Your browser doesn’t support HTML5
ПIераскан дийнахь йоккха гIовгIа елира Австрехь, Венерчу Дунайн гIайре олучу кIоштахь 22 стагах лаьтташ йолу нохчийн тоба Iедалхоша лаьцна боху кост даьржича.
Цкъа хьалха, хилларг билгал хIун ду ца хуучу муьрехь, карахь герзаш а долуш, масех машенахь вовшахкхетта сел дукха нохчийн къомах нах арахь лийцина бохучо тайп-тайпана шеконаш кхоьллинера, и нах террорхойн цхьаьнатохарраллехь хилла-те, я бандийн тобан декъашхой хилла-те бохучун хьокъехь меттигерчу хаамийн гIирсашкахь.
Хилларг полицин векалша иштта дуьйцуш дара – пIераскан сарахь 9 долучу хенахь Дунай хи йистехь гIеххьачул дера вовшашца къамелаш деш болчу божарийн йоккха тоба шайна гича, масех меттигерчу вахархочо полице телефон тоьхнера цу хьокъехь.
Цкъа хьалха кхаа машенахь урамашкара кхерамазалла ларйеш болу полисхой хилларг хIун ду хьажа бахнера, бохурш дийцира пресс-кноференцехь Венерчу полицин векал волчу Кайблингер Томаса.
Цара нохчийн тобане, шу кхузахь хIунда гулделла аьлла хаьттича, цхьаболчара шаьш сагатдала дуьйладала арадевлла ду аьллера, вукхара шаьш зудаялоран хьокъехь вовшахкхетта ду аьллера.
Амма Iедалхой герга кхочучу мIаьргонашкахь лайлахь цхьаъ дIалачкъон гIерташ тобан декъашхой цхьаберш хиларан тидам бинчу Iедалхоша и ло кегийча, царна цу бухахь тапча а, автомат а карийнера.
ТIаккха полисхоша Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Вега олуш йолу лерина йолу антитеррор тоба схьакхайкхинера, цул тIаьхьа цу меттехь гулвелла хилла волу 22 нохчо лаьцна дIа а вигнера. ШозлагIчу дийнахь цу меттехь кхин цкъа а лехамаш бинчу Iедалхошна кхин цхьаъ тапча а, дуккхаъ патармаш а карийнера.
Полисхойн декъахь ши дей-буьйсий даьккхинчул тIаьхьа лийцинчех 20 стаг цкъачунна аравалийтина Iедало, царна дуьхьал бехкталламан гIуллакх схьа а диллина. Кхин 2 чохь валлаш ву хIинца а, хIунда аьлча, уьш Австрехь тховкIело хIинца а схьаяланза хилла я царна цу махкахь тховкIело ца луш, негативе жоп делла хилла.
Ткъа схьахеначу 20 стагана дуьхьал схьадиллина гIуллакхаш зуламечу тобанан декъахиларна, легале а доцуш герзаш лелорна а хьокъехь ду, меттигерчу низаман 278 параграфехь яздина ма-хиллара.
25 шарера 50 шаре кхаччалца хенаш йолу 22 стаг герзаш а карахь Дунайн гIайренна тIехь стенна вовшахкхетта хилла цкъачунна билгал хууш дац.
Австрерчу нохчийн-гIалгIайн кхеташонан куьйгалхочуо Мусалатов Шайхис дийцарехь, царех 20 стаг арахецначул тIаьхьа цуьнан цхьаьнакхетар хилира царех кхаанца. Иштта дуьйцу Мусалатовс шайн хиллачу къамелах лаьцна.
Мусалатов: „Уьш билгал нохчи буйла хууш ду, уьш цигахь гIеххьачул вовшашна тIе махьарш хьоькхуш, гIовгIане бистхуьлуш хиллачух тера а ду.
Кхузара, Венера, кхоъ ву царна юккъехь, тхуна билгал вуйла хууш. Уьш дIахецначул тIаьхьа цаьрца хиллачу къамелехь цара дуьйцу, шаьш я леташ дацара, я девнаш деш а дацара, мелла аьзнаш айдина къамел дар бен, бохуш.
ХIинца Iедало талламаш бийр ду церан хьокъехь, цкъачунна и таллам бечу юкъана уьш арахь битина бу. Бакъдерг дийцича, и саннарг ца хилийта бахьанаш леха дезаш ду вай кхузахь.
ТIаьхьо цаьрца массарца вовшах а кхетта, царна юккъехь цхьа дов-хIума делахь, иза къастош юккъе а хIиттина, цхьа барт хуьлу меттиг лаха безаш бу“.
Цу юкъана Iедалхоша лаьцна хиллачу нахех иттан петаршкахь а, церан доларчу машенашна чохь а лехамаш бина.
Царна дуьхьал схьадиллинчу зуламан гIуллакхна тIекхетта кхин цхьа параграф а – „Пачхьалкхана гома цхьаьнакхетараллаш“ бохучу артиклера.
Хиллачун хьокъехь кIиран суьйранна журналисташка дIахьедар динчу Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Соботка Фолфганга хастийра сел дукха вовшакхетта болчу шеконечу нехан хьокъехь Iедале телефон тоьхна болу меттигера бахархой церан семаллина.
„Ас бокккъал а дозалла до вайн махкахойх. Вайна оьшург массо а хIумане кIирбелла хьовсучу нехан юкъаралла ю, шайна хIуммаъ ца гуш санна дIабоьрзучийн юкъаралла яц“, - элира цо.
- Иза лан йиш йолуш хIума дац, вайн махкахь политикан тховкIело лоьхуш я карийна болчу наха иштта шайна динчу хьошаллин сий дойъуш, меттигерчу нахана уьш кхераме берзар“, -аьлла тIе туьйхира министро, лийцинарш нохчийн къомах болу мухIажарш хилар билгал а доккхуш.