„Украинин цхьаалла Iалашйан цхьа некъ бен бац – Оьрсийчоьнна муьтIахьчу, доккхачу декъехь оьрсийн бехачу кIошташна царна товр болу некъ кховдор бен“, - элира немцойн экономикан министр а, Меркель Ангелин урхаллин вице-премьер а волчу Габриэл Зигмара шен Германерчу "Welt am Sonntag" газетица хиллачу интервьюхь.
„Хаза говза а, хьекъале федерализаци яран концепци кху сохьтехь цигарчу хьолах хьалхавала цхьаъ бен боцу некъ хета суна“, - элира цуо, уггаре а хьалха Украинин Малхбалехь шина агIоно вовшашна герз деттар цхьана ханна мукъане а саца а дина.
Германин куьйгалло Украинехь къепедацарш дуьйладелча дуьйна схьа дипломатийн некъашкахула хьоьгучу къинан коьрта Iалашо – иза Украининий, Оьрсийчоьнний юккъехь бакъ болу тIом ца балийтар ю, хIуъу дина а тIеман конфронтаци цу шина пачхьалкхана юккъехь ца хилийтар а ю.
Цул совнаха, немцойн тIеIаткъамечу политикна хетарехь, Украинин малхбалехь тIеман тийсадаларш севцинчул тIаьхьа цу пачхьалкхашкахь дехачу къаьмнашна а, тайп-тайпана хьежамаш болчу бахархошна а юккъехь барт баран процесс муха хила еза бохург а ду талла дезаш.
Иштта ГIирма-ахгIайренах лаьцна цхьа а да воккхаве хIума ца элира Габриэла. „Цхьа а вац карарчу хенахь, Оьрсийчоьно ГIирмина йина аннекци кесталгIа юханехаяккхалур ю бохучух тешаш“, - элира цуо.
Ала догIу, немцойн урхаллин вице-премьера дина долчу дIахьедарша вуно йоккха IалагIож яьккхинера Европерчу а, Украинерчу а хаамийн гIирсашкахь, Малхбузе жим-жима ша Украинина гIортош йолчу белшашна юхаяла дагахь юй те, аьлла шеконаш а кхуллуш. ХIунда аьлча, хууш ма-хиллара, Киеверчу Iедална уггаре а лазамечех тема ю и ши тема – ГIирма-ахгIайре юхаерзорий, федерализаци ярий.
„Украина унитаран пачхьалкхе хила а хилла, йолуш а ю, хир йолуш а ю. Федерализацех лаьцна буьйцуш болу гIурт цхьа а бух боцуш бу“, - элира цу пачхьалкхан президента Порошенко Петрос шен инаугурацехь. Ткъа цу федерализаци агIонча, цунах еш къайле а йоцуш, Оьрсийчоьнан куьйгалхой бу, Украинин декъашкахь Кремлан тIеIаткъам лакхабаккха Iалашонца.
Амма Москохара Iедалш хилла а ца Iа хIоттаделлачу хьелашкахь Украиинина федерализаци нийса харжам хила мегар аьлла хеташберш. Цхьаццаболчу тергамхоша а лору Киеван кхин некъ бац, пачхьалкхан массо а декъашца а, боламашца а дагадовларш дIа а долийна, цаьрга кховдон царна товр а болуш, шаьш -шайна зенехь а хир боцуш болу некъ ца лехча. Иштачех ву Европерчу стратегикаллин талламийн институтан белхахо Асхабов Хьамзат а.
Асхабов Хьамзат : „Украинин куьйгалло дан дезаш дерг – иза халкъо хьалха туьттуш болу нах схьа а гулбина, - къоман мэр, къоман губернатор бохуш цхьа нах бу-хк цигахь, - цаьрца барт бан безара цара. Цара иза хIунда ца до со кхеташ вац.
Иза ца дар чIогIа эшаме хета суна. Ян езахь федеративан республика а, ца йича ца йолуш йолу муьлха а пачхьалкхан кеп ян а йина цигахь, цул тIаьхьа дIанислур дара цаьрга массо а хIума. Оьрсийчоь а ю кехата тIехь, низамца федеративан республика, амма бакъодолчехь иза унитаран пачхьалкхе ю, массарна а юйла а хууш“.
Цу юкъана немцойн канцлер Меркел Ангела шен министро динчу дIахьедарша яьккхина гIовгIа мелла а теян гIоьртира. Украинин президентаца Порошенко Петроца шен хиллачу къамелехь цуо билгалдаьккхинера, Германин вице-канцлеро йийцинарг децентрализаци яра аьлла.
„Германина а, Евробертана хеташ дерг ду, Украинин уггаре а нийсадерг – иза шен пачхьалкхан территорин дийналла а ларъеш, децентрализаци а еш болу некъ бу бохург. Оха цигахь федерализаци олучух Украинехь децентрализаци олу. Иза Украинин президентана лууш дерг а ду“, - элира цуо.