"Оьрсийчоь тахана" (RT) телеканалан эфир гайтар дихкина Латвехь

Латвин Iедалша а "пропагандин" ду, аьлла Оьрсийчоьнан телекомпанин каналаш

Латвин медиа-регуляторо дихкина Оьрсийчоьнан RT - Russia today (Оьрсийчоь тахана) телекомпанин программаш гайтар, цуьнан телеканалаш "пропагандин" ду аьлла, яздо Американ аз" .

Зорбан гIирсийн балхана терго ечу оцу урхалло кхетийна ша бинчу сацаман бахьана Оьрсийчоьнан телепрограммаш дIаяхьархочуьнца, медиа-куьйгалхочуьнца, Евробертан санкцешна кIеллахь волчу Кисилев Дмитрийца RT уьйраш хилар ду аьлла.

Регуляторо динчу дIахьедарца, RT телекомпани гайта гIерташ хилла Латви пачхьалкх санна дIахIотта гIоразис йолуш санна, ткъа Латвин лерринчу сервисашна хетарехь, Russia today ду Европан малхбузехь уггар Iаткъаме пропагандин телеканал.

КХИН А ХЬАЖА: "Оха гучубохур бу церан аьшпаш". Жоьпе кхайкхина Оьрсийчуьра телеканалаш

"Оха сацам бина, и телепрограммаш Кисилев Дмитрийн Iуналлахь хиларх лаьцна тхайгахь болчу хаамашна тIе а тевжина", - дIахьедар дина Латвин медиа-регуляторан куьйгалхочо Аболиньш Иварса.

Евробертан санкцешна кIелвахара Кисилев 2014-чу шарахь Зазадоккху-баттахь, "Украине Оьрсийчоьнан эскарш хьажорна гIортор еш Iедалан пропаганда еш цо дакъалацар бахьана долуш", кхетийнера хIетахь Евробарто.

КХИН А ХЬАЖА: Киселевн рогIера фейкан хаамаш

"И сацам – русофобино бIарздинчу Латвийн Iедалийн сонталлан а, хIума хууш ца хиларан а тIегIанан гайтам бу… Дехкар деш цара дIакхайкхийна бух цхьа а юридикан чулацам боцуш бу, цундела Латвино сихонца меттахIотто деза RT-н эфир гайтар", - дIахьедина Кисилевс Оьрсийчоьнан "РИА Новости" агенталле.