ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оха гучубохур бу церан аьшпаш". Жоьпе кхайкхина Оьрсийчуьра телеканалаш


Волчек Дмитрий

Лондонехь 2006-чу шарахь вийначу Литвиненко Александран зудчо Литвиненко Маринас а, вийначун доттагIчо Гольдфарб Александра а кхеле елла Оьрсийчуьра ши телеканал – "Хьалхарниг" а (Первый), Russia Today а. Стохка гурахь Нью-Йоркерчу кхеле арз чуделла Гольдфарба. Ткъа Маринин, иза Британера хиларе терра, аьтто бац Iаьмеркан Штатийн кхеле арздан, амма иза дагахь ю Гольбфарбехьа тоьшалла дан.

"Аьшпаш баржорна таIзардан догIу. Оьрсийчоь шен пропагандица а, фейк-керланашца а йохо гIерта Малхбалера демократи, олу кест-кеста. Ткъа кху болехь Кремлерчу, шаьш журналисташ бу а бохуш, дезинформаци яржош болчу нехан жоп дала дезар ду шайн аьшпех", боху Гольдфарб Александра.

Литвиненко Александр вер толлуш IаьIначу тоьшаллашна тIехь хIоттийна артикл зорбане яьккхира Британехь 2016-чу шеран юьххьехь. Диссидент вийначийн цIерш а ехира кхелахочо Оуэн Роберта – шайна тIехьа Оьрсийчоь а лаьтташ, зулам кхочушдинарш Луговой Андрей а, Ковтун Дмитрий а ву, элира цо. Амма телехьовсархошка Оьрсийчохь кхин боху: къайлахчу сервисан (ФСБ-н) эпсар вийна цуьнан доттагIаша-политикан мухIажирша.

Стохка бIаьста, Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоьIанна Юлияна а дIовш деллачул тIаьхьа, оцунна а, и санначу кхечу зуламашна а Оьрсийчоьнан Iедал бехке дац, бохуш, телевизионаша дехха дийцира Литвиненкон дахарх а, кхалхарх а лаьцна.

Цара бохура, Iамеркан Штатийн къайлахчу сервисо (ЦРУ) Гольдфарб вахийтина хилла Александр Литвиненко вен, цо иза кхочуш а дина. ЧIагIдора, веллачун зудчо, Литвиненко Маринас, харц тоьшалла дина Лондонерчу кхелехь. Оцу юккъехула баржийра Оьрсийчуьрчу телевизионаша хьалхо Гольдфарбан зуда яларх лаьцна шаьш кхоьллина аьшпаш а – бохура, зудчунна "тIех дукха хIуманаш довзара", цундела Гольдфарб хила мега иза йийнарг а (дарбан цIийнехь, раках, кхелхина зуда).

Муьлхачу тIегIане кхаьчна телевизионашна дуьхьал дина арз, дуьйцу Гольдфарба

– Дукха хан йоццуш шина а телеканало кхеле тхан арз юхататтар дехна, оха тоам боллуш билгал ца яьхна, боху, тхайн претензеш. "Хьалхарчу канало" дов Москох хатта деза, Нью-Йоркехь а ца хоттуш, боху. Тхо реза дац дов кхечу метте даккхийта, адвокаташ бу кехаташ яздеш, кхелахочо кестта бийр бу цунах болу сацам. Кхел хинйолу меттиг къуьйсу оха, бен-башха дац иза стенгахь дIахьор ю. Цхьа бутт ах бутт баьлча йист яла мега.

- Эладитанаш севцций, хIинца олий хьох эфирашкахь "Литвиненко вийнарг"?

Аьшпаш, леррина кеч а бина, баржийна хилар гайта деза, тIаккха тоьлур ду тхо

– ХIан-хIа, хIинца ца дуьйцу сох лаьцна иштаниг, амма интернетан машанашкахула даьржина лела телевизионаша хьалха сох баьхнарг. Эфираш тIекхача йиш ю хьалха а санна. Беламе ду оцу эфирашка хьовсу нах ас арз динчул тIаьхьа совбовлар, со кхеле ваьллачул тIаьхьа тидаме йирзина и эфираш.

