Доьзалехь шена йечу гIелонах йедда йолу 20 шо долу нохчийн йоI Исмаилова Селима дIалаьцна Внуково аэропортехь. ШолгIачу дийнахь иза нохчийн ницкъахошка дIайелла. ЙоI Европе йаха лууш хилла, амма паспорташна зераш дечохь хиъна цунна шен цIераниш Iедале бевллий а, къола дина аьлла шена дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийнийла. Исмаилова Нохчийчу дIайигина, цул тIаьхьа цунах хилларг ца хаьа. Дуьххьара хуьлуш дац республикера бевддарш, шеконечу бехктакхаман гIуллакхашца ког тосий, кадыровхошна иштта дIабалар. Эксперташа дийцарехь, тIаьхьарчу хенахь ницкъахоша и кеп сих-сиха лелон йолийна.
"Шеконе гIуллакх"
Исмаилова Селимина дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийнийла аэропортехь бен ца хиира, дийцира Кавказ.Реалиин корреспонденте доьзалерчу гIелонах бевддачарна гIо дечу Центран белхалочо Русова Софьяс.
"Аэропортехь Селимица бара адвокаташ, Акопян Нарек, Тюняева Анастасия. Цигахь хиира царна бехктакхаман гIуллакхах дерг. Йуьхьанца Внуково аэропортехь болчу полисхошна дерриге хууш дацара, уьш Нохчийчуьра документаш схьакхачаре хьоьжуш бара. Адвокаташ къар ца белча, кхаа сохьтехь собар дича, уьш карадаьхкира", - боху Русовас.
Нохчийчуьра ТIехьа-МартантIерчу ОМВД талламхочо Генердукаевс шен документехь билгалдаьккхина, и гIуллакх охан-беттан 3-хь долийна аьлла. Республикин йахархочо Махтиевас дIахьединера, зазадоккху-беттан йуьххьехь Исмаиловас шен чуьрчу гоьна бухара 85 эзар сом лачкъорах. Официалерчу хаамашца, бехке хила тарлочунна хаьржинарг махкара арайала цамагорна куьг йаздар дара. Цул тIаьхьа иза федералан лехаршкахь кхайкхайира.
Нохчийчу йухайирзинчу дийнахь Исмаиловига полицехь цхьамма хеттарш ца дира - хетарехь, иза йуьггушехь шен да-нана долче дIайигна
"Талламхочо массийттазза а Исмаилова тIекхайкхира, амма иза тIе ца йогIура, ша цайаран бахьана цо ца дуьйцура, аьлла йаздина ду документехь. Амма йоIе цхьамма аьлла дац бехктакхаман гIуллакх долорах хIумма а. Иза аэрпорте кхаччалц, и лаха ца хьаьжна цхьа а. Нагахь иза масех баттахь лехаршкахь хиллехь, иза йолу меттиг лахархьама, полицино хIумма хIунда ца дина? Цу кепарчу хиламаша схьагойту, Къилбаседа Кавказера гIорасизчу тобанашкара нах Оьрсийчуьра дIабаха боьлча, и шеконе гIуллакхаш доладой, дIалуьйцу", - билгалдоккху Русовас.
ДIалаьцначу Селимин дог гIелделира. ШоллагIа тIебирззина аьлча чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу транспортан декъан белхахоша магийра цунна лазартне йаха. Лоьраш хьаьвсина бевлча, йоI ницкъахошка дIайелира. Мангалан-беттан 13-чу дийнахь и Соьлжа-ГIалахь йара. Карарчу хенахь иза стенгахь йу хууш дац, цуьнца йолу зIе а хаьдда.
"Дождь" каналан эфирехь Тюняева Анастасияс ма-аллара, Нохчийчохь Исмаиловин гIуллакх дIахьош адвокат ву. Цо хаамбина, мангалан-беттан 13-хь иза республике кхачийна, амма цу дийнахь и полицин декъе йалийна йац, цуьнга бехктакхаман гIуллакхан хьокъехь цхьамма къамел ца дина - хетарехь, йуьггушехь шен да-нана долче дIайигна йоI.
Йуьйр йу, заьIапхо йийр йу, бохуш кхерамаш тийсира
Шен 12 шо долуш деца-ненаца, веа вешица, йишица Германи дIайахара Исмаилова Селима. Доьзал 12 эзар вахархо волчу Эстрих-Винкель олучу гIалахь бехаш бара. Редакцин хьостано дийцарехь, йоьIан да-нана даимна девнех дара, церан девнийн ачо берашна а кхочура. Исмаиловас дийцира и дерриге меттигерчу кегийрхойн декъехь, амма нанас кхерамаш тесча, цо шен арз йухадаьккхира. 18 шо кхаьчча, 2021-чу шеран аьхка, иза Нохчийчу дIайигира дас-нанас. Каникулашна йалийна хьо аьлла, цигахь йитира. ЙоI ТIехьа-МартантIерчу шен ден Исмаилов Арсенан нана йолчохь йара. Керла хьелаш довзуьйтуш, стага йоIана чIогIа йиттира.
Исмаиловас дийцарехь, дас ша Германера цIа моссуза вогIу, сийсазйеш, йетташ хиллера цунна. Масала, кхерамаш тийсинера цо "заьIапхойн гIанта тIехь Iийр йу хьо", ша хьо йуьйр йу, Iедалехь шена бевзаш нах бу, хьо йийнийла цхьанна хуур дац бохуш.
"Аса когаш кегбийр бу хьан, хьуна хаа хаьа, аса иза дийр дуйла. Ахьа хьалхо телефон тоьхна айхьа динчунна къинтIеравала бехира соьга, со IадIийра, иза оха дицдира. ХIинца аса хьуна дош ло, хьо аса йуьтур йац аьлла. Оьрсийчоьнан федерацехь хьайна луъучохь лечкъаш лелар йу хьо, амма суна карор йу... Ахьа аьлларг дийр делахь, дацахь, хьайна гIаж йетта йолийча, ладогIа Iемар йу хьо",- нохчийн маттахь олу Исмаилов Арсена шен цхьана аудио-къамелехь. И аудио дIахьедархочо бакъоларйархошка дIайелла.
Кхечу аудио-хаамехь цо оьгIазечу озаца йоIана дагадоуьйту: йоI Германехь яц, Нохчийчохь ю, кхузахь цунна цхьа а тIехIуттур вац.
Республика дукха леррина зударшна тIехь гIаролла латтош йу - цхьа къоман спорт хилла цунах
Ден рогIерчу летарах кхерайеллачу Исмаиловас гIо дийхира шахьарарчу кризисан центре. Цара цуьнан дIахьедар дIаделира "Марем" проектехь болучаьрга. Дечкен-беттан йуккъехь йевзира иза бакъоларйархошна - Исмаиловин хьал чолхедоккхуш кхин цхьа хIума ду. Исмаиловина оьрсийн мотт ца хаьа. Цунна хаьа нохчийн а, немцойн а меттанаш, дийцира проектан куьйгалхочо Анохина Светланас.
"Сан балхо гайтина суна, онлайл-гочдаршца проблемаш хуьлийла - цо ойланаш хийцина гойту, тIаккха вовшех цакхетар нисло, адам къахка тарло. Амма суна хиинчо гойту, Селима шен дех чIогIа кхоьруш хилар. Наггахь дийнахь масех кехат йаздора цо. Ша дIайигар доьхуш, наггахь тийна Iаш хуьлура. Хетарехь, дас ша кестта дIавогIу бохучу аудио-хаамашца, гергарчара кхерамаш тийсарца доьзна дара и йоьхна хьийзар. Зазадоккху-беттан йуьххьехь иза Москва дIайахийта аьтто белира. Цигахь йоIа кхин а кхаа баттахь Германи дIаяха кехаташ кечдира", - дуьйцу къамелахочо.
Москварчу петарахь Iачу йукъанна, Исмаиловин документаш кечдечу муьрехь цуьнан гIуллакхе хьожуш йара доьзалерчу гIелонах бевддачарна гIо даран центр.
Анохинас билгалдоккху: Исмаиловина ца лаьара нохчашка хIума дийца, иза кхоьрура, цара ша гергарчаьрга дIайаларна. Дас цуьнга йаийтинчу аудиошкахь хезаш ду кхерамаш тийсар. Цо боху, гергарчаьрца зIене йалахь, гIо хир дац хьуна, цара хьо тергал йийр йац. Цундела, волонтерашкара бен гIо кхочийла дацара.
Нохчийчу бертаза дIабигначул тIаьхьа йуха а бовда аьтто бала тарлой аьлча, бакъоларйархочо охьабагарбо: Лорсанова Аминат , Идрисова Патимат, Ухманова Элина цIера цкъа дIабахана ца Iа.
"Бакъ ду, и санна дерг сих-сиха хуьлу. ХIунда аьлча, мехкарий, кхерамаш а, охьатаIор бахьана долуш бовда ца хIутту уьш, шайн аьтто цабаларна кхоьруш. Цу тIехула тIе божаберел чIогIа ларбеш бу уьш. Ма-дарра аьлча, йоллу республика йу зударий ларбеш - шайнаш а, неханаш а. Цунах цхьа къоман спорт хилла йаьлла. Амма аьтто баьлла кейсаш йу, цу Iазапан къовлабеллачу гонера цкъа а, шозза а, кхузза а арабовла хьовсар", - тIетадо Анохина Светланас.
Царна низам йаздина дац
Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIабехча, нах дIабалар даимна хилла ду - кхечу регионашкарчу ницкъахоша дукха резахуьлий кхочушдо нохчийн коллегийн гIуллакхаш. Украинехь тIом болабелчахьана, Москвара, Петербургера полисхой адамийн бакъонашна тIехIитта туьгуш бац. Цу гIаланашкахула бовда лерина хуьлу нах дукхахьолах. Хьалха полисхоша документаш гайта олий, шаьш цхьа таллам беш санна, кеп хIоттайора. Амма 2022-чу шеран чиллин-баттахь дуьйна цара ур-атталла иза а деш дац, бохуш Кавказ.Реалии сайте комментари йо "СК SOS" кризис-тобанан векало Мирошникова Александрас.
"Шеко йоцуш, иза доьзна ду МВД-урхаллехь кадыровхойн йолчу статусца. Нагахь Смоленскера йа Красноярскера гIуллакх шайга кхачахь, Москварчу полисхоша (гIуллакх дукха резонансе йа политикех хьакхалуш дацахь), собар дийр ду, официалера кехаташ схьакхаччалц. Белхан процедурин гурашкахь совцур бу. Нохчийчуьрнаш бистхилча санна даггара хьийзар бац",- билгалдоккху къамелахочо.
КХИН А ХЬАЖА: "Маре яханий, цигахь яла а ле". Кавказехь цIийндайша-Iазапхоша зударий бале лацархКъилбаседа Кавказе йухаберзийначеран хьал муха ду хаа хало хуьлу. Йукъараллин цаьрца бала кхачахь, мелла а гIоле, дуьйцу Мирошниковас. ТIаккха Iедалхоша видео йоккхий, дерриге дика ду олуш дIагойту. Цу кепарчу видеошлахь лачкъийна дIадигначу адамо шена бакъонашларйархойн гIо ца оьшу, шена уьш хьашт бац, ша вицве ала тарло.
"Бакъонашларйархойн цхьаьнакхетараллаш кийча ю Нохчийчу адвокаташ бахийта, амма регионе дIа ма кхеччинехь дIахьедархой дукхахьолахь гондхьарчу нахах дIахадабо, цаьрга цхьа агIо шайна ца оьшу олуьйту, уьш адвокаташна ур-атталла гайта ца гойту.",- дуьйцу "СК SOS"тобанан векало.
Шайн махкара бевддарш ницкъахоша схьа ма биххинехь, схьабаларна "карабирзина болх" аьлла цIе тиллира адаман бакъонаш ларйаран "Мемориал" центран куьйгалхочо Орлов Олега.
"Вайна массарна дукха дика хаьа - нохчийн ницкъахой дукхахьолахь низаман гурнашкара арабовлу. Цара цхьаьллиг цхьа бахьана доцуш адам сацаде олу. Изза хилира, масала, Мусаева Заремина а,- тIетуху бакъонашларйархочо.
ТIаьхьарчу хенахь хьал кхин а телхина - даимна аьлча санна Соьлжа-гIалара дIадаьхна адам полисхоша "тIома кIела лоцу". Соьлжа-гIалин омрана жоп луш. Украинехь тIом болабелча кадыровхой гIарабовларца доьзна ду иза - коллегаш ца баьхьа цаьрца девне бовла, олу Орлов Олега.
Карабирзина болх
Дуьххьара дац нохчийн ницкъахоша республикел арахьара адамаш лачкъдийна схьадалор. Меттигерчу полисхоша царна новкъарло ца йо. ТIаьхьарлерчу масалех цхьаъ ду - Нохчийчуьра Росгвардин белхалочун, 19 долчу Халидов Ясинан гIуллакх. 2022-чу шеран гезгамашин-баттера схьа дуьйна Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъалаьцна цо. Цул тIаьхьа сацам бинера цо, бакъоларйаран органашкара дIавала, амма куьйгалло и лаам къобал ца бира, кхерам тесира, терроризмаца доьзна шаьш бехктакхаман гIуллакх дуьхьал доккхур ду, нагахь санна, иза дIавала гIортахь аьлла. Казахстанца долчу дозанал дехьаволуш нохчийн ницкъахоша дIавехар бахьана долуш УМВД-урхаллин экстремизаца къуьйсучу белхалоша дIалаьцна, дIавелла. Стигалкъекъа-беттан 20-хь дуьйна цунах хууш хIумма дац.
Уггаре гIовгIане хилам бара 2022-чу шеран дечкен-беттан 20-хь, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттиначу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира. Лоцучу йукъанна Мусаевана йиттинера, кхетамчуьра а йоккхуш, иза дIайуьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира цуьнга, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира. Нижнийн Новгород гIалара полисхой цига бахка баьхкина, кадыровхошца къамел дина - дIабахара. Стохкалерчу дечкен-баттахь дуьйна Мусаева СИЗО-хь латтош йу. Полицин белхалочунна тIелатар дарна бехк кховдийна цуьнга, кхелан ладогIарш ду дIадоьлхуш.
