Кадыровхоша чIир кхайкхийначу оппозицин нохчийн блогер Абдурахманов Тумсога коьртачу декъана ло цунна товр долу хаттарш, масала, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан вон хIунда ву бохург саннарш (регионехь адамийн бакъонаш талхоша хиларх лаьцна дийца аьтто бу ду дуккха а).
Кхин цхьа агIо ю, Iедалан зорбан гIирсийн белхахоша цуьнга дуьйцург, блогер сийсаз ван гIерташ.
"Кавказ.Реалиино" схьагулдина Абдурахмановна цуьнан оппоненташа луш долу хаттарш, шайна юкъахь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а витина, критика ян цо Кадыров хIунда хьаьржина а, суфийша цунна хIун дина а, ткъа иштта муха сацалур бара Нохчийчуьра тIом а долуш.
ШариIатехьа а, суфийшна дуьхьал а
– Тумсо, хIилла лелор дац ас, хьалха ас хьоьга хаттарш дира шалха бух боцу. ХIинца жимма хуьйцур ю ас цу хатарийн концепци. Кадыровх хьо стенца къаьсташ ву коьртачу декъана?
– Тхойшиъ цхьаьтера цахиларан коьртаниг ду иза зуламхо а, ямархо а хилар,ткъа со цахилар.
– Хьо Рамзанах тера ву олучу нахе хIун жоп ло ахь?
– Сан ца дезна цу тайпачу хаттарна жоп дала, цхьаммо а соьга со Кадыровх тера ву аьлла ца хиларна.
– Видео тIехь ахь дозаллица дийцира айхьа зуда ялийна даьккхинчу 10 шарахь хьайн хIусамненаца цхьаьна даьккхина цхьа а сурт дац аьлла. Цул тIаьхьа цхьаболчу комментаторша яздора социалан машанашкахь, "и шу Тумсо изза Кадыров ву, амма агIор". ШолгIа а, кхоалгIа иштта кхин а зударий балоре муха хьоьжу хьо? Оьшуш дуй иза низамца маршадаккха?
– Масийтта зуда хиларе, бусалба стага иза дан оьшуш ма хиллара, дикачу агIор хьажар ду сан. ХIора доьзалан бакъо ю ша муха баха беза ша билгалдаккха.
Маситта зуда хилар маршадаккхарх лаьцна аьлча, кхузахь билгалдаккха деза мичахь, Оьрсийчохь, Нохчийчохь, я ерриг а бусулба нах бехачу республикашкахь дан дезаиза бохург. Тхан проблема яц дуккха а зударий хиларца. И зударий балор ЗАГС-хь тIечIагIдан йиш ца хиларо цхьа а саца ца во. Суна хетарехь, царна регистраци яр пайденна а, нийса а хир дара.
– Ткъа ЛГБТ олучу нахе муха хьоьжу хьо?
– Комментарий яц.
– Хьуна муьлха дика хета шариIатан я малхбузенехь санна кеп йолу демократин республика? Ас хьалххе хоуьйту хьоьга, иза къевлина хаттар хилар, шалха жоп дала йиш йоцу.
– Со Нохчийн Республика Ичкерехьара ву, ткъар иза шарIан низаман система йолу пачхьалкх ю.
– Ахь нохчийн цхьааллах лаьцна дуьйцу, амма ахь доькъа адамаш суфийшка а, салафиташка а. Масала суфийш дон зуькарш "шакаран гӀyгӀ" (свистопляскаш) ю бохуш. Оцуьнца хьайх дIакъахка бо ахь Нохчийчохь беха, шаьш суфийш хеташ болу нах.
– Ас цкъа а ца дийцина, я хIинца а ца боху нохчийн цхьаалла хиларх лаьцна, уьш къомах цхьаъ хиларан бух тIехь. Суна хетарехь, иза далур доцуш долу хIума ду. Цкъа делахь, тхан республикехь бехаш цхьа нохчий хилла ца Iан. ШолгIа делахь, вуно дукха цакхетамаш бу юкъараллехь, динца а, политикица а, историца а боьзна. Цхьа а доьхна хIума дац иза иштта хиларх. Дерриг а дуьнентIехь йолу ерриг а юкъараллаш ю иштта чулацам болуш.
Иза коьрта принцип ю, тайп-тайпана позицеш гайта аьтто болуш хила езачу, парламентан.
Цундела со ца кхоьру Нохчийчуьрчу суфийш ас дIакъахкор хиларх. Иштта ца кхоьру со ас дIакъахкор бу аьлла кадыровхой а, я Нохчийчуьра Нохьан хи тIехула лела кеманана агIончаш. Тхайн йозуш йоцчу пачхьалкхехь тхуна маслаIат карор ду тайп-тайпана хьажар долчу тайп-тайпанчу бахархойн тобанашна юкъахь.
– Амма хьуна луьйш хьулу хьан къамелашкахь радикализм а, сецна даьлларг ду бохуш санна чулацам болу дIахьедарш а хиларана. Ткъа политика маслаIатан говзалла ма ю.
– Суна бехке дуьллу Шемарчу тIамехь дакъалацар "Исламан пачхьалкх" тобан могIаршлахь, амма иза суна тIелетар дац. Со гена ву радикализмана а, шалхонаш лелорна а. Ас дуьйцург сайна хетарг ду. Сайна нийса хетарг ду. Со блогер ву, политик вац. Сайна хетачух лаьцна дуьйцу ас, маслаIаташ лоьхуш вац со.
– Нохчийн къам Сталинан хенахь махкахдаьккхича суфийн вежараллаша чIагIбира вайнах, гIо дира царна оцу бохамах хьалхабовла.
– Хьа дина и жамI? Махкахбаьхна болуш нохчий а, гIалгIай а дийна бисира, цара къоман амалш ларйира шайн, цхьана декъана, луьра Iадаташ а, ламасташ а, ткъа иштта шен амал а бахьана долуш. Оццул хала шайна доллушехь нохчаша а, гIалгIаша а шайн къаьмнийн кодекс ларъярна оьрсех дIа ца уьйш дисира и ши къам. Суфизм бахьана долуш хилла дац иза.
– Депортацех хьалхабевлира иштта балкхарой а, ГIирмера гIезалой а, гIалмакхой а.
– Уьш дийна хIун бахьана долуш бисина а, оьрсех дIа ца тарлуш мелла бисина а цу къаьмнийн веклашка алийта. Амма со тешна ву гIалмакхой суфизм бахьана долу кIелхаьр ца бевлла бохучух.
– Амма Iадаташ бахьана долуш а ца хилла иза. Суна бевзачу нохчаша, хьахийначура аьлча, уьш политикана юкъаозийна бац хьуна, чIагIдо марха хIунда ца кхобу аьлла хьайга хаьттича ахь, "со некъахо ву, суна мегар ду ца кхаба", аьлла бохуш. Хиллий цу тайпаниг?
– Марха кхабар дацара иза, пIераскан дийнахь маьждиге вахар дара. Ас жоп делира суна тIехь дац пIераскан дийнахь маьждиге вахар, со мухIажар ву аьлла.
ТIом дIабирзина бац, Путин гIоле ву Кадыровл а
– Ахь хIун хоржур дара, тIаьххьара нохчочун тIекхаччалц тIом бар я Оьрсийчоьнца барт бан гIортар?
– Оьрсийчоьнца барт бар хоржур дара, дера. Цхьана стеган дахарх лаьцна иза дозуш хилча а хоржур бара ас Оьрсийчоьнца барт. Барт, шен пачхьалкхана а, халкъана а ямарт хилар а доцуш.
– "Барт" а, "ямартло" а бохучу дешнашна чу хIун маьIна дуьллу ахь?Ичкерийн президенто Масхадов Аслана Оьрсийчоьнан куьйгалхочуьнца Ельцин Борисца бинчу берто аьтто ца бира тIом сацо, ткъа Кадыровн "ямарлоно" бира.