Арз Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь дина ахь, иза ду хьан довхошна цатайнарг. Оьрсийчуьрчу телевизионашна дуьхьал, оьрсийн маттахь араяьхначу эфирашна ахь арздар муха тIеоьцу Iамеркан юстицино?

Russia Today-но а, "Хьалхарчу канало" а вуно беза адвокаташ лецна шайна

– RT ерриг а Iамеркахула ингалс маттахь яьржаш ю. Цуьнца дузу оха тхаьш Iамеркахь иза жоьпе озор. 5 миллион оьрсийн мотт буьйцу бахархой бу Штаташкахь, "Хьалхарчу канало" шен программаш яржайо интернетехула, спутникашкахула.

Вуно дукха Iамеркан реклама юхку "Хьалхарчу канало", яржайо иза Оьрсийчохь а, Iамеркахула а – шеггара ца юхку цо иза, оцу гIуллакхна къайлах лелош, цхьана я шина стагна тIеязйина фирманаш ю церан. Оха боккха болх бина и къайле йостуш, чуелла кхеле тхаьш бинчу талламан материал.

Тхаьш тоьлур ду аьлла хета тхуна. Iаьмеркарчу кхеле стенна дина арз? Iамеркахь чIогIа хала ду эладита кхоьллинарш Iорабаха а, царна таIзар дайта а. Телеканалаша аьшпаш, юхьанца дуьйна баржо а лууш, кхоьллина а, баржийна а хилар гайта деза тхан кхелехь.

Ткъа Британехь бехкечунна таIзар дайта тоьу цо аьшпаш баржийнийла гучудаккхар. Делахь а, оха Iамерка хаьржина – цигахь массанхьачул а бьазбеш, айбина тIеоьцур бу тхан толам. Цу тIе, и ши телеканал ю Iамерко шен президентан харжамашна юкъагIертарна бехкеечу Оьрсийчуьра, оцо а совбоккху тхан девнан мах.

Дера хала ма ду толамна мел оьшу хьелаш вовшахтоха, делахь а, хаьа тхуна тхаьш бакъдуйла. Iамеркан кхелаша Оьрсийчоь нийсо тоьлу меттиг яц аьлла бина сацам ца карийна тхуна цхьаьнхьа а, аьлча а, ца карийна прецедент. Европехь-м дукха бу и тайпа сацамаш.

Нагахь санна тхо толахь, оцо кхуллур ю и прецедент кхузахь, наханна пайде хир ду иза. Оьрсийчоьно дIавоьху стаг цуьнга дIалойла доцийла, иза нийсо лела мохк боцийла хууш хир ю кхелаш, хинболчу бохамах кIелхарбийр бу нах, оха кхоьллинчу прецедентах пайда бер бу царна.

–Кхеланна оьшу харж муха вовшахтуху аш, ахча стенгара долу ?

– Оха сайтехула тхешан белхаш баржош гулдина 20 000 доллар, шайггара ахча делла а ву массех стаг. Цхьана а олигархе ца дехна оха ахча, кхано иза тхаьшна тIех ца деттийта. 40 000 долларе кхоччуш гулделла ахча, цкъачунна ларадо харжашца. Кхел йолаелча алссам ахча эша мега. Russia Today-но а, "Хьалхарчу канало" а вуно беза адвокаташ лецна шайна.

– Хьан орзо кхерийна-м бац-те уьш?

