Your browser doesn’t support HTML5
Бакъонашларъярхоша шаьш арахецначу рапортехь далочу терахьашца, йовхачу хенахь мухIажиран статус йоьхурш 300 стаге кхаччалц хилла, ткъа Iа доьллачул тIаьхьа 80-нне и терахь лахделла.
Бакъду, оцу нахах дехьабовла аьтто хилларш бац пIелгаштIехь багарбаллал а бохуш, чIагIдо дуьненаюкъарчу юкъараллан векалша.
Балканашкара а, Малхбалерчу Европера а хьал толлучу бакъоларъярхочо Галль Лидияс бахарехь, Полшано мухIажирш чуцабитаран бахьанашца, Беларуссан дозанехь латта буьсу нах кхерамна кIел бу.
Иштта мукIарло до Полшин, Белоруссан бакъонашларъярхоша, Тересполерчу дозанхоша тIеххула къамел дой, тесна буьту мухIажирш бохуш.
Полшин низамашца аьлча, мигрантийн гIуллакхаш листар дозанхойн компетенцехь данне а дац, мухIажирийн гIуллакхашкахула йолу бюро ю хьакъ, цаьрца дийцарш дIадахьа.
"Human Rights Watch" организацино леррина иттанашкахь Полшин дозане дехьабийла ка яларе сатуьйсучу нохчашка хеттарш дина, Брестехь цара тоьхначу купахь.
Царех цхьаннан а аьтто ца кхаьчна хIинццалц Полше дехьавала. Цу тIе, Полшин омбудсмено чIагIдо, Полшин дозанхой оьрсийн маттах дика кхеташ а, хууш хилар, амма, мухIажиршца къамел доцца хилийтархьама, цахуурш-цакхетарш хуьлий, дIадерзадо бохуш яздо рапортатIехь.
Иштта, аьрзнаш дина нохчаша, дозанерчу хадархоша шайга бохьучу баланах, шаьш цара аьшнашдарх а.
Иштта, цара дийцарехь, талламашбечара цаьрца къамелаш до, чохь совнах нах а болуш, цундела мигранташ шеконашкахь бу, царна юкъахь «Кадыровн агенташ» хирг хиларх.
"Human Rights Watch" юкъаралло, нохчийн мухIажирийн бала кхаьчна жоьпе озийначу Полшин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедина, дозанхоша шайга еллачу информацица, мигрантех доккхахдолу дакъа экономикан мухIажирш хилар.
Кавказ.Реалии интернет ресурсо хеттарш дира «Бахархойн гIолацар» цIе йолчу бакъонашларъяран организацин куьйгалхочуьнга Ганнушкина Светлане.
Иза соцунгIа ю, Полшин Iедална Нохчийчохь долчу хьолах лаьцна цхьана а кепара хаамаш бац аьлча.
Полшина хIунда ца хьа Нохчийчуьра ма дарра хьал?
Ганнушкина: "Полшерачу хьаькамашкахь ледара хаамаш бу Нохчийчохь лаьттачу хьолах. Бакъонашларъярхоша, журналисташа денна дуьйцуш, далхош хилча цигара хьал, хIунда ца хаьа и Полшехь?
Царна ца хуийла ма дац, денна бехк-гунахь доцуш лоьцуш, луьттуш, хьийзош, наркотикаш кисана а туьйсуш, набахте хьийсочу нохчех лаьцна.
Цул совнах, цигахь ма ю тоталитаризман раж. Цо тIеIаткъамбо бахархошна, адам шайн кара а дерзош, масо а агIор церан дахарна юкъа гIерташ, бакъонаш хьоьшуш».
Дуккха а шерашкахь Нохчийчоь а, нохчий а шен тергонехь, Iуналлехь латтош, зуьйчу бакъонашларъярхочунна Ганнушкина Светланина дика евза вайнехан амал.
Нохчий шайн латта дезаш, мохк безаш къам ду, элира цо. Цундела ша ца теша, соьман дуьхьа нохчаша даймохк а, лаьмнаш а дIатосур дара аьлча.
Iедалан ницкъана дуьхьал латта хала ду нохчашна
Ганнушкина: «Хьалхара а, шолгIа тIемаш бирзинчул тIаьхьа, хьал хIинцца-хIинцца меттадан долалучу заманчохь, маьршачу ярташка а, гIаланашка а декъаделла къам, оцу сохьта шайн хIусамашка юхадоьрзура, доьхна цIа а тодеш.
Ткъа хIинца, Iедало бечу ницкъана дуьхьал латта хала ду, цундела ца лаьа хIуммаъ а меттахIотто а, ур-атталла, шен хIусамехь ваха а ца лаьа».
Нохчийчуьрчу телевизионехь а, зорбанашкахь а кест-кеста го вайна, Нохчийчу оьхучу Европан кеп-кепарчу пачхьалкхашкарчу хьешех дийцарш.
Соьлж-ГIалин юккъехь юхаметтахIоттийначу стигал-бохь гIишлошна а, «Нохчийчоьнан дог» маьждиган гонах а экскурси йинчул тIаьхьа, комаьрша шун хIоттадой, меттигерчу Iедало резабина дIахьовсийначу хьешаша, цул тIаьхьа сацам тIеоьцу, Нохчийчуьра бахархой шайн-шайн мехкашкахь тIейогIучу хенахь тIе ца лаца.
«Шун махкахь тIемаш бирзина, гIишлош меттахIиттийна, белхазалла а лахйина, социалан-экономикан хьал а тоаме ду, цундела цхьана а агIор лойла дац шуна тховкIело» олий, дуккхаъчеран деза даймахка юхабахка.
Амма хьал шен тергонехь латточу Ганнушкина Светланина ца го цигахь логика.
Токхе хьелаш Нохчийчохь ду бохуш хилча, муха хуьлу мигранташ экономикан?
Ганнушкина: «Хьуна хьайна хьуо Iехо лаахь, хала дац хьо Iехо. Ткъа мичахь ю цигахь логика?
Барам боцу гIишлош хьала а югIуш, нагахь санна, цара ма-бохху цигахь хьал дика делахь, денна схьайоьллуш самукъадоккху а, социалан а объекташ хилча, белхан меттигийн къоьлла яц бохург дац и?
ТIаккха муха хуьлу уьш «экономикан мигранташ? Iедало хьийзавар, зударийн бакъонаш цаларар, беттан алапан цхьа дакъа Кадыровн фонде охьадиллийтар, коьрта бахархоша дийцареден бахьанаш уьш ду.
Нохчийчохь муха хьал ду хьуна аьлча, Сталинан заманахь муха дара, шен лулахо волчахь а дош ала а ца ваьхьаш...»
Оццу юкъанна, Полшин Iедал диллина емал ца деш, Беларуссица мухIажирийн хьокъехь юкъарло лелош ю Еврокомисси. ХIинцале а, 7 миллион евро ахча билгалдаьккхина цо, Брестехь гуллучу мигранташна ханна хIусамаш ярхьама.
Гарехь, уьш оьшур ю.
Маршо Радионе махкахоша денна бечу латкъамашца, бIаьстенан юьххьехь юха а карзахе хьийза нохчий, махкара арабовла некъаш лоьхуш.