"Суверенитет йогIу". Польшин премьер-министран дIахьедар Нохчийчоьно тIеэцарх

Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо шога тIеэцна Польшин премьер-министран Моравецкий Матеушан республика хьакъ ю Оьрсийчочьнах "йозуш цахила" аьлла дина дIахьедар. Европан пачхьалкхаш бехкейина цо ши тIом боьдучу заманчохь къобалйазчу Ичкерина гIо ца дарна. Кадыровн лазаме реакци йоьзна ю, Украинаца тIом боьдучу юкъанна Нохчийчоьнан маршонех дуьйцу къамелаш даьржина дела, аьлла хета Кавказ.Реалии сайтаца къамелдинчарна.

Видеокхайкхамехь Кадыровс ша "воккха ичкерихо" вара боху, дIахьедина, къаьсттина Европано дуьхьало йира Нохчийчоь йозуш йоцуш хила луучарна шайн "пачхьалкх кхолла" аьлла. Цул тIаьхьа "ямартхой" бу элира цо хIинца Ичкерин болу агIончаш, Оьрсийчоьнан Украине гIортарх бехказавийла а гIерташ. Иштта Кадыров вистхилла Польшин политикан куьйгалле: "Тхо шуна тIаьхьа догIуш ду" аьлла. Иштта кхайкхамбина цо "горахIотта" аьлла.

"Шу стенгахь дара, оха Ичкеригахьа тIемаш бечу хенахь, суверенитет яккха гIертачу заманчохь? Европан пачхьалкхаша а, царлахь Украино а, тхан агIо стенна ца лецира хIетахь, тахана йоцу пачхьалкх тIелаца гIерта шу?", - дIахьедина Кадыровс шен телеграм-каналехь.

Цунна хетарехь, Оьрсийчоьнах хаьдда йахалур йац Нохчийчоь, хIунда аьлча, суверенитет лахь мехкан ницкъ тоьар бац цхьа миллион ахмиллион бахархошна "йаа а, тIедуха а" латтон.

Нохчийн халкъана суверенитет оьшуш цахиларх аргумент йалийна Кадыровс, 2003-чу шеран зазадокху-баттахь Нохчийчохь дIайаьхьна бохучу референдуман жамIаш, - и референдум хIоттийра бозуш боцу тергамчаш цхьаьна в боцуш, ткъа 96 процент бахархой Оьрсийчоьнца хила лууш бу элира.

Ша Кадыров шен деца Кадыров Ахьмадца Нохчийчохь хьалхара тIом болуш Ичкерин сепаратистийн агIор вара. ШолгIа тIом болалуш 1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан Iедалхойн позици лецира цу шиммо маса.

КХИН А ХЬАЖА: Деколонизацин перспективаш а, постОьрсийчоь а: Кавказан къаьмнийн векалш Европарламентера форумехь

Оьрсийчоьне Польшин кхайкхам

Нохчийчоьнан статусах лаьцна шена хетарг францхойн кабелан LCI телеканале хаийтина Польшин премьер-министро. Моравецкий Матеуша билгалдаьккхина, шена хетарехь, "Оьрсийчоь къаьмнийн набахте" ю аьлла. Масал даладе аьлла, дехар дича, полшхойн политико Нохчийчоьнан цIе йаьккхина.

"Цара [нохчаша] майра бIешерашкахь тIемаш бина… Масех иттаннашкахь шерашкахь цигахь дуккха а хIума хIаллакдина, дуккха а тIеман зуламаш лелийна, цундела, суна хетарехь, Нохчийчоьнна суверенитет хьакъ ю", - билгалдаьккхина цо.

Европехь а, США-хь а тIаьхьарчу ткъе итт шарахь и хеттарш дийцаредина дац

Оцу тIегIанехь дIахьедар дуьххьара хезна ду тIаьххьарчу ткъа шерачохь. Кхул хьалха, масала Нохчийчоьнан суверенитетах хаттар хьахийра 1992-чу шарахь эмиграци йинчу Гуьржийчоьнан Iедало. Пачхьалкхан президенто Гамсахурдиа Звияда а, Гуьржийчоьнан парламенто а тIеийцира Ичкерин суверенитет – уьш массо а оцу заманчохь Нохчийчохь бара даймахкахь Iедалан карчам хиларна. Амма оцу хеначохь гуьржийчоьнан президент Шеварнадзе Эдуард ву аьлла дуьнено къобалвира.

2000-чу шарахь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьнах йозуш йоцуш лерира овхIанхойн тIалибийн (цхьа могIа пачхьалкхашкахь церан болам террорхойн лору.- Редакцин билгалдаккхар.) лакхарчу лидеро Омар Молла Мухьаммада. 2022-чу шеран гIадужу-беттан 18-чохь Украинерчу Радин кхеташонехь халкъан депутаташа Ичкери Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина мохк бу аьлла тIелецира, йемалйира "нохчийн къомана тIехь йина геноцид".

