"ХIинца оху хоьтту: мила ву рогIера?". Нохчийн политэмигранташа дуьйцу Венера Анзор верах лаьцна  

Умаров Анзор (Мамихан), ютуб-каналан скриншот

Политэмигрант Умаров Мамихан вер тIаьххьара зулам дац Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикашна дуьхьал динчу цу кепарчерах, аьлла хета "Кавказ.Реаллино" хаттарш динчу Европерчу нохчийн диаспоран векалшна.

Дагадоуьйту, Венера Анзор санна вевзаш волу Умаров вийна Австрин коьртачу гIалин йистехь, коьртах тапча а тоьхна. И зулам дарна шеко йолуш лаьцна ву Нохчийчуьра ши стаг. Таллам дIахьош ю Конституци ларъярехула а, терроризмца къийсам латторехула а пачхьалкхан урхалла. Умаров веран бахьанаш талламхошна цкъачунна хууш дац, амма политикан бахьана юкъардоккхуш дац цара.

Beck Martin цIарах делла кехаташ а долуш, Умаров вехаш хилла Австрехь 2005-чу шарахь дуьйна. Тайп-тайпанчу интервьюшкахь цо ша дийцина ма-хиллара, цо меттигерчу низамаш лардон органашка хаамаш дIалуш хилла Европехь бехачу политикан эмигранташна тIелетарш дарца Оьрсийчоьнан лерринчу сервисийн йолчу зIенех лаьцна.

Умаровс иштта дийцинера Нохчийчуьрчу Iедалша шайн дуьхьалончаш, царах вара Кадыровн гIаролхо хилла Исраилов Iумар а, байар Iалашонца лелийначух лаьцна. Шен ютуб-каналехь Умаровс сийсаз вечу кепехь критика йора Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а, цуьнан доьзална а.

"Кавказ.Реалиино" дийхира нохчийн диаспоран векалшка Венера Анзор верна комментари яхьара аьлла.

Швецерчу Vayfond бакъонашларъяран ассоциацин куьйгалхочунна Садулаев Мансурна хета Епроперчу лерринчу сервисашкахь Нохчийчуьра баьхкинчу киллерех лаьцна хаамаш дуккха а бу, амма цара цхьа а хIума ца до керла нах байар юхатоха аьлла.

"Хетало Iедалшна иштта хета аьлла: нохчаша нохчий бойу, ткъа шайн пачхьалкхийн бахархошна кхераме хIумма а дац. Юкъараллин меттигехь герз деттар иштта а ма ду кхерам бохьуш. Ткъа Хангошвили Зелимха стохка Германехь вийначу киллеро а, Анзорна герз диттинчо а адамашна юккъехь ма диттина иза", - билгалдаьккхира Садулаевс.

Бакъонашларъярхочо тIетуьйхира Кадыровн кхин цхьа критик Алиев Iимран Францехь вийначул тIаьхьа кхерамазаллин сервисаша шайн тидаме ийцира мухIажаршна юкъахь болу Нохчийчоьнан куьйгалхочун агIончаш аьлла. Делахь а цо новкъарло ца йо "еврокадыровхошна", Германехь карарчу хенахь йолчуьнах тера, Нохчийн республикан куьгалхочун официалан векалалла Ниццехь а кхолла планаш хIитто.

"Кхераме хила мегачу, мухIажаршна дуьхьал зуламаш дан мегачу "кадыровхойх" лаьцна хаамаш маситтаза дIабелла оха тайп-тайпанчу пачхьалкхашкарчу лерринчу сервисашка. Царах цхьадакъа кийча ду Кадыровн мостагIий, цхьа а мах а ца боьхуш, байъа, 'падчахь' шайца дика хилийта ", - элира Садулаевс.

КХИН А ХЬАЖА: Буй Европера нохчийн мухIажирш кхерамна кIел?

Цуьнца цхьаьна Садулаевна хета, Аавстрин полици дика болх беш ю аьллла: "Полицега буьззинчу барамехь кхерамазалла латталур хиларе сатуьйсийла яц, тайп-тайпанчу пачхьакхийн миграцин хьукматаша Кадыровгахьа озабезам бечу нохчашна, визанаш а, паспорташ а луш, Европехь баха бакъо луш хьал лаьтташ хилча, кхерам хиларх лаьцна варе шаьш дича иза тергал а ца деш. Нохчийчуьрчу Iедалх уьдучу баккъалла а хьийзош болчу наха шерашкахь ладоьгIу тховкIело яларе, хIора денна депортаци ян мегаш хиларна кIеллахь а болуш. Цуьнца цхьаьна Европо вуно дукха къахьоьгу "исламхойн терроризмна" дуьхьало ян, массанхьа лоьху "ИГИЛ-ан (ИГИЛ - Исламан пачхьалкх, терроран вовшахтохаралла) лергаш", ткъа ца карийча паргIат бовлу".

Кадыровн дуьхьалончашна Европехь тIелетарш алсамдовлар дузу Нохчийчоьнан Iедалша лелочунна критика еш волчу оппозицин нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос, хьул а ца деш, шайна хетарг гойтуш дийца алссам адамаш ца кхера дуьйладаларца. Цуьнца цхьаьна киллерш махкахбевллачу нахана тIелатарш даро ца хуьйцу церан (Кадыровн) Iедале йолу ойла.

"Алсамдолуш ду критика ян ца кхоьрчу нехан терахь а, царна тIелетарш дар а. Суна хетарехь, иза низам санна хьума ду. Ткъа кхоруш хиллачу нахах лаьцна аьлча, хIара стаг вийначул тIаьхьа церан кхерар чIагIлур ду. Цаьрга кхин а цхьа тоьшалла кхаьчна шаьш кхерар эрна хилла цахиларан а, зуламан Iедал "ницкъболуш" хиларан а. Гой шуна, хьанна а тIекхочу уьш. Ткъа къийсам дIахьош волчо кхин а дIахьура бу шен къийсам", - дIахьедар дира Чиллан-бутт чекхболуш ша а киллеран тIелатар лайначу Абдурахмановс.

КХИН А ХЬАЖА: "Критикийн батош дӀаюкъа гIерта режим"

Венехь динчу зуламах лаьцна дийцира блогеро шен ютуб-каналехь. Абдурахмановс чIагIдарехь, Умаровна вевзаш хилла киллер. Машен эца лууш ву ша аьлла, зIене а ваьлла, шех тешийна хилла цо иза. Цхьаьнакхета билгалъяьккхинчу меттиге ша тIекхоччушехь Умаровна коьртах, кхузза тапча а тоьхна, къайлавала гIоьртина киллер.

"Барт-Маршо" ассоциацин куьйгалхочунна Сулейманов Джамбулатана хетарехь, муьлхха а дIахьедарш дале хьалха, диаспоре кхайкхам бале хьалха собар дан деза таллам чекхбаллалц: "Цкъачунна талламо хIумма а довзуьйтуш дац я зудчунна а, я Анзоран кIантана а, ткъа цуьнан дакъа полицехь ду. ХIара хIинцале кхоалгIа цу тайпа Нохчийчуьра мухIажар вер ду цхьана шарахь. Тхан агIор муьлхха а цхьа реакци хила еза. Иза адамаш дайаран зIе ю – иза бахьана ду цхьаъ дан, амма оха собар дийр ду полицино официалан жамI даллалц".

"Кавказ.Реалиин" корреспонденто къамел дира Венехь герз тохарх лаьцна уггар хьалха хиина волчу Австрехь вехачу цхьана политикан эмигрантца (цо шен цIе ца яккхар дийхира, шен кхерамазалла ларъяр Iалашонца).

"Иза хир дуй хууш дара. Анзор уггар хьалхара мостагI вара Кадыровн. Полицино ларвеш вара иза. Ларван аьтто ца бели. Кадыровн нах цунна тIекхача гIерташ бу, бохуш хезнера суна. ХIинца хоьтту оха: мила ву poгӀepa? Нохчийн ларбала аьтто болуш бац я цIахь а, я кхечу пачхьалкхашкахь а. Ткъа киллерш кхера оьшуш хIумма а дац. Схьалацахь чувуллур ву Европерчу набахте, амма иза курорт ю, Оьрсийчуьрчу набахташца юьстича. Ткъа цуьнан доьзална оьшург латтор ду шена гIуллакх динчу падишаха".

Умаров Анзор вевзаш хиллачех цхьаъ ву Финляндехь веха Нохчийчуьра политэмигрант Ломаев Муса.

"КIирандийхь йоккха эфир кеяъан план йолуш дара тхо. Суна луург дара Кадыров сийсаз веш боьха хIуманаш дийцаран метта Анзора Нохчийчуьра Iедална конструктиван критика яр. Кадыровгара хIора а керла хIума, интервью, кхин дерг сахьташкахь дийцаре дан а, комментареш ян а мегар долуш дара, - боху Ломаевс.

КХИН А ХЬАЖА: “Лайна Iазап цкъа а дагара ца долу суна"


Ломаев Европа гIорасиз ю бохучух тешна ву нохчийн кхерамазалла ларъян: "Австрин Iедалийн аьтто ца баьлла шен территорина тIехь шолгIа гIовгIане адам дер юхатоха. Хьалхара вара Исраилов. Европерчу лерринчу сервисашна дукха дика хаьа Кадыровн критикаш гӀакхнаш хуьлуш хиларх лаьцна киллершна, амма глобалан кепара хIумма а ца дало цаьрга. Уггар тIехдаьккхича, къайлахчу петарехь ваха а хаавой, маса тоьпашца ши стаг ха дан хааво цара. Цу кепара, маьрша хилар дIа а долий, изоляцехь веха стаг".

Ломаевс билгалдаккхарехь, Умаров веро, меттахбаьхна нохчийн диаспоран жигархой цуьнан гIуллакх – Кадыровна критика яр - кхин а дIадахьа лаам кхуллуш: "Анзоран метта вогIур ву маситта оппозицин ойла йолу оратор".