ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цхьа кIорггерчу комехь болуш санна": ГIалгIайчуьра протесташа мохк муха хийцира


Меттигера вахархо ву Магасера митингехь, архивера сурт
Меттигера вахархо ву Магасера митингехь, архивера сурт

ГIалгIайчуьра протесташкахь дакъалаьцна, блогер волчу Нальгиев Исропилна компенсаци йелла Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Регионера бахархошна тIаьхьабуьйлуш, уьш лоьцуш йуьхь йолийна Магасера митинг хилла пхи шо кхечи. Стенна тIера доладелира "гIалгIайн гIуллакх", хIун хилира протестийн декъашхойх, листира Кавказ.Реалиин корреспонденто.

ГIалгIайчохь йолийначу протестийн тIаьхье хилира 2019-чу шеран зазадокху-беттан 26-27-чохь хIоттийначу митингах. Уьш йолийра Нохчийчоьнца "Дозанаш къастош" барт хиллачул тIаьхьа. Регионийн куьйгалхоша Евкуров Юнус-Бека а, Кадыров Рамзана а куьйгашйаздира цунна 2018-чу шеран гезгамашин-беттан 26-чохь.

Бертан гурашкахь, йуьхьанца хаамбарехь, цхьатерра дIасахийцина шина мехкан дозанаш: ГIалгIайчоьнан Сунжа кIоштан дакъа а Нохчийчоьнна кхечира, ткъа ГIалгIайчоьнна оццу барамехь Теркйистан кIоштан дакъа. ХIара историн хилам бу элира Кадыровс а, Евкуровс а, халкъийн йукъаметтигаш кхион "гIо ден". Нохчийчоьнан куьйгалхочун Сунжа кIоштах а, луларчу мехкан Малгобекан кIоштан декъах а претензеш хиларх дIахаийтинера 2012-чу шарахь.

2018-чу шеран бертан кехатна къайлах куьйгашйаздан дагахь хиллера, оцу тIехула ГIалгIайчоьнан бахархойн шеконаш кхоллайелира официалан информацих. Куьйгаш йаздале де хьалха Магасехь протесташ йуьйлайелира. Iедалхоша цунна дуьхьал махка чувуьгу некъаш къевлира, интернет дIайаьккхира.

КIира даьлча, республикин Халкъан гуламан депутаташ декхаре бара барт тIечIагIбан, регионан шахьаре протестан акци бевлира меттигера бахархой. Iедалхоша дIахьедира, дукхахболчара кхаьжнаш делла реза болуш аьлла, делахь а шаьш парламентхоша, протестхошка бистхила тIебахначу, дIахьедира фальсификацех, билгалдоккху бакъоларйаран "Мемориал" центро.

"Адамаш Iадийра цо, майданахь тхайна жоп даллалц протестехь латта сацам бира оха, - дагалоьцу Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь оцу хиламийн декъашхойх хиллачу цхьаммо. – Барт йухабаккхар тIедожийра демонстранташа, къамел дан Евкуров халкъана дуьхьал араваьлча, адамийн жIугана йукъара цхьаммо шиша ластийра цунна тIе. ТIаккха цуьнан хадархоша хIаваэ герзаш детта долийра".

Магасера митинг шина кIиранах гергга латтийра, цхьана ханна вовшахтуьйхира цо хIинццалц девнехь хилла оппозиционераш, билгалдаьккхира жигархочо: "Динан урхалла, йукъараллин организацеш, къаьстина бахархошлахь болчара, уггар коьрта, депутаташ а цхьаьна бара хIетахь Iедална а, церан махинацешна а дуьхьал".

Республикин Конституцин буха тIехь ратификацех низаман талламбар тIедожош гIалгIайн 12 депутат ГIалгIайчоьнан Конституцин кхеле ваьллачул тIаьхьа сацам бира акци сацон, дагалоьцу "Эхо Кавказа" сайтера колонкехь бакъоларйархочо Акиев Тимура.

"ХIара йоллу протесташ хийцайелира йукъараллина гIалгIайн а, нохчийн а Iедалхоша тIеIаткъам беш,- кхин дIа дуьйцу жигархочо. – Республикехь оцу шина кIиранна интернет йерриг а дIайаьккхира, ткъа Кадыровс кхерамаш туьйсура жигархошна, уьш шарIан кхеле а кхуьйкхуш. Республика сийсаш йара".

Йукъардаьлла дакъа

2019-чу шеран бIаьста жимма дIатийна Iийначул тIаьхьа махкара хьал къин тIе а ирчаделира, референдум дIайахьа йеза аьлла Халкъан гуламо низаман проект йукъайаьккхича. Цхьахволчу парламентхочо тIаьхьо дIахьедарца, долчу низамна йукъара "ларамза доьжнера" принципиале цхьа дакъа, цуьнца а догIуш, республикин дозанаш хийцарх хеттарш референдуме даха деза.

ГIалгIайн йукъараллехь йоккха гIовгIа эккхийтира бинчу хийцамаша. ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо тIаьхьо йухакхайкхийра проект, интерес йолчу шина а агIоне ладогIа деза аьлла, кхетош, амма зазадокху-беттан 26-чохь йуха а протестан митинг хIоттийра, цуьнан декъашхоша ханйоцуш дIа а кхайкхош.

Магасера митинг, 2019-гIа шо зазадокху-беттан 27-гIа
Магасера митинг, 2019-гIа шо зазадокху-беттан 27-гIа

"Митингехь тIедожийра мехкан урхалхо дIаваккхар – хIинццалц схьа и хаттар протесташкахь дийцаредина дацара. Суьйранна 6 сахьт даллалц хир йу аьлла митинг, кхин дIа а йахйира, адамаш буса а диссира арахь. Цуьнца цхьаьна Iедалца дийцарш дара дIахьош, митинг дIайахйан бакъо йоьхуш, делахь а протестана легализаци йечу меттана штурм йолийра", - дагалоьцу хIетахьлерачу хиламийн декъашхочо.

Штурм а, репрессеш а

2019-чу шеран зазадокху-беттан 27-чохь полисхоша ницкъ дуьхьал баьккхира митинг дIасайохон, цо демонстранташ вовшах тийсабалийтира.

"Оппозицин лидерш хьийзара нах тебан, уьш шайн-шайн цIа дIасабахийта. Кхузза штурм йан гIоьртира, суна хетарехь, коьртачех дара, гIалгIайн ППС-н белхахой йукъагIортар. Уьш дуьхьал хилира митинг дIайохон, протестхошна а, ницкъахошна йукъахь могIарехь дIахIиттира уьш, цIий ца Iанийта", - дагалоьцу къамелдечо.

Iуьйранна дIасабуьйхира митингхой, ткъа меттигерчу телехьожийлехула къамел дира Евкуров Юнус-Бека, цо тIедожийра шога таIзар дар протестхошна. Митинг вовшахтоьхнарш "схьа а лоьцуш, набахтешка хьийсон беза" элира цо, чIагIо йира мел кIезиг а, административан жоьпалле уьш озон, мел лакхара а – бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал даха.

Цул тIаьхьа кIира даьлча леца болийра гIалгIайн оппозицин лидерш а, акцин жигара декъашхой а, иштта протестхошкахьа хилла Халкъан гуламан депутаташ а цхьаьна. Къилбаседа Кавказан гонашкахула йолчу Талламан комитето бехкзуламан гIуллакхаш айдира Iедалан векалшна дуьхьал ницкъ баккхарна а, экстремистийн йукъаралла вовшахтохарна а, цу йукъахь дакъалацарна а.

Керла куьйгалхо Калиматов Махьмуд-Iела йуьстах велира хаттар листарна

Оцу гIуллакхан гурашкахь, бакъоларйаран "Мемориал" Центран хаамашца, ницкъахоша лецира 50 сов стаг. ТIаьхьо Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовс хIоттийна Евкуров Юнус-Бек дIаваьлча а лецначу жигархойн кхоллам хийца ца белира.

"Евкуров дIаваьллачул тIаьхьа а лийцира нах: цхьахйолу жигархо Саутиева Зарифа а лецира, цкъа а митингехь къамел дина а йоццушехь, меттигерчу хаамийн гIирсан журналист а лецира, митингехь доккха дакъалаьцна хилла "Тайпанийн Кхеташо" а дIайохийра. Керла куьйгалхо Калиматов Махьмуд-Iела йуьстах велира хаттар листарна. Цо а кхетийра, репрессешна директива лаккхара охьайаийтина хиларх", - кхетийра жигархочо.

2020-чу шеран чиллан-беттахь лецначу жигархойн тептар керлачу цIерашца дIадуьзира. Кхин а 10 стаг лецира, уьш бехкебира Iедалан векалшна дуьхьал ницкъ баккхарна. Лахьан-баттахь оццу бахьанашца лецира протестан акцийн кхин а кхо декъашхо: 20 шо долу Оздоев Мохьмад-Башир, гIалгIайн оппозиционер Хазбиев Мохьмад, оццу гIуллакхехула хьалхо таIзар динчу Хамхоевн ваша Хамхоев Iели а.

Кхин а цхьа шо даьлча – 2021-чу шеран чиллан-баттахь – Карабулакера шен чуьра дIавигира чоьхьарчу гIуллакхийн министр лаьттина Погоров Ахьмад: гIалгIайн оппозицин цхьахволчу лидерех вара иза, шина шарахь гергга лехамашкахь латтийнера иза. Иза лаьцначул тIаьхьа экстремистийн тептаре йазвира. Карарчу хенахь лаьцна латтош ву Погоров.

2021-чу шеран гIуран-баттахь Ессентукера хьалхарчу инстанцин кхело бехке лерира ворхI жигархо ницкъахошна дуьхьал тийсавалрна а, экстремистийн тоба вовшахтохарна а, цу йукъахь дакъалацарна а. Кхело царна хенаш йиттира йукъарчу рожера набахтехь такхийта ворхI шарна а, эхашарна тIера исс щаре кхаччалц. Стохка товбеца-баттахь Ставрополь кIоштан кхело апелляцин инстанцихь маьршабаьхначул тIаьхьа а церан маршонна доза тухуш чIагIдира таIзар. Карарчу заманчохь шайна тоьхна хенаш токухш бу уьш Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу набахтешкахь, хаамбо церан адвокаташа.

Лецарш совцийна дац

И хиламаш хилла пхи шо даьлча а жигархошна тIаьхьабевлла лелар сацийна дац. ГIалгIайчуьра "Э" центран белхахоша тIетаьIIина "профилактикан къамелаш" дан тIекхуьйкху йукъараллин жигархой а, политикан тутмакхаш хилларш а, хаамбора чиллан-беттан 21-чохь "Фортанго". Экстремистийн гIуллакхашна йукъахь дакъа ма лаца бохуш, дIахьедарш до цаьрга. Журналистийн хаамашца, уьш тIекхийкхар доьзна хила тарло колонихь Оьрсийчоьнан политик Навальный Алексей валарца.

"Пачъьалкхера хьал чIогIа хийцаделла: хIинца, пхи шо даьллачул тIаьхьа, гIалгIайн санна протесташ хир йара ала хала ду. 2018-чу шарахь Iедал тахана санна къиза дацара, ГIалгIайчохь протестан потенциал дикка лакхара йара", - билгалдоккху редакцица динчу къамелехь махкара йукъараллин гIуллакхдархойх цхьаммо.

Дукхахберш тешна бу, бахархойн протестан альтернатива оцу хьолехь йацара аьлла

"ГIалгIайн гIуллакхехула" таIзар текхначунна хетарехь, регионера протесташа регионалан а, федералан а Iедале болу цатешам кхин тIе а чIагIбира, амма оццу хеначохь цо дикачу агIор Iаткъам бира йукъаралла цхьанатухуш. Адаман кхетаман тIегIа лакхайаьлла, масал хилла "маьршачу хоршахь" шен бакъонаш муха Iалашйан йеза гойтуш, билгалдоккху жигархочо.

"Цкъа а ца хиллачу кепара политикан бахьанашца лелош репрессеш йоллушехь, дукхахболу бахархой тешна бу, бахархойн протестан альтернатива оцу хьолехь йацара аьлла. Оцу мIаьргонашкахь шайн бакъонаш ца къийсахь, тIаккха вай муьш хуьлу?", - кхин дIа дийцира къамелдечо.

Цо бохучунна реза ца хилира "гIалгIайн гIуллакхехула" чекхбевллачех цхьахволу адвокат. Цунна хетарехь, протесташа а, уьш бахьанехь хиллачу репрессеша а дикка "тIекIелйаьккхина" йукъаралла.

"Тахана кIорггерачу комехь бу бахархой. Цхьана ГIалгIайчохь хилла а ца Iа- йоллу пачхьалкхехь а. Федералан Iедало леррина терго латтайо, регионашкара протесташ тайпа хIума ца хилийтархьама. Тешна ву со, терго латтайо Iедалхоша таIзар токхучу жигархошна тIехь а. Уьш дукха тIехдика цигахь лелаш белахь а, хенал а хьалха, хетарехь, ара ца бовлийта тарло уьш", - элира цо.

Украинерчу тIамо цкъа йуьхьанца дегайовхо йелира, Оьрсийчохь дикачу агIор хийцамаш хир бу-кх аьлла, амма схьагарехь, хьал кхин а чIогIа эшна догIу", - дерзийра адвокато.

  • Экстремизмана дуьхьало латточу Центран белхахоша хеттарш дира чиллан-баттахь жигархошка а, политикан тутмакхаш хиллачаьрга а. 2019-чу шарахь Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а йукъара дозанаш хуьйцуш бинчу бертана дуьхьал Магасехь митингаш хIитторна таIзарш текхна болчарна ницкъахойн бIаьрг тIехIоьттинера.
  • Гезгамашин-баттахь Магасехь хиллачу митингехь дакъалаьцна цхьахволу жигархо ша тIеваханера полицина – деа шарахь федералан лехамашкахь хиллера иза. Лаьцнарг бехкево Iедалан векална дуьхьало йарна.
  • Бакъоларйаран "Мемориал" центро политикан тутмакхаш лерира гIалгIайн протестийн лидерш. Европан Кхеташонан парламентан ассамблейно къобалйира Оьрсийчохь политикан бахьанашца нахана тIаьхьабийларх лаьцна рапорт, ишта резолюци а тIеийцира. Цу тIехь Оьрсийчоьнан Iедалхошка кхайкхамбинера политикан тутмакхаш маьршабаха аьлла. Протестан акцешкахь лаьцначу иссанна компенсацеш луш сацамбира ЕСПЧ-кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG