Венехь дIайолаеллачу кхелехь жоьпе озийна Австрехь "Кавказан Имаратан" векал хиллачу, ткъа хIинца ша Оьрсийчоьнан Коьрта Талламан Урхалла цIе йолчу къайлахчу сервисийн агент ву боху стаг.
Хьалхара элп И. долуш ю цуьнан фамили, Мохьмад ю цIе. 2012-чу шарахь Гуьржичуьрчу Лапота чIожехь тIеман тийсадаларшкахь Европера дIабигина болу нохчийн кегирхойн буьйранча хилла ву иза, шен накъостца Чатаев Ахьмадаца цхьаьна.
Нагахь санна Чатаев и зулам дагдеанарг, кечдинарг а, цунна куьйгалла деш а хилларг Венерчу прокуратурано ларахь, Мохьмад цуьнан аьтто куьг а, операцина куьйгалла дан цо хIоттийна командир а лору.
Бакъду, „командир“ ларалуш хиллачо ша оьрсийн айкханча вара бохуш чIагIдо кхелехь, Чатаевца а ша ловзуш вара, иза Iеха а веш, цу тобанна юккъе ша вахар а юхьанца дуьйна церан Iалашонех лаьцна оьрсийн къайлахчу сервисашна дIадийцархьама.
"Кхеле цунна белшашгIорто веана гуш цхьа а нохчо вацара"
Амма дерриге а шен рожехь. Венерчу кхелехь кхаарийдийнахь дIайолаелла процесс вуно резонанс йолуш санна дIакхайкхинера меттигерчу хаамийн гIирсашкахь.
Бакъдолуш, дукха журналисташ бара кхелан кхерчахь, чолхе кхерамазаллин гIулчаш а яьхнера.
Кхел дIахьочу чоьнахь, ишттачу процессашкахь бехкевечунна морала гIо дан гуллой дуккхаъ цуьнан гергарниш а, доттагIий а хуьлу.
Амма Австрехь шуьйра вевзаш Мохьмад цIе йолу, цо ша ма-дийцара, "Имаратан" векал а, оьрсийн къайлахчу сервисийн векал а хилларг велахь а, цу кхеле цунна белшашгIорто веана гуш цхьа а нохчо вацара.
Кхелан белхахочо журналисташка лохха къадийра, „ур-атталла цуьнан зударех цхьа а ца еана кхуза“, аьлла, „зударех“ ша олучу хенахь къайлене къажа а къежаш.
Террорхо а, зуламхо а, агент а санна прокуроро шен къамелехь вийцина Мохьмад лохчу дегIахь а волуш, Iаьржачу аматехь жимстаг ву. Цо шега дош делча, ша шен бехк тIе ца оьцу, амма вистхир ву ша шен хьокъехь олу.
Цо ша дуьйцург кегош дуьйцура, цкъа цхьаъ олуш, тIаккха кхин..."
ТIаккха шена оьрсийн маттера гоч дойтуш, дуьйцу цо, Ичкери йолчу хенахь Гелаевн тобанехь вара, 2004-чу шарахь лаьцна, Хоси-юьртарчу набахтехь таIзарш дира шена, когах тапча а туьйхира шена, тIаккха ша царна болх бийр бу, вен ца вийчахьана аьлла, церан шпион хила реза хилира, бохуш.
Цо ша дуьйцург кегош дуьйцу, цкъа цхьаъ олуш, тIаккха кхин, ткъа кхелахочо ахь хьалха вуьшта ма-аьллера, алла ша аьшпашна тIехь лаьцча, кийтарлонаш йо, иза дIадерзон гIерташ.
Дерриге а цуьнан масех сохьтехь хиллачу кхелехь вистхилар цхьана хIуманна тIе догIуш ду – ша Лапота чIоже вахаран бахьана оьрсийн къайлахчу сервисашна болх бан вахар дара, цигахь дан кечдина тIелатар хиларх лаьцна ша хаддаза оьрсашна информаци дIалуш вара, бохучунна.
Басаев а шен командир вара аьлла дийцира цо, иза вийначул тIаьхьа Умаров Докка вара шен командир. Ткъа Докка хьан командир хиллехь а, айхьа де аьлларг деш а, айхьа бохучунга ладугIуш а вара ма бохура ахь аьлла, кхелахочо шега хаьттича, „Хьан сийлалла, со 2005-чу шарахь Австре схьавеана, суна мичахь гур вара Умаров Докка?“- элира кхелахочуьнга болчу ларамна ирахь лаьтташ къамел дайтахьара шега аьлла охьа ца хууш волчу Мохьмада.
Процессан хьалхарчу дийнахь Мохьмадан дов хоттуш волу прокурор а, цуьнан адвокат Блашниц Вольфганг а, ша бехкевешверг а вистхилийтира кхелехь.
Процессан болх йоцачу ханна сацийначехь бехкевечуьн адвокатера Блашниц Фольфгангера интервью эца каделира Маршо Радион.
Прокуратурано Мохьмад И. террорхойн цхьаьнакхетараллин декъашхо лору, ткъа ахь иза иштта дац боху, хIунда хета хьуна хьайн клиент цу бехках маьрша аьлла хаьттича, Маршо Радиога иштта дийцира Блашница.
"Иза къайлахчу сервисийн белхахо ву"
Блашниц: „Суна иштта го иза, хIунда аьлча, сан клиенто схьаеллачу информацица, иза я террорхо а вац, я чаьлтача а вац. Иза къайлахчу сервисийн белхахо ву, шен кадолучу кепар зуламе хIумнаш ца хилийта гIиртина волу а, и зуламаш шен таронашка хьаьжжина сацийна а волу“.
Прокуратуро чIагIдарехь, процессехь гайта кечйина видео а ю, Мохьмада ша къамел деш, цу тIехь цо ша "Кавказан Имарат" декъашхо хиларх дозаллаш а деш, цунах лаьцна хIун эр дара ахь аьлла хаьттира Маршо радионо лаьцначуьн адвокате Блашниц Вольфганге.
Блашниц: „И видео суна сайна евзаш, гина а ю. Амма цуьнан иштта прокуратурано ма йийццара мехал яц. Цу тIехь цо я ша "Кавказан Имаратан" декъашхо ву бохуш ца дуьйцу, я дозаллаш а ца до.
Цо цу тIехь деккъа деш дехар ду шена гIо де бохуш. ГIо доьху цо шена оцу тасадаларшкахь йина чов йолу дела“.
Австрехь "Кавказан Имарат" мехалчех векал санна лелла волу, ткъа хIинца ша оьрсийн шпион ву, австрихойн полицина а болх бора ша, бохуш чIагIдечу Мохьмадан кхел тIедогIучу деношкахь кхин а дIахьур ю.
Маршо Радионо шен тергонехь латтор ю и скандале процесс.