ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчу дIавигна Гадаев гойтуш видео араяьлла. Гергарнаш ца теша цуьнгара хьал вон дац бохучух


Телеграмехь видео араяьлла, Францера депортаци йинчул тIаьхьа лаьцна, Нохчийчу дIавигина Гадаев Мохьмад гойтуш. Иза яьккхина, лаьцнарг могуш ву, цунна даймахкахь цхьа а кхерам бац алархьама.

Гойтуш воцчу стага ламеш тIехь йоккху видео, Гадаев шена цIеххьана гина кеп а хIоттош. Диалог иштта ю:

- Мохьмад, хьо вац иза? Хьо вайна, дIавигина, вийна бохуш ма дуьйцу.

- Цкъачунна вайна вац, дийна ву.

- Хаац, хьо кара ца во, вайна, стенгахь ву ца хаьа бохуш ду-кх дуьйцуш. Хьо Гадаев Мохьмад ма ву, вуй? Дийна вуй хьо?

- Ву, дийна ву.

- Хьуна йиттиний, хьийзийний?

- Дика ду дерриг а.

Гадаевна юридикан гIо кховдийначу адвоката Цветков Семена Кавказ,Реалиига дийцира, шена кхаарин дийнахь, Охан-беттан 14-чохь, Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанан кIоштан полицехь иза гина аьлла. Цо бахарехь, дегIа тIехь гуш цхьа а лар ца хилла цунна гIело йина ала. Амма Гадаевс кехат чуделла, шена Цветковгара накъосталла ца оьшу, аьлла.

Бельгехь ехачу Гадаев Мохьмадан зудчунна Гадаева ПетIаматна спектакль ю аьлла хета яьккхина видео: "Гуш ду цуьнгара хьал оцу видеоца, бIаьргаша гойту дерриг а. Иза тхуна вевза Мохьмад вац" – аьлла цо.

Дагадоуьйту лелларг: 2010-чу шарахь Оьрсийчуьра дIавахна Гадаев, хьалхо иза талламчаша тоьшалле озийна хилла стаг лачкъорца доьзна айдинчу гIуллакхехь (и бехктакхаман гIуллакх хIинца а дац теллина даьлла). ХIетахь Гадаев лачкъа а вина, ницкъхойн декъа тIехь латтийна, цигара араваьлча, Европе дIавахна иза.

  • Хьалхо хаам баьржира, Гадаев Нохчийчоьнан Хьалха-Мартанан кIоштан полицехь ву аьлла.
  • Охан-беттан 13-чохь Гадаев ненан цIийнах хьавсина, тхов тIехь карийна боху маса-топ.
  • Охан-беттан 9-чохь Францино депортаци йира Гадаевна. ДIахьажо кечвеш, иза кхебира цигарчу депортацин лагерехь, ша цIа хьажош хиларна протесте а ваьлла, шен гай цистира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG