"ХIинца хьонка хьалабаларе сатуьйсу-кх ас..."

Нохчийчоь, хьонке боьлху нах

Your browser doesn’t support HTML5

"ХIинца хьонка хьалабаларе сатуьйсу-кх ас..."

Кхиамаш а, кхачамбацарш а довзуьйтуш, дIадаханчу шеран жамIаш билгалдохуш вовшахтоьхначу кхеташонехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедина белхазаллица къийсамехь толамаш баьхна ша аьлла.

Къинхьегаман массо а агIонаш махкахь дебон а, шоръян а ницкъ кхаьчна, уггар боккха кхиам лору ша, аьлла мехкан куьйгалхочо, цхьацца йолу коммерцин проекташ бахьанехь, бахархошна белхан меттигаш нисъян таро хиларна.

Дахначу шарахь, Кадыровн дIахьедаршца, 100 инвесторийн проект кхочушйина республикехь, кхин а 200 а лара мегар ду дахаре йирзинчех. Цара белхан меттиг лур ю 15 эзар стагна.

Схьаоьцур вай, таллархьама, 39 эзар гергга нах беха ломан цхьа кIошт.

Цхьана беркатечу заманчохь даьхни лелош, латтанаш дуьйш къахьоьгура цигарчу бахархоша. ТIемаш бирзинчул тIаьхьа дуккха а нах Соьлж-ГIала охьабирзира.

Цхьаберш аттачу дахарх хьаьгна, важа дакъа белхан меттигашца къоьлла хIотторна, ца бевллачу денца, шайн доьзалш кога-ира хIитто а, напха лаха а.

Ткъа тахана? Мича хьелашкахь бохку оцу кIоштара нах?

Гурахь социалан хьукматаша бахарехь, болх-некъ боцучийн терахь 10 проценте охьалахделла, цундела Iедалхоша хIоттийначу суьртаца, сом даккха аьтто боцурш наггахь бен а бац

Хьаькамашна сурт бIаьрла гайта лаарх, бакъдуй-те дуьйцург? Кхаж баьллий-те оцу кIоштарчу бахархойн бутт байча буй буьззина алапа а оьцуш, дIатарбаларехь.

Саламбекан 40 шо ду. Чохь 6 доьзалхо а ву. Эвлахь нах дIасалелош таксхо ву иза. Да хьоьгур волуш хьал дац элира цо, шайн юртахь белхан таронашца.

Белхаш ярташкахь дан а дац

Саламбек: «Белхашца хьелаш таханалерачу дийнахь, дIадаханчу шеран гуьйренца дуьйнна, ледара ду. Белхаш ярташкахь дан а дац, гIаланашкахь гIишлош ян махкал арахьара балийна белхалой бу.

Тоххара масссо а гIала охьататтавеллера, хIинца юха хьалаоьху, Iен а, баха а ярташка. Шен цIахь латта я даьхний лелор гIоле хеташ цIа оьху нах».

Саламбека аьлларг мел бух болуш ду хаархьама кхи а цхьана вахархочуьнца хилира Маршо Радион къамел.

Иза а хиллера, хилча болх бийр болуш, амма болх цахиларо, нахана чухIоьттина, цхьаццанхьа куьйгаш Iуьттуш, йоьхнарг тоеш, латош, шен доьзал хене баккха декхаре винарг.

Ехачу аьхкано, гурахь луларчу юьртахь нахана мехах цIенош деш, тхевнаш дохуш къа а хьегна, Iа доьлча болх сецна, чохь висинчех хилла Висита а. Цо дуьйцу.

Алапа ца ло беттанашкахь

Висита: Дукха хьолахь адам балхаца дац. Эцца нахана чухIоьттина, цхьацца кертахь белхаш беш бу дукхахберш.

Масала, 1-2 пачхьалкхан, суна хууш, организаци ю кхузахь, алапа далаза 4-5 бутт а болу, оцу суьрто балха ваха дог ца доуьйту, яа а деза, мала а оьшу".

Делахь а, дуккхаъчарна мадар хуьлу, болх боцчу юкъанна Iедало хIоттийначу ахчанах.

Ишта, таронаш гIийла йолучарна, субсидина кехаташ а кечдой, Iедало гIо лоцура коммуналан декхарех мукъна а цIинвеш.

Цуьнах а баттамал а хеташ Iара.

Схьадийцарехь, и гIо а сацийна.

ХIинца хьонка хьалабаларе хьоьжуш Iа-кх со

Висита: «Тоххара ханна болх боцучарна жимма кега-мерса ахчанаш лора, хIинца уьш а сацийна.

Хьо кехаташ чудала вахча хотту, масала, Петарбухе я Сибрех гIишлошъян балха гIур варий, олий.

Ой, доьзал, хIусам, дерриг охьа а тесна муха гIур ву оцу дуьненан йисте дIа?! Делахь, ца оьшу суна и шун ахча а олий, дIавоьду хьо. ХIинца хьонка хьалабаларе хьоьжуш Iа-кх со, йохъелла, гIишлошъяран белхаш дуьйладаллалц.

Дуккхаъчу кIошьашкара нах оьху хьонке баха хьала. Иза дIа бухкуш, хене бовлуш дукха нах бу».

Цкъачунна мехаза шайн махкахь цхьа хIуо бен дацаре терра, стохка Бумматахь хьонка баккха боьлхуш кехатан бакъо луш, ца луш кхерийна нах, тахана сингаттамца беха, шаьш гучубаларе сатуьйсучу хьонканна а кху шарахь гIуда я цхьа шатайпа ял хIотторна кхоьруш.