КХИН А ХЬАЖА: ВоIарех бекхам: нохчийн жигархойн ненан гIуллакхехь хIун хуьлуш дуБакъонашларйархошца зIеневаьлла нохчо Арсамиков Идрис чиллин-беттан 15,16 деношна йуккъехь Домодедово аэропортехь дIалаьцна. Иза дIавелла нохчийн полисхошка, цара республике йухаверзина. ДIавигначул тIаьхьа Арсамиковна гIело йина. Ша дIавигина цхьа де даьлча, Арсамиковс машанашка хIоттийра бакъонашларйархойн гIо шена хьашт дац олуш йазйина видео. Цу тIехь цо ша зуда йалон дагахь ву, йуха Украинина дуьхьалчу тIаме гIур ву бехира. Цунна тIеIаткъам бина хила тарло, Нохчийчохь иза верна кхерам бу аьлла бакъонашларйархоша - цу хьокъехь цара ООН цхьаьнакхетаралле дIахьедар дина. Ткъа Европарламенто дIалаьцнарг дIахеца аьлла кхайкхам бина. Карарчу хенахь Арсамиков стенгахь ву - хууш дац.
И санна дерг хилира мухIажарна Гадаев Мохьмадна а. Францино Оьрсийчу дIавелира иза. Хьехархо Самуэль Пати вийначу муьрехь нохчийн диаспорна тидам тIеберзийча дина хIума дара иза. Нохчийчохь Гадаевна бехктакхаман гIуллакх долийра. Бехке диллинарг низамза герз хIусамехь латтор дара - Францехь нохчо кеманна тIе ваьккхича, карийна элира иза ницкъахоша. Гадаевс ший а адвокат шена ца оьшу аьлла дIахьедира - оьрсийн бакъонашларйархоша дийцарехь, иза цуьнга бертаза алийтина дара. Цул тIаьхьа ТIеха-Мартан кIоштарчу кхело колонехь даккха цхьа шо ахшо туьйхира цунна.
- Доьзалера Iазап - Къилбаседа Кавказера уггаре йоккха проблема йу. Меттигерчу йахархошна гIело йо шайн майроша а, кхечу гергарчара а. Дукхахьолахь полицино уьш тергал ца бо. Нагахь бехктакхаман гIуллакх доладахь, кегийчу таIзаршца дIадерзадо.
- Мангал-беттан I-хь дуьйна "Насилию. нет" цхьаьнакхетаралла кийча хир йу Оьрсийчоьнан массо регионашкара аьрзнаш тIеэца - генара а, онлайн а гIо дан хьовсур ду аьлла дош делла цара, йаздо Свобода радионо. Доьзалехь гIело ловш болучарна юридикан, психологин гIо до центро, карьерин консультацеш ло, йукъараллина чолхенаш йовзуьйтуш болх а бо. Центраца зIеневала аьтто хир бу телефонехула, сайтехула, социал-машанашкахула, мессенджерехула.
- ТIаьхьарчу иттех шарахь доьзалерчу Iазапах лаьцна пачхьалкхан думехь 40-за низаман проект хьалхатеттира, амма царех цхьа а дIайешна йац. 2017-чу шарахь Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексера дIайаьккхира доьзалехь ницкъбарна йолу артикал, амма йукъадаьккхира административан жоьпалла.
- Стигалкъекъа-беттан йуьххьехь "Шереметьево" аэропортехь дIалаьцна, 23 шо долу Дербентера жигархо Гашимова Улькер цIайирзина ши административан дIалацар чекхдаьлча. Цунах лаьцна Кавказ. Реалии редакцига дийцира цуьнан накъосто "Свободная Евразия" каналан авторо Коломицын Антона. И хаам тIечIагIбира кхелан сацамо. Хьалхо цунна бехктакхаман гIуллакх долон тарлуш хиларах хаам хиллера. Бехк санна хаьржинарг Оьрсийчоьнан эскар йемалдар ("дискредитация") аьлла дара - хIинца и гIуллакх долийна, ца долийна хууш дац - Улькерца йолу зIе хаьдда.
- Нохчийчуьра кхело набахтехь йаккха диъ шо хан туьйхира хьалха а чохь ваьллинчу Устаев Адамна. Берашна гIело йарехь бехке лерира иза, аьлла дийцира оршот-дийнахь Mash Gor телеграм-канало. Хаам бинчу хьостанан цIе а ца йоккхуш. Кавказ.Реалии сайтана и сацам карийра Соьлжа-гIаларчу Ленин-кIоштарчу кхелан сайтехь. Документо бахарехь, сацам 2022-чу шарахь гIуран-беттан 15-хь бина.