Юридикан маьIнехь Оьрсийчоьне болу хьажам хуьйцур бу тхан процессо

– Кхерийна, тхуна дуьхьалхIитта юкъабаьхначу ницкъан барамо гойту иза. Iамеркара уггаре дика адвокаташ лецна "Хьалхарчу канало": Трампа кечйина медицинан реформа а, бусалбанашна махка бахка дехкар а кхелехула чекхдоккхучех ву шиъ. Цара Оьрсийчуьрчу телеканална лаькхарчу корматаллица кечдина документаш, ду уьш гойла ду тхан сайтехь. Юридикан маьIнехь Оьрсийчоьне болу хьажам хийца гIодийр ду тхан процессо.

– Оьрсийчоьнан къайлах сервисаш жигара хьийзийла гайтира хиллачу бохамаша: СкрипалгIарна дина зулам, Болгарерчу бизнесхочунна Гебрев Емельянна тIелатар… Литвиненкон девнехь шпионаша лелийнарг гучудаьллехь а, хьалха санна кхечу мехкашка а оьхуш, цигахь зуламаш а деш, царех луш жоп а доцуш хьийза Оьрсийчуьра агенташ – сурт иштта хIоттало. Литвиненко веро самоне ца кхачийна Малхбале, я цуьнгахь лаам а бац бехкенаш таIзарх чекхбаха – ишта дац иза?

​– Чолхе хIуманаш дукха ду кхузахь. Бакъ ду, Маринина 10 шо эшна кхеле Литвиненко вер листийта. Литвиненко Александр Оьрсийчуьрчу шина шпионо вийна хилар билгалдаьккхира кхелехь, и зулам дайтинарг цигара лаккхара хьаькамаш бу, Путин хила а тарло. 10 шо эшна и къайленийн уьйриг баста.

Хилларг ца къастийча ца долийла а кхеташ, цхьана ханна мехаза болхбира оцу девнехь адвокаташа. Кхел йирзина ялаза ю хIинца а. Оьрсийчоь Iамеркан харжамашна, Брекзитан гIуллакхашна юкъагIертарца, Кремло шен пропаганда яржор бахьана долуш, дов чаккхене дига йоллу Лондонера кхел, - боху Гольдфарб Александра.

Маршо Радиога Литвиненко Маринас элира, ша дерриг а до кхелера дов гIарадоккхуш.

Пачхьалкхо тIекарло ечу, вуно йоккхачу пропагандин машенна дуьхьалхIиттина тхо

– Хала хир ду тхуна девнехь. Толам хир а бац, бехира тхоьга. Делахь а, цхьамма доло дезаш ду-кх иза. Оха вуно яккхий дуьхьалонаш эшийна. Лондонехь кхел хилла, ладоьгIна, ладегIарш нахалахь даьржина, гайтина цо кхачамболу тоьшаллаш. Коьртаниг ду дукха нах тхоьгахьа хилар.

Дашца а, лаамашца а, политикехь а, ахчанца а. Пачхьалкхо тIекарло ечу, вуно йоккхачу пропагандин машенна дуьхьалхIиттина тхо. Стохка Вашингтонехь конгрессменаш цхьаьнакхийтира тхоьца, цара гайтира шаьш юьстах Iаш доцийла. Литвиненкон цIе йиц ца йина цара.

Ткъа олура соьга цхьаболучара, 2-3 шо даьлча и цIе дагайогIуш а хир яц дуьненна. Бакъ дац иза. Лондонехь 2006-чу шарахь динчу зуламо хийцина Малхбаленанний, Оьрсийчоьнанний юкъаметтигаш. Тхуна политикехь аьтто бина дукхачу наха, цундела тхо теша тхайн некъах.

Шо хаьлха, СкрипальгIарна зулам дича, Малхбале ца лаьттира хьоьжуш – Литвиненко веро Iамийнера халкъаш. Саша дарбан цIийне виллича, бацара нехан тIех боккха бала. Амма СкрипальгIарна дIовш делча, массо а тергоне велира. Европа а, Iамерка а сиха хьавзира, шайн мехкашкара дипломаташ арабохуш а, дIахьедарш деш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG