"Лараман лакхенехь"? Мила ву Барахоев Бекхан, кадыровхошца Wildberries-на тIехула девно стенга кхачор ву иза

Барахоев Бекхан

Оьрсийчохь уггаре а йоккхачу Wildberries маркетплейсна гонаха хиллачу девнехь дакъалоцуш вара ГӀалгӀайчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думера депутат, миллионер Барахоев Бекхан. Цу компанин Москварчу офисехь герз диттина байинчу махкахойн тезетахь хилира иза. Цигахь цо тӀечӀагӀдира Вайлдберис маркетплейсан арахьарчу рекламан операторца Russ цхьаьнакхетар "лакхарчу тӀегӀанехь" къобалдина хилар. Иштта шен а нохчийн депутатца Делимханов Адамца цу хьокъехь дов даьлла хилар а. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу гӀалгӀайн совдегарх а, низамаш дохучух а лаьцна хууш дерг.

Барахоевн 51 шо ду, Наьсарахь вина, цигахь школехь дешна а ву иза; 1994-чу шарахь, шен официалан биографехь йаздина ма-хиллара, цо чекхйаьккхира Соьлж-ГӀалара Нохчийн пачхьалкхан университет, бухгалтеран чот, юьртабахамехь Iуналла, а таллам а Iамош. Цул тӀаьхьа цо цхьа шина шарахь Наьсарара бепиг дечу заводехь болх бира, цигара иза ГӀалгӀайчоьнан хьалхара президентан Аушев Русланан "Iуналле" вахара: йуьхьанца Барахоев цуьнан администрацин гӀоьналлин декъан куьгалхо вара, цул тӀаьхьа экономикан гӀуллакхашкахула гӀоьнча-хьехамча хIоьттира.

Дукха хан йоццуш бепиг дечу заводан директор хиллачу цуьнга, муьлха говзаллаш бахьана долуш кхаьчнера и дарж а, "Бакъволу пачхьалкхан ГIалгIайчоьнан республикехь хьехамча " статус а, цуьнан биографи тIехь дуьйцуш дац. Хетарехь, цуьнан Аушевца йолу зӀенаш бахьана долуш: 2001-гӀа шо чекхдолуш Аушев даржера дӀаваьлча, Барахоев шен хьаькамна тӀаьххье дIавахара, СНГ-хь интернационалистийн эскархойн гӀуллакхашкахула йолчу комитетехь цуьнан гӀоьнча хIоьттира Барахоев Бекхан.

2004–2011-чу шерашкахь Пачхьалкхан Думан депутатан гӀоьнчан болх бира хинволчу парламентан декъашхочо: цкъа хьалха Востротин Валерийн, цул тӀаьхьа Кобзон Иосифан гIоьнча. Цуьнца цхьаьна бизнес лелош вара иза. "СПАРК" системехь а, "Цхьааллийн Оьрсийчоь" сайта тIехь йазийна йу Барахоев Бекханца йоьзна масех коммерцин структура йу аьлла.

Муьлхха а хьаькам республикехь ахча лачъкориг санна лору .

2004-чу шарахь иза хIоьттира пачхьалкхашна йукъарчу ассоциацин "Легион" акционерех цхьаъ, Аушев Тимурца а, Барахоев Баширца а цхьаьна. Компанин болх шуьйра бара: йагориг а, йалта а дохкарна тӀера, гӀишлошъйар а, медицинан материалаш а арахецарна тӀекхаччалц. Барахоев Бекхан бизнес лело волавелира МирзоянгIеран вежаршца Леванца а, Робертца а. Хаамийн гӀирсаша дийцарехь, церан интересашца дакъош деш ду Вайлдберисан маркетплейсах. Барахоев Бекхан 2008-гӀа шарахь - МирзоянгIаьрца цхьаьна рекламан компанин Oil Media ("Oil Media") акционераш хилира.

Мел лаххара а 2011-чу шарахь дуьйна Барахоев Мирзоянца йоьзна йолчу компанешкахь мехала даржашкахь ву, ткъа 2019-чу шарахь РБК-но цу кхааннах а "бакъболу эцархой" аьллера, ах гергга арахьарчу рекламан Russ Outdoor акцин, тӀаьхьо Russ аьлла цӀе хийцира компанино. Эцаран барам 4,4 миллиард сом бара.

