Соьлж-ГIалахь полицино лецира 33 шо долу меттигера вахархо Умаров Мовсар. Цуьнан цIинах болчара дIахьедарца, бахьана ду – оппозицин блогеран видеошка иза хьежна хилар. Ткъа хIинца боху полисхоша, шайгахь иза вац, ведда карара ваьлла.
Кхаа доьзалхочун да Умаров Мовсар лачкъийра Товбеца-беттан 18-чохь суьйранна, ша болх бечу гIалин юккъерчу ресторанера. Ленинскан кIоштарчу чоьхьарчу гIуллакхийн декъехь карийра иза шолгIачу дийнахь. Ницкъахоша дIахьедина хиллера, шайн бIаьрг тIехIоьттинера цунна, цо "Тумсога ладогIарна" (нохчийн оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон YouTube-ра эфираш).
Цхьана баттахь а, эха баттахь а Умаровн нанас а, хIусамнанас а дуккха а къахьийгира иза араваккха гIерташ, амма тIаьххьара а, полисхоша хаам бира кхаьрга, жимстаг "ведда" аьлла. Мовсаран гергарнаш ца теша царех, церан шеконаш ю шайн кIант вийна хила тарло аьлла.
Умаров лачкъорах а, цуьнгара царна эшначух а, полисхоша шайн стеган бакъонаш хьешарх а дийцира цуьнан гергарчу наха "Кавказ.Реалиина".
"Товбеца-беттан 19-чохь Ленинскан кIоштан полицехь хилира со. "Джабраил ву" ша аьлла, вовзийтинчу ницкъахочо элира соьга, хьан кIанта Тумсога ладийгIина. Оцу тIехула стаг лаца веза, вен веза, йа ирхъолла веза? Цхьанхьа а кара ца вира суна кхин и Джабраил, цхьана а полицин декъехь. Суна хетарехь, шен йоцу цIе яьккхина хир ю цо", - дагалоьцу Мовсаран нанас, Умарова Асета.
Цо дийцарехь, цхьана дийнахь а, буса а Ленинскан кIоштачу полисхойн декъехь а латтийна, цул тIаьхьа махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана чуйогIучу "нефтянгй полк" олучу декъе дIавигинера иза. Кхаа дийнахь цигахь лаьцна латтийра цара, ткъа Марсхьокху-беттан 7-чу дийнахь тIекхайкхира цуьнан гергарнаш.
"Суна моьттура, Мовсар цIа воуьйтур ву, дIакхечира тхо цига. Кабинет чохь иттех полисхо а ву, къамел дийриг доккхачу декъанна, "Джабраил" цIе ерг вара. Папка гайти суна - хьан кIентан гIуллакхан матераилаш ю хIорш, аьлла. "Джабраила" боху Кадыровна дуьхьал сан кIанта интернетехь йозанаш дина, амма Рамзана цунна гечдина, хIунда аьлча, ГIурбан деза денош хиларна. Амма кIант дIа ца хийцира. ТIаккха "Джабраила" Кадыровн омра дохийна хуьлу-кх?", - бохуш, дуьйцу Мовсаран нанас Асета.
ТIаккха элира гергарчаьрга, Мовсар цхьана "спецопераци" вуьгуш ву Дагестане йа ГIалгIайчу – цигахь лаца лезаш ду цхьа ши "шайтIа" аьлла. Ницкъахоша бахарехь, церан къамелна тIетовжу Мовсаран гергара нах, кIентан декхар дара полисхошна церан шеконашкахь болу нах лоьцуш гIодар. ТIаккха дIахоьцур ву аьллера цара, амма шаьш бохург ца дахь – 15-20 шо хан тухур ю набахтехь яккха аьлла.
"Сан ворхIе да а ца лелла мотт бетташ, ас полисхошка иштта дIа а элира, сан кIантах шуна накъост хир вац", - дуьйцу Умарова Асета.
Масех минотана кIант ган бакъо еллла хиллера нанна: "Тхаьшиъ цхьана чохь дитира тхойша. Маж яьлла вара Мовсар - кхо кIира а хиллера цо иза яшанза. Суна ца магийра, маж йожу гIирс цуьнга дIакховдо а. Ас хаьттира Мовсаре, цара лаца хьийзош волу шиъ хьуна вевзаш вуй аьлла. Цунна вевзаш ца хиллера и шиъ. Ас боху: "Мовсар, сан хьомениг, оцу кIентийн а бу хьуна наной, хьо а санна, уьш а лаца гIерта хIорш. Кхарна хьалха гора ца хIуттуш, валар тоьлу хьуна, кIант. Делера ял хир ю хьуна, амма нахана мотт ма бетталахь. Нагахь санна, хьо цара цхьанхьа вуьгуш хилахь, вада, амма адамна тешнабехк ма белахь. Сий хир ду хьан а, хьан гергарчийн а. Ас иштта элира цуьнга. Нагахь, цара иза вехь а, ас дозалла дийр ду цуьнан иштта валарх".
Цхьа хан яьлча Умаровга телефон еллера, шаьш лаца Iалашо кхобурш цуьнга Iехийна, гучубахийта. Марсхьокху-беттан 11-чу дийнахь шен нене а, зудчуьнга а телефон тоьхча, дийцинера цо цунах лаьцна. Мовсарна юург кховдо лууш хиллера и шиъ, амма кIанта жоп делла хиллера, цхьа ши сахьт даьлча ша цIа воуьйтур волуш ву аьлла. Кхин а цхьа сахьт даьлча хIусамнананс шега телефон тоьхча цо жап делла хиллера, цхьана Руслана къамел дина шеца, цо кеста дIахоьцур ву аьлла ша. Ленинскан кIоштарчу полицин декъера машен схьаяло вахана иза – Умаровн машен Мангал-беттан 18-чуьра схьа Марсхьокхе-беттан 11-чу дийне кхаччалц полисхойн декъехь дIахIоттийна яра.
"Суьйранна исс сахьт долучу заманчохь Мовсаран зуда цуьнга юха а телефон тоха гIоьртира, амма жоп ца луш, хаам кхечира "Со цкъачунна мукъа вац" аьлла. 100 процентна бакъ дац, и смс цо яийтина бохург. Юх-юха а телефон еттара оха, амма дIаяйъинера иза. 20:49 хан яьллачу заманчохь тIаьххьара хаам кхечира цуьнгара: "Со цхьанца вовшахкхетта Iаш ву" аьлла. Цул тIаьхьа кхин цуьнгара хилла хаам бац", - дагалоьцу Умарова Асета.
Марсхьокху-беттан 18-чохь Асет а, кхин а Мовсаран цIийнах болу нах а юха а тIекхайкхира, амма хIинца - Ленинскан кIоштарчу полицин декъе.
Цигахь хилла полисхойн хьаькам Сайдхасанов Беслан а, "Джабраил" цIе ерг а цхьана. Цара дийцинера, шаьш Мовсар ГIалгIайчу вигинера, шайн шеконашкахь болчу нахаца цхьанакхета, ткъа иза маьждигна тIехьашхула ведда, аьлла. Оцу юкъанна, цара ца дуьйцу, муьлхачу эвлахь хилла ю инцидент.
"Со ца теша, иза ведда бохучух. Сан елар иккхира, цаьргара и хезча: "Муха ведда? Кабинетчуьра моза а кIелхьар бера ма бац шух" аьлла", - дуьйцу нанас.
Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралле а, прокуратуре а, Талламан комитете а кехаташ дахьийтира Кавказ.Реалиино, амма цхьана а структурано дуьхьал жоп ца даийтира. Республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-секретаро Дениев Мохьмада масех деношкахь телефон дIаеттарх, схьа ца ийцира.
Къилбаседа Кавказерчу бакъоларъяран "Iазапашна дуьхьало латточу Комитетан" филиалан куьйгалхочунна Пискунов Дмитрийна хетарехь, Умаровца Iоттаделларг цхьа тамашен хIума ду.
"Гергарчарна хууш ду, бакъо йоцуш лаьцнашшехь, шайн стаг волу меттиг. Официалехь ницкъахой дуьхьал бу цунна мукIарло дан. Ткъа кхузахь, хIинца Росгвардина юкъа йогIучу, "нефтяной полкан" декъа тIера цIеххьашха стаг вайна. Цигара стагга а водийла дац. Цундела, ала хала делахь а, иза дийна хир вац аьлла, ойла хуьлу. Цхьа хан яьлча, оха бинчу тIеIаткъамца, Мовсаран хьокъехь бехкзуламан гIуллакх схьаделла там бу. Иштаниг хуьлуш ду", - боху Кавказ.Реалиига Пискуновс. Цхьана агIор цунах пайдаэцархьама, полисхоша билггал ГIалгIайчу вигина хила трало Умаров боху юристо.
Нохчийн оппозицин IАДАТ телеграм-каналан жигархойн информацица, ша лачкъийна вигале хьалха Умаровс интернете видео яьккхинера, ресторанан корах арахьожуш ша яьккхина. Цу ролика тIехь Соьлж-ГIалин проспектехь тӀетаттаеллачу машенийн раьгIнаш ю гуш: некъ къевлина бу, Кадыров Рамзан вогIуш, хIоттийна барам хиларна аьлла, кхетийна цу суртах.
Меттигерчу Iедалхошна критика йо цо аьлла, Умаровн белхан накъоста дIахьедичхьана, цунна тIехь латтош терго хиллера аьлла, дийцина IАДАТАН хьосташа. Иза дIавуьгучу дийнахь дIаяьхьна Мовсаран телефон а, йигина цуьнан машен а.
Телеграм-канало дIахьедарехь, "нефтяной полкан" декъа тIехь ницкъбина Умаровна. Ткъа цуьнан гергарчарна кхерамаш тийсина, бакъоларъярхошка довлахь - могуьйтур дац аьлла.
Оцу юкъанна, лачкъийна вигинчун гергарчарна сурта тIехь вевзина "Джабраил" цIе йолу полисхо. Жигархошкахь болчу хаамашца, иза ву Умаров лачкъош цхьана хилларг. Цуьнан сурт кест-кеста зорбане доккху инстаграм-каналехь Байтуев Мохьмада magabait аьллачу никца. Тарло, и аккаунт Умаров Мовсар лачкъийначун хила а.