Доьхна хьал ду Азербайджанерчу нохчашкахь

Your browser doesn’t support HTML5

Нохчийчуьрчу тIемаша бохийначу нохчех ах эзар гергга нах бу хан йоккхуш Азербайджанехь. 20 а, кхин сов а шераш цара цигахь даьхнехь а, ца бо, я цкъа а ца бина церан ларам бухарчу пачхьалкхо. Юьхьанца Нохчийчуьра цига биссинчу мухIажирех цхьа дакъа Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино даха дIасахьажийра Канаде а, Ирланде а. Амма сихха ерзийра и компани – хIинца бац дуьненаюкъарчу хьукмато оцу нахана Азербайджанера бевлла баха луш некъ. Цу тIе кху деношкахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино кехаташ хьийсо долийна нохчийн доьзалшка, ша уьш шегара кхочуш хиллачу гIоьнах бохуш. ХIоьттинчу хьоло сингаттам боссийна мухIажирийн доьзалшка. Шайгара бала балхо, шайна гIо хиларе догдохуш Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин хIусамна хьалха гулбелира уьш оршоьтадийнахь. Цара дийцира шайна техIиттинчу халонех лаьцна – могашалла ларъян а, берашка дешийта а, я ур-атталла хенера бийла а де доцуш буьсуш лаьтта уьш Азербайджанехь.