ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мунаевн "машаран тоба" кхаьчна Украине


Мунаев Iийса (ирахь лаьттачерах аьтту агIорхьара шолгIа) Украинехь.
Мунаев Iийса (ирахь лаьттачерах аьтту агIорхьара шолгIа) Украинехь.

Украинерчу тIемашкахь дакъалоцуш, схьахетарехь, шинна агIор а нохчийн къомах тIемлой болчух тера.

Данехь коьрта офис йолчу „Маьрша Кавказ“ цIе йолчу юкъараллин-политикан боламан куьйгалхойх цхьаъ волчу Мунаев Iисас ша Украине йига „Джохар Дудаевн цIарах йолу машар баран батальон“ вовшахтухуш ву аьлла баханчу зазадоккху баттахь дIакхайкхинера. Цу боламан гергарчу „Чеченьюз“ сайта тIехь хIетахь дуьйна зорбане дохуш дара цу батальоне язбала луучаьргара ду боху кехаташ.

Тайп-тайпана къаьмнех нах бара цу кехатийн авторш санна бахкийна. Лена а, Александр, Роман а, Игор а, иштта дIа кхин йолчу цIераш гойтуш дерг дара – цигахь дакъалаца хьегна берш нохчи хилла ца Iа, хьалхарчу декъахь шаьш украинхой а, кхин болу церан вежарий-славянаш а бу бохург. Изза билгадаьккхира хIетахь шен Маршо радиоца хиллачу къамелехь батальонан куьйгалхочу Мунаев Iисас а.

Мунаев Iиса: „„Машар баран батальон“ аьлла цIе ю цуьнан. Цуо гойту, тхо тIом бан арадевлла ца хилар. Цу батальонан юккъехь украинхой а бу, гуьржий а, азербаджанхой а, суьйлий а, гIалгIай а, нохчий а бу“.

ХIетте а, декъашхой муьлш белахь а, цу батальонан тиллинарг нохчийн Ичкери пачхьалкхан дуьхьарлерачу президентан Дудаев Джохаран цIе а хиларна, цуьнан куьйгаллехь верг вевзаш волу нохчийн тIемало а хиларна хаамийн гIирсашкахь массанхьа а „Европерчу нохчийн батальон“ санна йийца йолийра иза.

ХIетахь дуьйна масех бутт баьлла. Украинера хьал, де дийне мел долу тIеман тийсадаларш марсадуьйлуш, телхаш дIадоьдуш ду. Ткъа кху деношкахь Украине хиллачу хаамашца, Мунаев Iиса шен накъосташца цу махка а кхаьчна, цигахь жигаралла яржош ву.

Ма-дарра дийцича, Дудаевн цIарахчу батальонан декъашхойх цхьа дакъа иттех де хьалха Вене а кхаьчна, цигара Украине баха новкъабевллий, олуш ма-хиллара, инсайдершкара хууш дара, амма официала уьш Украинехь кортах бовллалц тIечIагIйина яцара и информаци.

ХIинца и кортахбовлар хилла – интернетерчу социалан машанашкахь а, Фейсбук тIехь а леладуьйладелла пхьаьрса тIехь Дудаев Джохаран сурт а долуш, Украинин эскархойн духар доьхначу Мунаевн сарташ. „Украинин-Нохчийчоьнан тIеман вошалла“ цIе йолчу царна бухахь яздинчу йозанаша чIагIдо, „Донецкан кIоштахь террорхошна дуьхьал операци ечу Украинин эскарийн леринчу ницкъийн куьйгалло кхайкхарца меттигерчу леринчу эскаршкахь хьошалгIахь хилира дуьненаюкъарчу „Джохар Дудаевн цIарах йолу машар баран батальонан“ куьйгалхо, Ичкерин бригадин инарла Мунаев Iиса“, бохуш.

Цу батальоне баха нах вовшахтухуш хиллачу сайта тIехь иштта цхьа цу костана улле бяьккхина информацин болх а бу. Иштта, масала, „нохчо миччахь а оьрсашна дуьхьал тIом беш велахь а, иза Ичкерин маршо яккхарехь къуьйсуш ву“ аьллачу артиклехь украинхочуо яздина аьлла далочу кехатехь боху цуьнан авторо, Мунаев Iисас ша Украинехь хиларца ПутингIеран имиджан царна дуккхаъ шерашкахь цхьаммо а ца бинчу кепара эшам бина, ткъа украихошний, нохчашний юккъехь барт бохон гIерташ тIаьхьарчу ахшарахь оьрсаша даржийна хилла эладитта а дохийна цуо“, аьлла.

Мухха делахь а, цкъачунна кхин хIара аьлла цхьанна а гIовгIанечу операцешкахь декъахиларца гIар ца яьлла и батальон.

Нохчийн Ичкери пачхьалкхан президент хиллачу Дудаев Джохаран цIарах цига баххане а бахар къобал ца до дуккхаъчу вайнаха. Украине я мичча а метте ваха лууш верг Дудаевн цIе а ца хьехош, нохчийн халкъ а ца дуьйцуш, шена лууче ваха а, шена луучуьн дуьхьа вала а маьрша ву аьлла ю церан ойла.

Кху лаьттахь тIом баьл-баьллачехь нохчи бу боху цIе халкъана тIейожар вуно зене хетарш а бу дуккхаъ. Хууш ма-хиллара, Шемахь а, Иракъехь тIемаш бечу тобанашкахь кIеззиг бац нохчийн кегирхой. Уьш тайп-тайпанчу, кест-кеста цигахь вовшашна дуьхь-дуьхьал тIемаш бечу декъашкахь нислуш хилар а къайле яц. ХIинца царна тIе Украинехь нохчий вовшашна дуьхь-дуьхьал нисбала сахьт дац.

Венерчу нохчийн, гIалгIайн кхеташонан куьйгалхочунна Мусаитов Шайхин хетарехь, нохчийн, хийрачу тIемашка а оьхуш, цара шаьш ца байийтича а, шортта хIума дара вовшашлахь нисдан а, тодан а, дийца а.

Мусаитов Шайхи: „Сайна хетарг эр ду ас. Кху тIаьхьарчу 20 шарахь гIелделла а, кIезгаделла а, вайна юккъаметтигаш телхина. Тахана вайна оьшуш дерг барт бар дара. Кху лаьттахь миччахь а, цхьажимма а конфликт яьллачехь, нохчи хуьлу бу бохуш буьйцуш. Шема ю иштта юьйцу, исс вахний, итт вахний бохуш.

ХIинца Украина ю. Цигахь дехьа агIор а нохчи бу, сехьа агIор а нохчи бу. Вай ойла ян еза хIуманна. Делахь, иза дуй-те вайна хIинца оьшуш дерг? Дуьххьарчу декъехь вайна оьшург иза дарий теша? ТIаьхьло муха хир ю-теша цуьнан? Иштта ойла ян еза. ЦIахь а дара вай нисдан дезаш шортта хIума. Охьа а хевшина, вовшашлахь дийца а, нисдан а дуккхаъ хIумнаш дара вайн“.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG