ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ялх кавказхо вийна Дейр-эз-Зорехь


Бзаров Аслан

Авиацино маьрша нах бехачу меттигашна тIе тохарш дарх лаьцна хаамаш кхочу Шемарчу Дейр-эз-Зор кIоштара. Байинчу нехан терахь дуьйцу кеп-кепара: 40 тIера 240 тIекхаччалц. Оьрсийчоьнан а, Шемин а пачхьалкхан хаамийн гIирсаша билгалдоккху кхелхинарш зударий а, бераш а хилар, бехкейо Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ коьртехь йолу дуьненаюкъара коалици. Пентагоно бакъ ца до терахьаш, цо чIагдарехь, экстремистийн ДАIИШ тобанна дуьхьал тIемаш бечу ницкъашна гIодеш ю авиаци. Оцу юкъанна президента Асад Башара шегахь бен яц боху Шемарчу "террорхошца" бомбанашца юкъаметтиг къесто.

Мехкан малхбалерчу декъа тIехь авиатохарш чIагIдаларх лаьцна дуьйцу хIара бутт болабелча дуьйна схьа. 13-чу дийнахь Шемин арахьарчу гIуллакхийн министралло оьгIазе кост хьажийра Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин Кхеташоне:

"Арахьарчу гIуллакхийн министралло ши кехат хьажадо шуьга – Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин инарла секретаре а, Кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочуьнга а – Дейр-эз-Зорерчу ШаIафа юьртахь 60 маьрша вахархо верца а, лазорца а низамехь йоцчу Iамеркан коалицин кеманаша динчу зуламан хьокъехь", довзийтина дIахьедар РИА Новости агенталло.

ГIоьртина ю Дамасскан Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацица йолу юкъаметтигаш: дуьненаюкъарчу хьукмато къобал ца йо Асадан режим а, цуьнгахьа йолу Оьрсийчоь а, бехк буьллу царна дуьнено дихкина долу герзаш, кIайн фосфор, кхийолу хими а лелорна.

Лахьан-беттан I7-чу дийнахь Пентагоно харц бира коалицин авиацино Дейр-эз-Зорна гергахь диначу тохарша маьрша нах байина бохург. ДIахьедар даржийна Iамеркан хIаваан ницкъийн Юкъарчу буьйранчалло (СЕНТКОМ), боху Коммерсанто.

Лахьан-беттан 16-чу а, 17-чу а деношкахь Хьаджин гIалина гонах авиатохарш дира шен кеманаша, амма церан Iалашо яра ДАIИШна дуьхьал тIом бечу ницкъашна гIодар, аьлла ду СЕНТКОМ-о делла жоп.

Оцу юкъанна хууш ду Дейр-эз-Зор провинцехь лаххара а 6 кавказхо веллийла.

"Кавказ.Реалиин" редакце кхаьчна тIемалойн базехь йолчу цхьана зудчо Кавказерчу гергарчаьрца йозанехула бина хаам. Лахьан-беттан 19-чохь Нохчийчуьрчу Новр-ГIалин кIоштара схьаяьлла Хьава цIе йолу жима зуда а, Дагестанера цхьа доьзал а бийна коалицин кеманаша, боху цо.

"Сан лулахой селхана белла. Дагестанера бара и доьзал. Майра а, зуда а, кхо бер а делла. Кхо бер дийна дисина. Суна ца хаьа церан фамили. Барет яра зуда, гIумки. Майра суьйли вара, бераш: воккхахволу кIант Ислам, Раяна, Ризван, 3 бутт болу Нусейба, кхечу шиннан цIерш ца евза суна. Нах бехачу цIеношна тIе етта бомбанаш. Селхана кхин цхьаъ а йийна – нохчо Хьава, пхи йоI йийсина цуьнан. Фамили ца евза суна", яздина зудчо.

"Кавказ.Реалига" Нохчийчуьрчу бакъоларъярхочо, Шемара шен махкахой цIаборзош къахьоьгучу Саратова Хедас, хаамбина, шена хууш кавказхойх лаххара а ши доьзал белла, иштта, Нохчийчуьра цхьа зуда а елла, аьлла.

"Лахьан-беттан 20-чохь соьца зIене бевлира, царех цхьаъ нохчийн йоI яра, цо бахарехь, ши доьзал бийна, ткъа тахана (21-чохь) соьга телефон тоьхна Невран кIоштара, шайн нус елла, цуьнан пхи бер дисина, уьш цIадерзо аьтто бахаьара шайна, аьлла", дийцира Саратовас.

Британерчу IHS Janes центран аналитико Паращук Джоаннас а бина хаам, шен хьасташна тIе а тевжаш, коалицино авиатохарш диначу меттигехь ДАIИШ-хойн зударий а, бераш а делла, аьлла.

"Хьасташа бахарехь, тIемалойн доьзалш чохь бехачу цIеношна тохарш дина коалицин авиацино, байинчех дукхахберш бу зударий, бераш. Уьш массо а бац Къилбаседа Кавказера. Билггал мел нах белла ала дац, амма, гарехь, нах беха объекташ ю кеманаша Iалашоне эцна хилларш. Ала деза, Хьаджинехь Оьрсийчуьра схьабевлларш хилла ца Iа, узбекаш, казахаш, таджикаш а бу цигахь", боху Паращука.

"Кавказ.Реалиино" хьалхо, тIеман зонерчу шен хьасташна тIе а тевжаш, хаийтина ма-хиллара, дIадахначу мукъаденошкахь Кишме, Саафе, Сусси​ ярташкахь кеманаша динчу тохаршкахь (уьш билггал хьан дина хууш дац) вийна 70 гергга стаг, шайлахь Къилбаседа Кавказера нах а болуш. Оцу меттигашкахь карарчу хенахь тоьаш яц юуург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG