Your browser doesn’t support HTML5
Венехь коьртачу кхелехь пIераскан дийнахь кхин дIа шен болх дIабаьхьира, ша шех Абу-Хьамза а олуш, цхьана хенахь Имарат Кавказан декъашхо санна леллачу, ткъа хIинца ша оьрсийн айкханча вара бохучу стагана тIехь кхело.
Кхелан шозлагIа де Лопота чIожехь 2012-чу шарахь хиллачу тIеман тийсадаларш а, цу тийсадаларшкахь цу хенахь Имарат Кавказан цIарах лелаш хиллачу И. элп хьалха долуш фамили йолчу Мохьмадан, я цуьнан тIемалочуьн цIарца аьлча Абу-Хьамзин рол а талларна лерина дара.
Шайна цу хиламех лаьцна хуург дийца кхеле кхайкхина масех теш а вара.
Цул совнаха, дехха къамелан дан а, кхелахочуьн хеттаршна жоьпаш дала а, ткъа иштта цу хиламийн шен верси йийца а аьтто бар шен бехкевечуьн Абу-Хьамзин а.
Шен къамелехь цо пIераскан дийнахь кхин а дийцира процессан хьалхарчу дийнахь ша чIагIдинарг. 2005-чу шарахь дуьйна оьрсийн моттбеттархо а ву, ша Лопота вахаран бахьана цу операцех лаьцна информаци оьрсийн къайлахчу сервисашна дIа а елла, и хIума дохон шена Iалашо хилар а дара.
Ишта иза эххар а дан а дира, гуьржийн дозанна тIера оьрсийн къайлахчу сервисийн векалшна шеца болчарна а ца хоуьйтуш къайлах смс-хаам язбарца, бохуш.
Бакъду, процессан хьалхарчу дийнахь ша кегалуш ма-хиллара пIераскан дийнахь а шен дийцарехь а, ша лучу жоьпашкахь а юкъ-кара кегалора имаратан тIемло Абу-Хьамза ву ша бохуш лелларг.
Иштта, масала, цо хьалхарчу дийнахь дийцира, ша буьйранча-командир а волуш шаьш Нохчийчу тIаме дуьгу аьлла Гуьржехахула Оьрсийчоьнан дозане дIабигина болчу кегийчу нахана кIело хилла а яьлла, царна тIе оьрсаша герз детта долийча, ша цигара цхьана кепара ведда, йистах вала везаш вара, бохуш.
Ткъа муха кадер дар хьан кIелхьарвала, оьрсашна муха хуур дара хьо мила ву, хьуна а кхетар дацара цара детташ долу герз аьлла, кхелахочо шега хаьттича, цо жоп делира, шегахь цхьа лерина герз а дара, кхечеран санна а доцуш, цул совгнаха духар а дар шена тIехь башханиг, оьрсашна ша шайниг вуйла хаийтархьама, аьлла.
ПIераскан дийнахь амма кхелахь шайн тобанехь хиллачу герзах а, и герз шайна мичара даьллера бохучух а дуьйцучохь цо шена герз ша хаьржира, шена гIолехь хеташ дерг элира.
Процессан шозлагIчу дийнахь кхеле иза тергалъян а, имаратхо хилларг хIинца ша оьрсийн агент ву бохуш ша шена тIекхайкхаре ладогIа а бахнера Венерчу кхелехь и дов хоттуш хилар хиина болу меттигера вайнах.
Царна юккъехь вара Австрерчу нохчийн юкъараллин жигархо Исханов Хьусейн а. Маршо Радионе цо дийцира, цу кхело хазнесанна дика гойту, къайлахчу сервисаша динах а, динан риториках а пайда а оьцуш, нохчийн кегирхой Iеха муха бо а, уьш хIаллак муха бо а, бохуш.
Исханов: „Цу суьрто гойтуш ду вайна, вайн кегий нах бусалба динах шаьш тешаш хиларна цу наха цхьа хIума дуьйцу моьттуш, цу агитаторша ле а беш, дIаоьхуьйтуш бу массо а тIемашкахь. Лерина Iалашонца бойъуш бу уьш иштта.
ХIокху Абу-Хьамзас бохчо ша схьа а дуьйцу иза. Оцу бусалба динца и кегий нах ле беш лелаш болчаьрга мелла а хьовсуш хила безаш бу-кх. Уьш муьлш бу ца хаа вайна, хIунда лела а ца хаьа. И хIумнаш чIогIох мел дуьйцуш берш уггаре а кхераме берш а нислуш схьахIуьттуш ду суна гуш долу сурт.
Цхьа видео гайтира цу кхелехь, и Абу-Хьамза лазийначу хенахь ду иза, кхоъ ву уьш цу тIехь. „ИншаллахI, АллахIу Акбар! Иншаалла, АллахIу Акбар!“ ду цо хIора дашна тIехь олуш дерг. Кегийчарна езаш йолу риторика ю иза. Ткъа бакъдолчехь цо ша схьабоху хIинца кхелехь ша цхьа а бусалба динца бала болуш а вац, религиозе а вац ша, ша оьрсийн белхахо ву бохуш“.
Австрерчу нохчашлахь вевзаш варий и Абу-Хьамза, муха вуьйцур иза нахалахь ша лацале аьлла хаьттича, Исханов Хьусейна дийцира, и стаг масех шо хьалха иштта цкъа хьалха Имаратан векалла лелош а хилла. Цул тIаьхьа Нохчийчу дIа а вахана, цигахь тIемалошна тIекхойкхуш хиллачу Бараев Бухарин нуц хилла а ву, шуьйра нахана вевзаш хилла а ву, бохуш.
Амма интернетехь кху деношкахь иза цIанвеш шуьйра дискуссеш цхьаццаболчу цуьнан агIончаша яржийнехь а, кхеле цунна тIехIоьттина тоьшалла дан хьавха, ур-атталла хьовсархо санна ладогIа веана а цхьа а стаг вацара цуьнан гонера, бохуш дийцира Исхановс.
Исханов: „Суна-м ца вевзар иза, амма нахана вевзаш а, нахана юккъехь лелаш а стаг вар иза. ДIо мацах цIаваханчу Бухарин нуц лаьттина а вар иза. Дукхаъ нахаца салам-Iалам а долуш лелаш хилла иза, ткъа къайлаха шен болх а беш.
И дIаяханчу процессехь цо дийцира, ша кху Австрехь Оьрсийчоьнна дуьхьал къамел деш мел верг цIе а, фамили а дIаязйой дIалуш вара бохуш.
Ткъа цуьнан накъостий хилларш цхьа а цуьнгахь гIодаккха-м ца хаьа суна, вуьшта а цу кхелана улле баха боьхьуш а бац. Цо церан цIерш йохур ю аьлла хета суна. Цара хIун лелийна цхьаьний кхузарчу Iедало толлур ду аьлла а хета суна“.
Абу-Хьамзина дуьхьал тоьшаллаш дечарна юккъехь Гуьржехара Австре схьавеана стаг вара, Сайхан цIе йолуш. Лопота чIожехь Абу-Хьамза Мохьмадс а, Австрехь Девид Майер аьлла шен цIе хийцина хиллачу, хIетахь Имарат Кавказан векал санна леллачу Чатаев Ахьмада а, и шайн операци дIахьочу хенахь цигахь вехаш хилла волу и стаг гуьржийн Iедалний, тIемалойн тобанний гочдеш хиллера.
Венерчу кхелехь цо дийцира, ша хIетахь цаьрга цкъачунна мукъане а собар дахьара и операци ца еш, Гуьржийчоьнан дозанна уллохь дIахьош Оьрсийн эскарийн Iаморш ду, 45 эзар салти ву цу Iаморшкахь дакъалоцуш, аш цхьаъ дахь и эскар Гуьржичу татталур ду аьлла хиларх а, Абу-ХьамзагIар а амма хIуъу хилахь а шаьш леринарг чекхдаккха гIоьртина хиларх а.
ПIераскан дийнахь делкъал тIаьхье хиллалца тешашка ладегIначул тIаьхьа кхело шен болх цхьана баттана дIатеттира. РогIера хеттамаш дIабахьар товбеца баттахь дIахьур ду.