Ма-хаъара, и барт хилале жимма хьалха хаам баьржира, Дагестанера Федерацин Кхеташонан декъашхо, миллиардер Керимов Сулейман цуьнца Iалашо йолуш ву аьлла. ХӀинца цуьнах а, ГӀалгӀайчуьра депутатах а "Русс" а, Вайлдберрис маркетплейсан цхьаьнатохаран "долахой" олу. Ший а, шайн даржашка хьаьжжина, бизнес лело йиш йолуш вац, амма "Барахоевс кхидӀа а формалан доцуш Ӏуналла до Русс компанин белхан. ХӀинца а цуьнан долахошка Мирзоян Робертца а, Леванца а уьйр йолуш ву Барахоев Бекхан. Оццу хенахь де-факто царна букъа тӀехьа ву Керимов Сулейман," дуьйцу коррупцица къийсам латточу говзанчо Шуманов Ильяс.

"Барахоевх лаьцна хууш ду, иза гӀалгӀайн хьал долу нехан гуона йукъехь хилар, ша Русс компани рекламаца болх бина ца Ӏаш, эцаран рынкехь а дика жигара болх беш йу, къаьсттина, "Цхьаалийн Оьрсийчоь" тобано реклама йан, омра дина хилар цуьнгахула ", билгалдаьккхира эксперто Кавказ.Реалии сайтана йеллачу комментарехь.

2022-чу шарахь Пачхьалкхан Думехь дийцаре деш дара терахьийн рекламан а, рекламан структурийн а йерриг а рынок цхьана операторе дӀалуш долу низам. Цуьнца цхьана оцу хенахь йогӀуш – хетарехь Russ Outdoor бен йацара. И низам довзийтинчу "Цхьааллийн Оьрсийчоь" декъашхочо Кирьянов Артем тIетоьвжира "къоман интересаш ларъярна. Барахоев Бекхана низаман проект кечъеш дакъалацарх лаьцна хууш дац. Товбеца-баттахь низам хьалхарчу йешарехь тӀеийцира, амма лахьан-баттахь иза цхьана озаца йухатоьхна.

Ткъа Вайлдберрис-ца бинчу бертах дерг аьлча, депутато иза дукха хан йоцуш бен нахана хьалха дийцаре а ца дира. Хьал хийцаделира нийсса гезгамашан-беттан 18-чохь Москварчу офисехь, ГӀалгӀайчуьра ши кхерамазаллин белхахо а вуьш, герз диттинчул тӀаьхьа. Цул тӀаьхьа масех де даьлча Кадыров Рамзана шеггара Бакальчук Владиславна гӀо дарна жоьпаллехь хӀоттийначу нохчийн депутата Делимханов Адама тӀечӀагӀдира ша хьалхо Барахоев Бекханца дагадовларш дина хилар, цо Барахоев жоьпалле озийра гӀишло ларъеш хилла нах байарна.

Бакальчука дӀахьедира: "Цара кечам бинера со вен, цул тӀаьхьа, цхьа бохам хилча санна кеп хIоттон дагахь бара. Со а, сан белхахой а, хадархой а бехке бан лууш бара уьш. И тоба ГIалгIайчуьра Ӏедалан лакхарчу даржехь волу политико ахча а луш, лелош йара."

Депутатан жоп дала дийзира. КӀира даьлча, байинчу махкахойн тезетахь цо элира, маркетплейсан офисехь "вайн 6 кӀант вара, царех цхьаннан а карахь герз дацара. Уьш балха баьхкина, шайн декхарш кхочушдеш бара. Цхьа а вацара тӀом бан гIерташ".

Цуьнца цхьаьна Барахоевс тӀечӀагӀдира, Русс а, Вайлдберрис а цхьаьнатохар "Кремлан лакхарчу тӀегӀанехь барт бина хилар". 2024-чу шеран мангал-баттахь дуьйна хууш ма-хиллара, президенто Путин Владимира шен администрацин куьйгалхочун гӀовсана Орешкин Максимна тӀедиллина хиллера цу гIулкхана тӀехь терго латтор; Ши компани цхьаьнатохарца доьзна иштта хьахийнера администрацин куьйгалхо Вайно Антон а. Амма Нохчийн куьйгалхо девна юкъагӀоьртинчул тӀаьхьа, Кремлехь сихбелира, "и гIуллакх шайн Iуналлехь дац" аьлла, дӀакхайкхо.

