Америкин Пачхьалкхан секретаро Помпео Майка еарин дийнахь дIахьедар дина, Оьрсийчоьнан 300 махкахо Шемахь хӀаллакьхилар хилира Москвана, Америкин кхерамазаллина кхерам эккхар тIаьхье йоцуш дуьусур цахилар гойтуш варе хилар, хаам бо "Америкин аз" зорбан гIирсо. Помпеос аьлла цунах лаьцна, Сенатерчу ладогIаршкахь вистхуьлуш.
Пачхьалкхан секретарна ира критика йира цхьаболчу сенаторша, президента Трамп Доналда даре дарна, ша Путине цхьа а бехк ца баьккхира аьлла, Москвано талибашна ОвхIанистанехь Америкин эскархой байарна, цхьаболчу хаамашца, ахча луш хилла хиларна.
"Суна ца хета цхьана Оьрсийчуьрчу лидеран, шайна юкъахь Путин Владмир а волуш, цхьа а шеко ю аьлла, америкахой байарна Америкин Цхьаьнатоьхначу Штаташа лур долу жоп муха хир ду бохучух", - аьлла Помпеос, Сенатан арахьарчу гIуллакхийн Комитетан кхеташонехь вистхуьлуш.
"Сан тешо бакъо ю шу, Шемахь хилла Америкина кхераме дерг лелийна, хIинца кху дуьненчохь вайца воцу 300 Оьрсийчуьра вахархо а цунах кхийтира ала", - элира Помпеос.
КХИН А ХЬАЖА: Помпео: Шемахь хиллачу тIематасадаларехь вийра "ши бIе хир волуш оьрси"Пачхьалкхан секретаро билгал ца даьккхира муьлха инцидент ю юьйцург. Амма, зорбан гIирсаш яздарехь, дуккха а Оьрсийчоьнан бахархой – дийцарехь, доларчу тIеман компанин белхахой – байира 2018-чу шарахь Чиллан-баттахь Шемарчу Хашам гIалана гергахь, Америко авиатохарш а дина.
Your browser doesn’t support HTML5
Оьрсийчоь юкъагIоьртира Шемарчу тIаманна 2015-чу шарахь, президентан Асад Башарна гIортор яр Iалашонца. Оьрсийчоьнан эскархой ларбала гIертара "Исламан пачхьалкх" терроран тоба хIаллакйан Америко, авиатохарш а деш, цига хьажийначу ницкъашна дуьхьалIиттабаларх.