ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедало белхаш бу боху, наха - бац боху...


Цхьана хьукматаша Нохчийчохь белхаш ца тоьа боху, вукхара - уьш цигахь бан да а воцуш дукха бу боху.

Доцург ду баьхчахь, иза ду я дац ца къаьстаче долу, шеко а йоьрзу пропагандин герз а хуьлий, пайдене.

Муха ду дерг? Х1ун боху наха урамашкахь, ярташкахь?

Нохчийчоьнан къинхьегаман,социалан хьелаш кхиоран министаралло кху тIаьхьарчу 14-15 шерашкахь, болх-некъ боцчу бахархойн хьокъехь гIардохуш терахьаш ишта ду.

ХIара 21-гI бIешо долалуш махкахь 70-80% дан хIума доцурш хилла. 2010 –чу шарахь, официалан чIагIдарца мелла а лахделла и терахь 49.5% тIекхаччалц.

Вуьшта аьлча, махкахь болх бан хьакъволу хIора а шолгIа стаг пхи шо хьалха а болх боцуш мукъа хилла. МаьхькIамхошна хетарехь кху тIаьхьарчу 3-4 шарахь и гIайгIане гайтам лахлуш,лахлуш цкъа 36,3% охьабаьлла.

ТIаьххьара,лаккхарчу тIегIанахь Iорадаккхарца тахана Нохчийчохь I3-I4 % бен вац, дан хIума доцуш, «хайда машка» бохуш буьйлабелла леларш. Iедалан балхахь а волуш, кхузара экономикан хьал-дIахIоттам дика девзаш ву, ас юьззина цIе ца ялош вуьту соьлжагIалахо Iела.

«Iедало далочу терахьашца,-боху Iелас,- Нохчийчохь, болх-некъ боцчийн могIарш лилхадовларра-м стенна дуьйцу, леккъа дIадовлуш дохку. ТIехIиттина халонаш бахьнехь Оьрсийчохь уьш дебаш бу, ткъа кхузахь мелхо а лахлуш бу…

Кху тIаьххьарчу шина баттахь Оьрсийчохь 11% гергга тIекхетта болх боцурш,кхузахь а, кхин 6 кIоштехь а, кхечанхьа къоьлла хIоьттинехь а белхаш карийна. Ас со-сайга «муха?» аьлла, хаттар делча, мел чIогIа корта кегбарх со ца кхета, сан цу хаттарна жоп дац».

Болх-некъан хьокъехь и тайпа къамел динчу соьлжагIалахочунна Iелина моттарехь, кхин хIара ю ала йина завод, фабрика а йоцуш болх-некъ боцчийн терахь оццул охьадаларан бахьанаш хила тарло, махках буьйлуш дIаоьхурш хаъал тIекхетар а, церан чот-хьесап дечу урхаллашкахь уьш дIаязбар малдар а.

Цу декъехь хеттарш алсамдохуш ду дешаран,Iилманан министаралло дало терахьаш а. Цуьнан хьостано хIора шарна а хааме даккхарца,дешаран шеран юххьехь ишколашкара бовлуш бу 11-12 эзар кегийрхой, лакхрчу доьшийлашкара студенташ боцуш.

Говзанчаша дийцарехь царех, мел тIех вахчи а хIора кхоалгIа кIант-йоI бен деша дIахIуьттуш бац. Ткъа вуьйш мича боьлху, ишколашкара а, вузашкара бевлларш а? И хаттар диллина дуьсуш ду.

Шайн кхиъна бераш, гергарниш деша дIахIиттор,царна болх-некъ карор коьрта лазам а хилла бехачу бахархошна хIун аьлла хета? Бакъ сурт муха ду техьа? Хан мел ели а дукъло я лилха довлу те балхахь-некъахь боцчийн могIарш?

Къахьега хаарш а, лаам а хилар мехала а ца хеташ пенсехь болу нах балхара боха а беш, охIла боцу нах, хьехархой биста кхаччалц балха дIаэцарца дузу цхьаболчара болх-некъ боцчийн терахь лахделла боху хIума. Иштачех ву трактархо Ширван.

Ширван: « Кхечу пачхьалкхе дIаоьхурш а кIезиг бац, тIаккха хенарниш пенсехь бу боху тIетаьIIина мукъабохуш а бу. Цунна лахло а хир бу болх-некъ боцурш. Балхахь бац аьлла дIа а ца язбо. Со дIа а ца язвеш латто кхо шо ду-кх».

Болх боцурш чоьте оьцучу хьукхматехь тIаьхьарчу хенахь уьш дIаязбеш цахиларца дузу цхьаболчара дан хIума доцурш кIеззиг бен ца бисна бохург. Новр кIоштерчу Лоьма а ву изза хьажам болуш.

Лоьма: «Пенсехь берш лоьхкуш бу, къонаниш дIахIиттош бу. Еш завод а, фабрика а ца хилча белхаш хир буй? Институш йохуш берш хIора шарна а мел дукха бу арахоьцуш, ткъа белхаш дац».

Ишколера дешна бовлучарна а, институташ чекхйохучарна а белха меттигаш аьттехьа а ца хуьлу аьлла тешна волчех ву Старопромысал кIоштера Рамзан а.

Рамзан: «Мича хуьлу царна массарна а белхаш. Ца хуьлу дер-кха. Белхаш дан ма дац. Деша-м доьшур ду, совхозаш а яц, колхозаш а яц. Лахлойла дан а ма дац. Болх ца хилча болхбоцчийн терахь лах муха ло? Тхан юьртах мел дукха бу уьш. Кхечу ярташкахь изза сурт ма ду».

Балха боцуш буьйлабелла леларш, хIора шарахь лахлуш бу бохуш маьхькIамхоша лелочух ша а, я кхиберш кхеташ бац бохуш,доцца элира цигга Соьлжа-гIаларчу Зайндис а.

Зайнди: «Болх боцурш кIезиг бу бохуш, маьхькIамхоша уьш лахлдо кепаш лелийча царна хIун дика болх хуьла-м ца хаьа суна? Къам дебаш ду, нисьеш белхан меттигаш ян а яц, Iедалхоша дуьйцург кхин ду. Со санна цакхетарш дукха бу».

Зераша ма-гайттара, белхан меттигийн хьокъехь дахарехь тергалллуш дерг а, маьхькIамхоша официалан дуьйцург чIогIа морзах долуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG