Талор дан гIортарна – Украинерчу набахте

Дзортов Тимур, Украинехь лаьцначу муьрехь

Деркач Анвар, "Кавказ.Реалии"

Your browser doesn’t support HTML5

Массо а тайпа бу Оьрсийчоьнан шпионаш


Киеверчу Голосеевски кIоштан кхело 7 шо хан кхайкхийна набахтехь яккха 32 шо кхаьчначу ГIалгIайчуьра схьаваьллачу Дзортов Тимурна. Терроран тохардан йолчу Iалашонца оьккху коьчал а, шена харц документаш а кечдина цо, боху сацамо. Зуламан декъахь лоручу Комаричев Алексейна а тоьхна набахтехь такха 8 шо.

Хаам гучубаьлла Украинин инарла прокуратурин сайта тIехь. Ткъа "Кавказ.Реалиин" корреспондент ца витира кхелан чоьнаш чу карантин бахьанехь.

КХИН А ХЬАЖА: Дзортов Тимур - ГРУ-н шпион - полицин каравелла Украинехь

Бехк теллинарг ю пачхьалкхера Кхерамзаллин сервис. Талламо бахарехь, Дзортов а, Комаричев а 2019-чу шеран Охан-баттахь кIело ян кечвелла Украинин тIеман министраллерчу къайлахчу сервисан цхьана эпсарна, иза вен дагахь. ЦIе йовзуьйтуш йоцчу эпсаран-иччархочун машена чу оьккху герз дуьллуш, иза хеназа а даьлла, ший а куьг даьккхина Комаричевн.

Яхначу заманахь ГIалгIайчуьрчу полицехь а, оцу мехкан куьйгалхочун администрацехь а белхаш бина волу Дзортов, хилла Комаричевна оьккху коьчал йилла гIодеш а, цунна гонахара хьал тергалдеш а, боху кхело.

КХИН А ХЬАЖА: Нохчийн лорах аьттехьа а тера йоцу лар

Бинчу талламо гойту и шиъ Украине ГIиргIазойчуьрчу бахархойн паспорташ а долуш веана хилар. Украинин кхерамзаллин сервиса йовзийтина Дзортовга ша бартхоттуш яьккхина видео, цу чохь цо боху, ша Оьрсийчоьнан тIеман къайлахчу сервисан эпсаро тIедиллина гIуллакх кхочуш дан веана.

Лаьцначу муьрехь Дзортовс а, Комаричевс а даредира, шаьшшиъ Киевехь Украинан тIеман иччархошна дуьхьал динчу массех терроран тохарехь дакъалаьцна, аьлла. Украинин кхерамзаллин сервисехь хIетахь куьйгалхо волчу Грицак Василийс кхин цIе яьккхира, хеназа эккхар а нисделла, Киевехь аьтто боцуш йирзинчу шпионан операцин декъашхойх цхьаьннан – Куштов Баширан.

Киеверчу вайнехан диаспорин векалша хьалхо даржийра, Кадыровгахьа болу Украинера нохчий а, гIалгIай а гIерта лаьцна кхобу Дзортов дIахецийта, аьлла. Бохура, оцу Iалашонца "кадыровхоша" зIе лоьху Украинин кхерамзаллин урхаллерчу хьаькамашца, бохку, шайн аьтто балахь, Дзортов Украино лецна латточу Оьрсийчуьрчу шпионех цхьаьнца хийцийта.

Украинин Кхерамзаллин сервиса хаттамбеш яьккхинчу видео чуьра Дзортов шайна вевзина, иза ГIалгIайчохь тIемалой бу бохуш лоьцучу наханна тIехь Iазап латтийначех ву, чIагIдора Киеверчу вайнаха.