Your browser doesn’t support HTML5
Генарчу 1969 шарахь Совета пачхьалкхехь гайтаме яьккхина «Не горюй фильм» цкъа а хьжазаа йитина яц дукхачу наха.
ХIоразза хьожуш, керла хIума гуча а долуш, цуьнах там хуьлу хьовсархошна. Кавказхойн ира забар, хьекъална аьрта хьоладай, хаза мукъамаш, дахаран философи, адамалла - ша дерриг чу цу чохь.
Филм яьккхина къоначу лоьрана а, цуьнан гергарчарна а гонах. Кикабидзе Вахтанга ловзош ю Глонти Бенжамин цIе йолчун васт.
Иза дешна а ваьлла, болх бан Гуьржийчу шен гIала цIавирзина. Шен жималлех а, хинйолчу кханенах самукъадолуш лела иза, ларамаза меттигерачу цхьана хьоладеца цхьана новкъахь дуьхь-дуьхьала кхетталца.
Еш йолу кхел а, ша хIоттийна низам а, адам юьхьIаьржа хIоттор а дика го, Вахварис шен дарж а, мидалш а юьйцуш кхел кхайхкочу хенахь. Цхьанхьа гича санна а хетало и сурт.
Эла Вахварис шега ворданех дIа а вихкина, шега барт якхийтича, лур а вулий, цхьана тоьланчу а воьдий ехха хан йоккху Глонти Бенжамина.
Жимма хан яьлчча, вукхунна лагах даIахк йоьду, чIара бууш. ТIаккха, хIара схьа а валавай, шена дарба дайта олу. Глонти тIевоьду, дарба дан, амма цо мацахь шена динарг доькхуш, барт баккхуьйту, дуьненах а шад бийр бу ша бохучу эле.
И филм гайта йолийча дуьйна хьажархошна езаеллера. Нохчашна, шаьш а забарна аьрта боцучарна чIогIа тайна филм ю иза.
Мел лаххара а цхьа бIозза хьажна цуьнга Соьлж-ГIалара вахархо Абаев Нуради. Иштта дийцира цо.
Абаев: «Дуьххьара и кино, со дукха жима волуш 1975 шарахь гина. Оцу кино чохь, сан лулахь долчарах а, юьртахойх а ю. Эла Вахвари ву цу чохь шен карахь хIара дуьйне ду бохуш нехан коча оьхуш вара. Оцу Глонти Бенжамина, цунна шена йина гIело дIаекъар чIогIа тайра суна».
Абаев Нурадин «Не горюй» филмера васташ, таханлерачу дийнахь а го, кино чохь а йоцуш, баккъала а лелаш бу и нах, дуьне а, адамаш а шайна ма товв ловзадан шайн йиш ю бохуш.
Абаев: «Тохара иштта цхьаъ бен вацара. ХIинца ша верриг ву, шена хьалха охьа хIунда ца теIа шу, бохуш. Шаьш мичара, хIун ю а ца хууш, карзах а бевлла лела уьш».
Цхьана эла Вахварис охьатаIийна Iаш бац оцу гуьржийн гIалара нах. Дала шена тIедиллина ду бохуш, нах Iехош лелаш ву керстан мозгIар Гермоген а.
Диттана кIела доккха стол а хIоттадайтина, цу диттан тIе шарманка лакха стаг а ваьккхина, шен кепехь сакъоьруш ву иза.
Вукхо доьху дIавахийта ша. Ша динах дIахадор ву, неIалт а кхайкхор ду олий, кхерам тосу, маларо самукъадаьккхинчу мозгIара. Мел тера ду и сурт.
Цул хьалха а, тIаьхьа а режиссера Данелия Георгийс яьхна филмаш хазахетарца тIеэцна хьовсархоша.
Амма «Не горюй» филм уггар езаш тIеэцначех ю, ца гучу уьйрашца вайн селхане а, тахане а вовшахтесна йолу.