Нохчийчоь маьрша пачхьалкх хила мега аьлла Польшин премьер-министро къадийнарг цуьнан шен ойла йац, церан пачхьалкхан бахархойн позици ю аьлла, тешна ву украинхойн Радин "Халкъан йалхо" партин депутат Дунда Олег.

"И къамелаш Украинехь долийна ду, цул тIаьхьа Польшин дIахьедарехь, суна хаьа, изза лууш Балтин пачхьалкхаш а юйла. Цул совнах, форумехь ["Оьрсийчоьнан маьршачу къаьмнийн"] Нохчийчухула и аьзнаш хезна ца Iаш, кхечу регионашкахула а схьахеза. Европехь а, США-хь а тIаьхьарчу ткъе итт шарахь и хеттарш дийцаредина дац", - билгалдаьккхира Дундас.

Ичкерихой жигарабовлар

Украинерчу тIамехь Оьрсийчоь оьшуш хиларан процесс хIуъа дарх а сацалур йац

Украинан парламентехь кхоьллина, болх беш ю Къилбаседа Кавказехула долчу хеттаршкахула ши тоба - "Маьршачу Кавказехьа" а, "Маьрша Ичкери" а. Оцу вовшахтохараллийн цIарах нохчийн политикаша, Нохчийчоьнан маршонан агIончаша Сулейманов Джамбулата а, Масхадов Анзора а дакъалецира тергамчаш санна Европан Кхеташонан парламентан ассамдейн (ПАСЕ) гуламехь. Оцу юкъанна Ичкерин векалш тIаьххьарчу шерашкахь ассамблей кхойкхуш бацара.

Дечкен-беттан юьххьехь Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад цхьаьнакхийтира Польшин Сейм-н вице-спикерца Гошевская Малгожатойца. Цхьанакхетарехь дийцаредира ЧРИ-н суверенитетан сацам тIеэца кехаташ кечдарх лаьцна – Украинехь тIеэцначу сацамца а догIуш.

КХИН А ХЬАЖА: Украинера тIом Нохчийчохь болабелла?

2008-чу шеран охан-баттахь Литвара Sajudis паргӀатдаккхаран боламо Ичкерин арахьарчу политикийн инициативаца кехат дахьийтира пачхьалкхан Iедалхошка, республикан суверенитет тIеэцар доьхуш.

Польшин премьер-министран дIахьедар – доллу дуьненчохь Оьрсийчоьне хилла дог-ойла хийцайаларн гайтам бу, билгалдаьккхира Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь юкъараллин гIуллакхдархочо, Ичкерин политико Солтыханов Iелим-Пашас.

"Оцу кепара дIахьедарш кхечу Малхбузенан политикашкара хир дуй-те? Хир ду. Украинерчу тIамехь Оьрсийчоь оьшуш хиларан процесс хIуъа дарх а сацалур йац", - дIахьедира Солтыхановс.

Нохчийчоьнан республика Оьрсийчоьнан Федерацин дакъа а, "чоьхьара гIуллакх" а хетара, ткъа хIинца гуш ду "Оьрсийчоьнан эволюцех Малхбузенан политикан иллюзиш" харц хиллий, аьлла хета Карловн университетера юкъараллин Iилманийн политологин факультетан профессорна Аслан Эмильна.

"Оцу Къилбаседа Кавказан республике гIортар, мел чоIгIа цIий Iанош хиллехь а, юридикан агIор дустийла йац Оьрсийчоьно Украинехь дечуьнца". Цул совнах, Украина герга ю Европана географица аьлча, стратегихь аьлча, иза коьрта а ю, ткъа таханалера тIеман конфликт Оьрсийчоьнан а, Малхбузенан а юкъаметтигаш гуттар а телхина йогIучу юккъехула хилла ю", - дIахьедира къамелдечо.

  • Украинера Нохчийн Ичкерия республикан консулна Шулипа Юрийна хетарехь, Украинан Лакхарчу Радехь тIеэцна, Ичкерина оккупаци йина хилар тIечIагIдечу документо, юридикан трансмисси юккъехула кълбалйо ханна Нохчийн Ичкерия республикан суверенитет йайна хилар.
  • 1997-чу шеран стигалкъекъа-беттан 2-чохь президеташа Ельцин Бориса а, Масхадов Аслана а куйгаш йаздира Оьрсийчоьнан Федерацина а, Нохчийн Ичкерия республикана а юкъахь машар, юкъаметтигийн принципаш хилар тIечIагIдечу Бертана. И бохург дара, Кремло де-юре регионан суверенитет къобалйар. "Муьлхха а къовсаме хаттар дийцаредечу хенахь кхерамаш ца туьйсуш, тIехь ницкъ ца беш" листа чIагIо йинера шина агIоно оцу бертаца. Ши шо даьлча бохийра барт, Оьрсийчоьнавн эскарш мехкан дозанаш тIе а даьхкина, республика шайн контроле йерзийча.