхье велахь, цунна куьзганна чохь санна го шен цхьалла цу сурта тIехь. Цундела а аьлла хир ду-кх цкъа мацах Пикассос Луврехь шен цхьана суртана хьалха а хиина воьлхуш Iаш цхьа стаг вайча цуьнга ша аьлларг.

Ша сийлахь воккха Пикассо, цу суртан автор вуйла а ца хоуьйтуш, тIе а вахана хаьттина цо цу стаге, хьо хIунда воьлху аьлла. „Цу сурт тIера схьайогIучу йоккхалех, цуьнгарчу ницкъах тIеIаткъам хилла воьлху ша“, - аьлла жоп делла вукхо. ТIаккха Пикассос аьллера цуьнга, хьо дукхаварг, и йоккхалла, и ницкъ хьоьца хьайца бу хьуна, цу суьртаца бац хьуна“, - аьлла.

Иштта синхьаамаш, иштта тамашаш самабийлира хьастагIа Венехь дIабаьхьанчу нохчийн исбаьхьалхойн гайтаме баьхкинчу нахалахь а ала воьхьийла ду. Цу гайтамехь дакъалоцуш бара Германера а, Австрера нохчийн сарташдахкархой.

Немцойн Лейпциг гIалахь дуккхаъчу шерашкахь вехаш а, цу шерашкахь Европехь ша-башхачу корматаллечу исбаьхьалхочуьн санна шен цIе яккхийтина а волу Юшаев Замир а вара цигахь дакъалоцуш.

Маршо радиона хеттаршна жоп делира исбаьхьалхочо. Сих-сиха Нохчийчохь хуьлуш волчу цо шена болх бан аттох а, аьхнаха а Лейпцигехь ду элира, исбаьхьалхочунна хIаваъ санна оьшуш йолу маршо а, цхьааалла шена цигахь карорна. Амма Нохчийчу ша эхар бахьана долу инспираци хуьлу шена, аьлла.

Юшаев: „Сан сина аттоха Лейпцигехь болх бар ду, хIунда аьлча вайн цIахь, Нохчийчохь, шен цхьа дахаран кеп ма юй, ваха-ван везаш хуьлу, вогIург-воьдург хуьлу. Ткъа исбаьхьалхочунна паргIат хан а оьшу, цхьалла а оьшу болх бан. Амма со Нохчийчуь дIасавоьдуш хиларна, суна дийна цхьана шарахь болх балла эмоцеш а, ницкъ а, материал а хуьлу“.

Юшаев Замиран белхаш масех гIаттах дина я масех чкъурах дича санна хеталуш хуьлу – цхьа чкъор тIера дIадаьлча, я дIацIандича, цу бухахь кхин керла чкъор кхин керлачу хаамца, керлачу чулацамца гучубуьйлуш санна.

Тамашийна ду цуьнан белхашкахь гойтучу адамийн хотIмаш, уьш даима а озабелла, гурачуьра дIаэккха кечбелла пха санна, тIома хила кийча адамаш ду, ладоьгIначехь сацаделла ду церан сибаташ, готта ю церан гIодаюкъамнаш, оьздачу адамийн ма-хиллара, цхьана хенахь нохчийн къонахийн хилла ма-хиллара.

Царна тIехь доккхачу декъехь гIовталан кепа духарш хуьлуш хиларна шеко а ца юьссу уьш нохчийн къонахий хиларх.

Харца новкъаяьллачех исбаьхьалхочун хьажаро схьалаьцна сацийна бIов, карахь серлонан чиркх лаьцна чIинчIара хиина жима кIант, ширачу нохчийн кхерчанна гонахь гулбелла нана-доьзал, шен сарташдахкархочуьн автопортрет а, цу тIера иза ша, шу дуьллучу сурта тIера цхьана мIаьргонна цхьаммо хьашт доцуш юкъахваьккхича санна кIирвелла схьахьаьжна волу.

Дийна цхьа дуьне ду хIора белхаца, хьежа мел хьоьжу а шеца хьовсархо дIавуьгуш.

Хьан сарташка хьажа массоза хьожу а, царна тIехь даима а кхин-кхин, бен-бен чулацамаш гуш санна ма хетало, иза хьовсархойн гIалат ду-те, я хьан Iалашо ю-те, ва Замир аьлла шега хаьттича, иштта дийцира исбаьхьалхочо.

Юшаев: „Со кхин башха майстер вац, амма сан Iалашо ю иштта хьовсархоша сайн белхаш тIеэцар. Ахь ма-аллара, хIоразза а кхин керла чулацам а, синхьаамаш а гуш цу сарташкахь хилча, тIаккха сайга и сурт дика дилладелла аьлла хета суна. Лачкъийна хIумнаш а ма хуьлу цу сурта чохь.

Масала, хьо кино воьдучу хенахь и кино дIаяллалц ца кхета хьо цу чохь хиндолчух. Яздархочо язйина киншка ахь йоьшучу хенахь иза ешна аьллалца хIун хир ду ца хаа хьуна. Сарташца дерг а иштта ду, жимма кхечу агIор делахь а. Сан сарташ сан бераш санна ду“.

Юшаев Замир Европехь веха ткъех шо ду. Цу муьрехь хийцабелла хила декхар ду нохчийн исбаьхьалхочун кхоллам, хIунда аьлча нохчийн исбаьхьалхошка а, нохчийн къоме а, хиллане а „нохчийн“ бохучу даше а болу хьежамаш доллучу дуьнентIехь санна Европехь а хийцабаларна.

Хьуна хаалой хьайн дахаран деладенехь и хийцамаш? Ой, нохчашлахь-м исбаьхьалхой а хуьлуш ма-хилла бохучу тамашашца я цуьнца доьзначу клишешца Iоттавалар хиллий хьан аьлла хаьттира Маршо радиос Юшаевга. Цо дуьйцу.

Юшаев Замир: „Хьалха, со доьшуш, студент волчу хенахь алсамох хуьлура иштта дерг. ХIетахь даима а массо меттехь и тIом буьйцуш, хьо политикана юккъе озон гIерташ хуьлура. ХIинца тIаьхьарчу хенахь иштта дерг соьца кIезгох нисло. ХIунда аьлча со лелачу меттигашкахь ас юкъаметтигаш лелош болу нах – уьш исбаьхьаллица бала болуш нах бу, церан дог-ойла а, хьежамаш а кхечу агIор хуьлу. Иза кхин контингент ю, мухха а дийцича а“.

Австрехь дIабаьхьанчу сартийн гайтамехь дакъалоцуш кхин цхьа могIа вайнехан а, меттигерчарех а исбаьхьалхой бара.

Царех хIораннан а кхоллараллех кхин дIа а дуьйцур ду Маршо радионо.