"Цуьнан ахча ду - иза ду и дерриг а"

2021-чу шарахь шен мандат каракхачале Барахоев кӀезиг вевзаш вара. Социалан машанашкахь аккаунташ кхоьллина цо ша депутат харжале. "Сан дуккха а гергарчарна со дика вевзаш ву, амма, схьагарехь, кхечарна а дIахаийта оьшу, шаьш хьаьнца гӀуллакх лелош ду", - бохуш, кхетийра хӀетахь бизнесхочо.

Шен пиар-кампанехь цо жигара пайдаийцира административан ресурсех: ветеранашца цхьаьнакхетарш а дора, "Цхьааллийн Оьрсийчоь" съездашкахь дакъалоцура, Путинан политикана гӀортор йеш къамелаш дора, камерашна хьалха школаш а, берийн бошмаш а схьайоьллура, ГӀалгӀайчоьнан куьйгалхочуьнца Калиматов Махьмуд- Ӏелица цхьана а хуьлура массо а меттехь аьлча санна.

Республикехь харжамаш боьлхучу муьрехь, низамаш дохош хиларх лаьцна хаамаш баьржира. Коьртачу декъана болх беш йоцу видеокамераш бахьана долуш, бозбуунчаллаш лелор аттачу доккхуш. Оцу деношкахь Барахоевс дийцира, ша харжамийн дакъошка а воьдуш, харжамашна тӀехь терго латтайора, ткъа ша толам баьккхинчул тӀаьхьа цо элира: "Ас баркалла боху массарна а, вовшахтохархошна а, иштта цу гӀуллакхна йукъахь мел кхеттачарна а, жоьпаллехь болчарна а!"

Харжамаш хила масех де дисча, ницкъаллин структурашца хетарехь уьйр йолчу ВЧК-ОГПУ телеграм-канало йаздора, Барахоев Бекхана шен мандатех пхи миллион доллар ахча делла, иза цо декхаре эцна "эрмалойн диаспорера, шен Москварчу накъосташкара , схьагарехь "и дIадала дика болх бан дезар ду цуьнан". Дуьйцарг тӀечӀагӀдеш кхи хӀумма а дацара.

Украинехь тIом болабелча, Барахоевс гӀортор йира цунна, цул тӀаьхьа иза масийттазза хилира дӀалаьцначу меттигашкахь, и бахьана долуш цунна дуьхьал дуьненаюкъара санкцеш йехийра.

2022-чу шеран оханан-баттахь Пачхьалкхан Думо тӀаьххьара зорбане йаьхна низамаш даьхначера декларацеш. Оцу хаамашца, Барахоев Бекханана 2021-чу шарахь 68 миллион сов ахчан тIедогIург хилла; и ахчанаш мичара схьадогӀу - хууш дац. Депутатан хӀусамнанас оццу муьрехь 21 миллион гергга ахча даьккхина. Шиннан а долахь йеза "Мерседес" машененаш йара, 262 кв.метр йоккха петар чохь пхеа бераца Iаш бара уьш.

Пачхьалкхан Думехь ГӀалгӀайчуьра депутат ву Кхерамазаллин а, коррупцина дуьхьалойаран комитетан декъашхо (оцу декъан куьйгалхочун хьалхара гӀовс ву лакхахь хьахийна Делимханов Адам. Барахоевн низамаш кхоллар коьртачу декъана лелаш болчу барамашца хийцамаш бан кечам барна тӀехь ду, амма 2023-чу шеран гIуран-баттахь иза а дӀакхийтира "Цхьаалийн Оьрсийчоь" коьрта Кхеташоне.

Шен социалан машанашкахь парламентан депутато жигара дуьйцу Пачхьалкхан Думан болх а, махкахошна гIо дар а, дукхахьолахь Украине тӀаме хьажийначу нехан доьзалшна гӀо дарх лаьцна а. Шаьш ГӀалгӀайчоьнан бахархошна хетарш тайп-тайпана ду депутато кӀоштан дахарехь дакъалацарх лаьцна.

Кадыров вукху агӀонан векал хилар бахьана, цунна дуьхьал а хиттина Барахоевн агIо лаьцна наха.

