Францерчу а, Оьрсийчуьрчу а дуьненаюкъарчу 12 цхьаьнакхетаралло дIахьедар дина нохчийн мухIажарна Гадаев Мохьмадна депортация ярх а, шена цо кхерамзалла ялар доьххушехь, иза Нохчийчоьнан полицин караваларх а лаьцна.
Бакъоларъярхоша билгалдоккху Францин Iедало "адамийн бакъонаш хьошур йолчу пачхьалкхе милла а, муьлххачу а хьелашкахь дIавалар доьхку" массо а дуьненаюкъара бакъонаш а, конвенцеш а талхийна хилар.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчу дIавигна Гадаев гойтуш видео араяьлла. Гергарнаш ца теша цуьнгара хьал вон дац бохучухФранцин кхело Зазадоккху-беттан 10-чохь бина сацам юьстах а буьтуш, Охан-беттан 9-чу дийнахь депортаци йина Гадаев Охан-беттан 11-чохь, адвоката Цветков Семена бахарехь, лачкъийна ала тарло Новый Уренгойхь вехачу шен ваша волчу вахча, иза Нохчийчоьнан полицин лацар. Оцу факто гойту республикера схьабевллачу наханна Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь кхерамзалла йоцийла.
Францин Iедало и тайпа практика яржийна 2020-чу шарахь Парижна гергахь хьехархо Пати Самюэль вийначул тIаьхьа: нохчо вара зулам шена тIеэцнарг.
Францерчу Iедалх йоцчу, Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхор сацадарехьа йолчу Comité Tchétchénie цхьаьнакхетараллин информацица, 2020-чу шеран Лахьан-баттера кхушеран Охан-батте кхаччалц йолчу хена чохь Францин Iедало Гадаевца цхьаьна депортаци йина Нохчийчуьра схьаваьллачу бархI стаганна. ТIаьххьарчу хенахь депортаци йина кхин а шинна: Садулаев Илесна (Зазадоккху-беттан 12-чохь), Арцуев Лезина (Охан-беттан 5-чохь).
ДIахьедаран авторша Францин Iедале доьху сихха Гадаевна Франце юхавалур волу хьелаш хIиттор, даймахкахь шайна тIехь Iазап латтор дуйла хууш болчу Нохчийчуьра схьабевллачу наханна депорташ яр сацор.
КХИН А ХЬАЖА: Кадыровхоша Новый Уренгойн полицера дIавигина Гадаев Мохьмад. Iедале кхерамзалла ехнера цоДIахьедарна буха куьг яздина цхьаьнакхетараллш ю Amnesty International, "Гражданское содействие", Civil Rights Defenders, "Iазапна дуьхьалояран комитет", Comité Tchétchénie, FIDH (Адамийн бакъонашкахьа йолу дуьненаюкъара федераци), Human Rights Watch, IPHR (Адамийн бакъонашкахула йолу дуьненаюкъара цхьаьнакхетаралла), бакъоларъяран "Мемориал" центр (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" арахьарчу агентийн могIара яьккхина, "Мемориал" реза ца хилла цуьнца. – Ред.), Норвегера ХIельсинкин комитет, OMCT (Iазапна дуьхьаллаьтта дуьненаюкъара комитет ), "Правовая инициатива" цхьаьнакхетаралла.
2010-чу шарахь Оьрсийчуьра дIавахана волу Гадаев хилла Нохчийчуьрчу ницкъхоша "Стаг вадорца", "Даржо еллачу бакъонел соввалар" олучу бехк толлуш айдинчу девне теш санна юкъаозийна. И дов тахана дац теллина даьккхина. Нохчийчохь вадийна, ницкъхойн базехь кхебира хIетахь Гадаев, ша дIахоьццушехь дIавахара Оьрсийчуьра.
- Францехь лецира Гадаев Мохьмад Охан-беттан 8-чохь, иза полице вахча. ХIора денна лелаш вара иза цига, ша депортацех хьалхавоккхуш кхело бина сацам кхочушбеш: адвокато тоьшаллаш далийнера цунна Оьрсийчохь ваха кхераме хилар тIеччIагIдеш.
- Амма кхелан сацам а ца ларбеш, Францино экстрадици йина цунна. Хьалхо ша депортацин лагерехь сацийча, протест кхайкхош, шен гай цистира Гадаевс.
- Москва дIакхачийча, "Шереметьево" аэропортехь ФСБ-н белхахоша сацийна латтийра иза, адвокаташа а, юкъаралхоша а сахьташ дехира иза дIахецаре хьоьжуш.
- Шен ваша вехачу Новый Уренгой дIа а хьажийна, цига дIакхаьчча лаьцна Гадаев.
- Нохчийчохь Охан-беттан I0-чохь Гадаевна дуьхьал бехктакхаман дов гIаттийна низамехь а доцуш герзаш лелорна. Талламан урхаллаша цо герз къайладаьккхина меттиг карийна боху.