– Оьрсийчоьнца барт хилар ду, нагахь дуьхьдуьхьал латтачу агIонашна маслаIат карийча, шайн пачхьалкхийн а, халкъийн а бух буьллучу хаьаштонашна ямарт а ца хуьлуш (иза до векалша, амма ца до ша-шен кхайкхийначара).
Ткъа ямарло ю цхьана пачхьалкхан векало кхечуьнгахьара а волий, шен керлачу дайн хьашташ кхочуш деш селхана шен хиллачу накъосташца тIом бар, царна а, шен пачхьалкхан а, халкъан а хьашташна а ямартло йина.
КХИН А ХЬАЖА: Блогерна Абдурахмановна "новкъарло ян вай лууш делахь, иза вицван веза вай", боху Кадыровс
– Карарчу хенахь Соьлж-ГIалана бомбанаш етташ ю тIаккха?
– Оццу кхиамца тIом цахиларан бахьана ду ала мегар ду оьрсийн салтийчунна баьпкан юьхк елла сан лулахо Хампаша. Цо и юьхк еллера, ткъа хIинца тIом бац.
Муха доза мегар ду тахана Нохчийчоьнан территори тIехь тIемаш ца хилар Кадыровн ямартлонца? ШолгIа Дуьнененра тIом дIабирзира капитуляцин акт тIеэцарца. Хьалхара оьрсийн-нохчийн тIом чекхбелира Хасав-юьртахь барт а беш. Ткъа хIун барт бина "дIабирзина" шолгIа оьрсийн-нохчийн олу тIом? Кадыровс хIун дина иза дIаберзош?
Цкъа делахь, тIом дIабирзина бац, нагахь машаран барт бина бацахь я капитуляци йина яцахь. Карарчу хенахь тIеман жигара фаза яц Нохчийчоьнан территори тIехь.
ШолгIа делахь, тIеман хиламаш цахилар доьзна ду цу тIамехь Оьрсийчоьнан арми тоьлла хиларца, ткъа Кадыровн ямартлоно тIом сацош гIо ца дира, цо гIо дира Оьрсийчоь цу тIамехь тоьлаш. Уьш кхоччуш тайп-тайпана хIуманаш ду.
– Пресса ешча а, хьан YouTube канале хьаьжча а, хетало махкахь уггар доккха зулам Кадыров ду, ткъа Путин "интеллигенте" ваший ву аьлла. Баккъалла а, Владимир Владимирович а воцуш, Рамзан ву аьлла хета хьуна Кощей? Берриг а тидам Кадыровна тIехь хIунда бу хьан?
– Ас Кадыров юьхьарлаьцна, сайна иза карарчу хенахь мехала хетарна. Иза ду соьга далуш дерг, иза дика девза суна.
– Стенца гIоле ву Путин Кадыровл а?
– Путине болчул а алсам цабезам бу сан Кадыровга. МостагIах кхета хала дац, ямартхох кхетийла дац.
– Вуьшта аьлча, хьо а, хьан гергарнаш а хIаллакбан дагахь араваьллачу (мочить в сартире) мостагIах кхета мегар ду? Бакъду, формала кепара цо террорхойх лаьцна дийцара, амма иза даьсса къамел ма дарий.
– Хьо хIаллакван луучу мостагIчо лелориг логика йолуш ду, иза Бесланехь бIаьннаш бераш дайина а, Норд-Остехь бIеннаш шен махкахой байина а мостагI хилча муххале а. Цу тайпачуьнгара догдикалле а, нийсоне а сатуьйсийла яц. Цу тайпачу стагана гIуллакх дечу ямартхоша лелориг кхин а алсам вешийла доцуш ду.
Мохь тIехь болу ворда ерриг а яц ша хиллачехь лаьтташ, хьалха ду накхаршлелор
– Кадыровца ахь къийсам дIахьо маситта шо ду, ткъа мохь тIехь болу ворда хIинца а ша хилачехь лаьтташ ю. Стенах дегайовхо ю хьан? Бакъдерг алахь, кIадвеллий хьо?
– Со Кадыровца къуьйсуш вац, аьлча а, Кадыровца цхьанца къуьйсуш вац. Иза тидаме эцча, мохь тIехь болу ворда ерриг а яц ша хиллачехь лаьтташ. Ас къийсинчерах дукхахберш тахана цхьа боцурш бу. Суна хетарехь, иза вон жамI дац. Ткъа со, хIа-хIа, кIад ца велла.
– "Ворданара" воьжна Нохчийчоьнан вице-премьер хилла Кадыров Ислам. Ткъа кхин мила воьжна?
– Хийтанаев, Мохьмад (Соьлж-ГIалан кIеда, Нохчийсоьнан куьйгалхочун хилла гIоьнча), Дашаев Мохьмад (Соьлж-ГIалан полицин хилла хьаьким). .
– "Новая газето" дийцарехь, Кадыров Исламах дуьххьара кертахо винера, цул таьхьа ха дан хIоттийнера Хоси-Юьрта чу воьдучохь. Бакъдуй иза?
– Эладитанаш дара лелаш, амма соьга алалур дац иза бакъ ду я дац.
– Социалан машанашкахь яздо, нагахь Рамзана шен гергара стаг коррупци а, наркотикаш а бахьана долуш даржах вохийнехь, цу хиламо дикачу агIор гойту иза бохуш.
– Кадыровс ловр дац нисса шеца хакъ доллуш ца лелар, амма кхечу нахах иза хьакхалуш дац. Дагадаийта, некъабохамехь динна доьзал бийначу цуьнан шичица Ибрагимов Турпал-Iелица хилларг. Рамзана дог-дикаллица къинхетам бира цунах, ур-аттал Шелан кIоштан куьйгалхочун даржера дIа а ца воккхуш, могIарера нохчий цу тайпа хIума даьлча динна доьзалшца махкахбохучу хенахь.
– Нохчех мила махкахваьккхира, адам дуьйш некъахьовзам баккхарна?
– Некъахьовзам хилча махкахбаьккхира ТIехьа-МартантIера ХаджаевгIеран берриг а доьзал. Хаджаев Алам бехке хиллера, ша а леш, динна доьзал а буьйш, авари ярна. Маситта шо даьлча царна бакъо елира цIаберза.
– Кадыровна дуьхьал аргументаш чекхйоьвлча хIун дан дагахь ву хьо?
– Накхарш кхобур ду ас, цхьана вевзачу нохчочо ма аллара (иза аьлларг вара Басаев Шамил – Ред).
– Дохко-м ца ваьлла хьо, дика болх а битина, Кадыровна "тIом" а кхайкхийна, хьо ваьлла леларе кхачорна. Кийча вуй хьо, кхин цкъа а Нохчийчоь а ца гуш виса?
– ХIан-хIа, дохко ца ваьлла со. Амма Нохчийчоь юха а гур ю аьлла ойла ю сан. Нагахь ца доьгIнехь, хIун дийр ду тIаккха, Дала яздина хила мега иза иштта.
– ХIун хуьлуш ду карарчу хенахь хьан дахарехь? Мичахь ву хьо?
– МухIажаран статус яккха гIерташ ву со, цкъачунна, хала хеташ делахь а, кхиам боцуш. Со волчу меттигах лаьцна, кхеташ долчу бахьанашца, дийца аьтто бац сан.
– Ткъа YouTube мел пайда бохьу хьуна, ваха рицкъ стенгара долу хьуна?
– ЧӀагӀделла ала мегар долу кхин алапа дац сан, амма бепиг а, налха а эца тоьа суна рицкъ. YouTube-ра канал бахьана долуш жима-тIама ахча хуьлу, цхьанадекъана гIо до Польша-пачхьалкхо. Иштта лол бетта-кх ас.