Республикерчу Кавказ.Реалиин редакцин хьостанех цхьаммо, гезгмашан-беттан 18-чохь Вайлдберрисехь байинчеран уллера доттагӀчо дуьйцу: "Вайн хьал долу Москвахь беха таро йолу нах пӀелгашца багарбан йиш йу, уьш массарна а бевза. Барахоев, политик хилале а, жигара гӀо деш вара шен тейпана а, юьртана а. Суна а девза цуьнан гӀуллакхаш, цо дарба дан ахча делла а, йа халачу хьолехь гӀо дина а меттигаш. ХӀинца, депутат санна, цунна дуккха а алсам хаьа нехан баланх лаьцна, кхин а алсам гӀо до цо".

Къамел динчу стага дийцарехь, Барахоев хӀинца "лараман лакхенехь" ву, хӀунда аьлча "иза тӀеӀаткъамах кхера ца велла", зен хиллачу нехан доьзалшна ахчанца гӀо дина: "ахчанаш вуно даккхий дара, нисса ах деллехь а, цхьанна а халалахетар дацара".

Оьрсийчоьнан Федерацехь хьийзор бахьана долуш, дозанал арахьа волчу нохчийн-гӀалгӀайн орамаш долчу жигархочо Белокиев Ислама кхечу кепара мах хадабо Барахоевн дакъалацаран. МогӀарера Оьрсийчоьнан хьаькам ву боху Барахоев, республикера бахархойн цуьнга хьаьжжина, хакъ долуш ларам бу, бохуш дуьйцу хIуммаъ вац иза.

къамелхочо,

"МогӀарерчу нахана юкъахь цхьа а вац иза, цуьнан ахча ду, иза Пачхьалкхан Думан депутат ву, цундела меттигера хьаькамаш могӀаре хIуьттар бу, цуьнгара тергоне сатуьйсуш. Иза везарна йа ларамна дац, амма цуьнан ахча хилар бахьанехь ду",- боху Белокиевс.

Иштта ойла йолуш ву ГӀалгӀайн маршонан Комитет кхоьллина Картоев Анзор, иштта Ансар ГӀаркхо цIарца вевзаш ву иза: "Республикехь муьлхха а хьаькам хьарамлонаш лелош верг санна лоруш ву, хазна тӀе кхаьчча, шена йолург схьаяккха гӀерташ, церан цхьа а зӀе йац юкъараллаца".

Барахоев, къамелхочунна хетарехь, уггаре а хьалха шен тайпанан интересашца лелаш ву, политике вахана хила мегаш ву оцу бахьанца.

"ГӀалгӀайчохь, хьан ахча делахь а, дуккха а неӀарш дӀакъевлина йу, республикан чоьхьара гӀуллакх дӀадерзорхьама, кхечарна хьалха хьийза декхаре ву хьо. ХӀунда хьийза, нагахь санна, хьайн доьзалера цхьаъ оцу къизачу системе "хIоттийна", цуьнах пайда схьаэца йиш хилча?" – бохуш, кхетадо Картоевс.

Барахоев Бекхан цхьаъ хилла ца Iа шен доьзалехь гӀараваьлла векал. 2021-чу шарахь ГӀалгӀайчохь Нохчийчоьнца латтанашца бина барт бахьанехь массо а агӀор дуьхьалонан акцешкахь хьалхаваьллачу къаночунна Барахоев Ахьмадана 9 шо хан туьйхира. Кавказ.Реалии сайтан республикера хьостанийн аьтто ца баьлла цуьнан депутатца хIун гергарлолан юкъаметтигаш йу билггалдаккха, амма тӀечӀагӀдо: Бекхан а, къано а цхьана доьзалера ву.

2018-2019-чу шерашкахь Магасехь дуьхьалонан акцеш йоьдучу хенахь Барахоев Бекхан Москвахь бизнес лелош вара, цӀахь политикан хаттаршна юкъагӀерташ вацара иза. ХӀинца цо ГӀалгӀайчоьнан дахарехь парламентехь дакъалацар шен Iалашонаш йолуш ду, боху цу регионера кхечу редакцин къамелхочо, кхерамазаллин бахьанашца цуьнан цӀе ца йоккху: "Системин декъашхо а, Кремлан протеже хиларе терра, иза жигаралла лело йезаш ву - тӀеман декъашхошна а, церан доьзалшна а гӀо дар хӀинца хьаькамашна тӀехь декхар ду. Аьлча а, даггара Iалашо йац иза, церан декхар ду.

КХИН А ХЬАЖА: "Цхьа кIорггерчу комехь болуш санна": ГIалгIайчуьра протесташа мохк муха хийцира

Хьостано дийцарехь, Барахоев депутат бизнесан интересаш лелош ву, цунна ца оьшура Вайлдберисан гонах гIовгIа йалар. Цуьнца цхьаьна конфликтан бохаме кхиаро чӀагӀйира цуьнан даймахкахь йолу позици: цхьана агӀор, меттигерчу бахархоша дийцарехь, иза "нийсонан агӀор ву", вукху агӀор, Нохчийчоьнан куьйгалхошна дуьхьал хаддаза дӀахьош долу резадацарш латтанийн бартах бахьана.

Цундела, мукӀарло до къамелхочо, Барахоев кхидӀа а Кадыровн нахаца бизнес-девнашкахь дакъалаца йиш йу, Кремль цу гӀуллакхна юкъагӀорталц.

Хьан ала мегар ду Путинна «хӀан-хӀа»? Барахоев йуххехь ца лаьттина

"Хьал долуш стаг ву иза, цхьана бахьаница депутат хIоьттина, иза кийча вац дерриг а дӀатаса. Амма, нагахь санна, девнехь дакъалоцуш велахь регионан куьйгалхо а, Пачхьалкхан Думан ши депутат а, сенатор а, президентан администрацин куьйгалхо а, хьан…бийр бу сацам? Президенто бийр бу. Хьан эр ду Путине хIан-хIа"? Барахоев вац и ала хьакъ долуш. Кадыров а, йа Керимов а вац. Цара Кремлехь сацам ма-барра, хир ду. Цара эр ду: "Шу шаьш бехке ду. Шу бахьана долуш йаьлла гӀовгӀа йу. Оха сацам ма-барра дан дезар ду шун", - аьлла хета хьостанна.

Белокиев Ислам цхьана декъехь реза ву, Барахоев Кадыровн дуьхьал лаьттинчул тӀаьхьа, цуьнан ГӀалгӀайчохь ларам алсам баьлла бохучух. Жигархочо дийцарехь, республикехь хӀинца кечъеш йу депутатана гӀортор йеш пиар-акци: цуьнан агӀончаш дагахь бу, боху, тайп-тайпанчу тейпийн а, динан дайн а векалш гулбан, цара депутатан "къинхетам а, эхь-бехк а" тӀечӀагӀдархьама.

"Кадыров вукху агӀонан векал хиларе терра, цунна дуьхьал нах Барахоев ларван буьйлабелира, - боху жигархочо, - Амма дукхахберш кхета, Барахоев ша могӀарера хьаькам хиларх а, цуьнан цхьа а политикан ницкъ а, халкъан безам а хир боцийла, нагахь санна, и хаттар Кадыров воцчу кхечу стагах хьакхалуш делахь".

  • Гезгамашан-беттан 18-чохь Бакальчукца цхьаьна хиллачарна йукъахь хилла Нохчийчохь прокурор лаьттина Эльмурзаев Анас, хӀинца шех совдегаран адвокат олу цо. "Агенталла" хьостан журналисташна хетарехь, Эльмурзаевс цу конфликтехь дакъалацаро тоьшалла деш хила тарло Кадыров Рамзан Wildberries компанина штурм йан гӀортарца воьзна хилар.
  • Бизнесхочун интересаш "тIаьххьалц" Iалашйийр йу ша баьхначу Нохчийчоьнан урхалхочо тергамза дитина герзаш деттар а, цул тIаьхьа Бакальчук Владислав лацар а. Иштта Соьлжа-ГIалахь комментарий ца йина кадыровхой йукъахь болуш хиллачу инцидентан а, уьш лецарх лаьцна а.
  • Wildberries-хь герзаш деттачу хенахь вийна компанин офисан ши хадархо, и ший а ГIалгIайчуьра вахархо вара; масех эзарнашкахь нах дуьхьалбаьхкинера даймахкара аэропорте церан декъий цIа кхочучу хенахь.