Нохчийчуьра доьзал Бельгехь бехкебина даIишца уьйраш хилла аьлла, "Ахмат" спецназан командиро бехказабаьхна Анапехь леттарш, компромате видео йаьржинчул тIаьхьа дIавайна министран гIовс Баширов – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 80- чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Your browser doesn’t support HTML5
Нагахь санна, шу Оьрсийчохь а, Беларусихь а, Украинан дIалецначу дозанашкахь а дацахь, хIоттайе кхунна лайк, йазло тхан канале. Ткъа хIинца – Керланаш!
ДаIишца уьйраш хилла аьлла лаьцна нохчийн доьзал
Террорхойн "Исламан пачхьалкх" тобанан тIедилларца тIелетарш дан кечлуш хилла аьлла Нохчийчуьра доьзал бехкебина Бельгин пачхьалкхехь. Тобанан хьалханча хилла ву боху Абубакар цIе йолчу стагана (цуьнан фамили йоккхуш йац) 15 шо тоьхна. Цуьнан хIусамнанна йуьхьанца бархI шо кхайкхийна, арахь йаккха хан тухуш, гIуда хьарчийна Абубакаран веших.
Оцу гIуллакхах лаьцна хууш кхин дIоггара дукха хIума дац. Оцу тIехула Бельгин пхеа гIалахь талламаш бинера 2023-чу шарахь: хIетахь лецира ворхI стаг, царех дукхахберш – Нохчийчуьра бахархой бу.
Прокуратуро дIахьедира, тобанан декъашхой "жигара герз лоьхуш хилла", Бельгихь тIелетарш дан аьлла. Церан Iалашонаш хилла боху талламо ЛГБТ-бар, полцин дакъа, НАТО-н гIишло а.
Радикализаци гIаттош гIо до миграцин политико, аьлла хета Iедалца йоьзна йоцчу, халкъашна йукъарчу организацин координаторна Дадуев Iийсанна:
"Бакъоларйаран органаша дика дIабаьхьна шайн болх. Тхо даккхийде, терроран тохар цара йукъахдаккхарна, оцу наха тхан халкъана тIехь вочу агIор хьоькх ца йитина а. Тхуна Iаламат хала ду, масийтта шерашкахь бехйина тхешан репутаци ларйан. Тхан халкъ йукъаозийна ца Iа "Исламан пачхьалкх", низамехь йоцу и вовшахтохаралла тхан йац – цу йукъахь дакъалоцуш дуккха а кеп-кепара халкъаш ду.
Тайп-тайпанчу конфликташна генахь болу Европехь беха нохчий радикализме муха боьрзу? Кхузахь Ӏаламат доккха дакъа дIалоцу Европерчу пачхьалкхийн миграцин политико. 20 шо сов хан йу 90% сов меттигашкахь нохчашна тховкӀело ца ло, оцу гӀуллакхо вуно вон тӀеӀаткъам бо йукъараллехь интеграци йарна. ХӀунда аьлча, тховкӀело йеллачул тӀаьхьа стеган аьтто бу пачхьалкхо ахча луш йолу курсаш йаха, говзалла харжа, ша кхио луучу агӀор деша таро а хуьлу цуьнан.
Тхан хьолехь дуккха а шераш дIадоьлху тхаьш лардеш, кӀоштан кхелера Страсбурге кхаччалц йолчу кхелашкахула къийсам латтош. Шерашкахь сатуьйсуш, деша йиш йоцуш, лартIахь балха баха аьтто а боцуш буьсу нах. Иза ду радикализаци йеш дерг. Тхуна тахана а хета тхаьш хийра нах, Европерчу юкъаралло вуно хала тIеоьцу тхо. Оьрсийчоьнан пропагандо тхох лаьцна кхоьллинчу цӀаро а вуно мехала дакъа лоцу цу тIехь".
Алаудиновс бехказабоху Анапехь летта нохчий
Нохчийн "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис бехказабаьхна Анапехь леттарш – ма -дарра аьлча, лазийнарш харцбеш, шайна йеттийтарна уьш бехкебина цо.
Гезгамашин-беттан 3-чохь Анапехь Нохчийчуьра бахархой летта хилла метигерчу клуба хьалха аниматорех. Дов доладелла цхьахволчу кIантаца гергарло таса йоI дуьхьал хиллачул тIаьхьа. Зудабераш бехкедина Алаудиновс, цара эскар сийсаздина хиллера, нохчех "тикток-эскарш" бохуш.
Конфликт йирзинчул тIаьхьа тIелетта хилларш ГIебарта-Балкхаройчу дIабахана хиллера. Цигахь лецна уьш, карарчу хенахь талламан изоляторехь латтош бу харцахьа леларна бехке а бина. Полицино йаржийначу видео тIехь лецначара Алаудиновн йоллу верси йийцина.
"Тхуна тIаьхьа мохь беттара цо. Оха тIе а дахана, иштта бага ма йетта, хьайн меттан дола де элира цуьнга, тIаккха тхо карзах даха хьийзара иза. Цаьрца хилла ши стаг цу шингахьа гIо даккха вуьйлира. Иштта къамел дан мегар доций, иза кхетон лууш дара тхо".
КХИН А ХЬАЖА: Анапехь леттарш лецар къоман билгалонца доьзна "Ахматан" командироТIелеттачех цхьаъ "Ахмат" спецназан командиро баркаллин кехат делла Заурбеков Зелимха ву. Алаудиновс дийцарехь, ши шо сов зама йу СВО-н жигара волонтер иза волу. Украинера тIамах СВО олу Оьрсийчоьнан Iедалхоша. "Ахматан" командиро тIедожийна нохчийн кIантаца доттагIалла таса реза ца хилла йоI жоьпе озайе армин сийдаъарна. ДIахьедина, "билггал бехке болчийн" хьокъехь барамаш тIеэцна цахиларх.
ХIара дуьххьара хIума дац, Кубанехь хилла чоьхьара конфликт къаьмнашийн юкъаметтигашца йузуш. Цу кепара, гезгамашин-беттан йуьххьехь Афипский юьртахь дуккха а нах вовшахкхетта дов даьллачул тӀаьхьа полице дӀавигира 43 стаг. Халкъан гуламехь меттигерчу бахархоша дӀахьедира, дов даларан бахьана "тIебаьхкинчу нехан лелар" ду аьлла. Карарчу хенахь хууш ду оцу девнаца доьзначу бехктакхаман гӀуллакхехула лаьцна цхьа стаг хиларх – Нохчийчуьра ву иза а. Шина дийнера ворхӀ дей-буьйсий даллалц административан кепехь лаьцна витина цу девнехь дакъалаьцна 12 стаг, царех цхьаъ меттигера вахархо ву, бисинарш – кхечу регионашкара баьхкина нах хилла.
КХИН А ХЬАЖА: Кубанехь дуккха а нах летарх айдинчу бехкзуламан гIуллакхехула Нохчийчуьра вахархо лаьцна Нохчийн министр карош вац
Нохчийчоьнан информацин министран гӀоьнча Баширов Сайд-Мохьмад дIавигина боху и тIехь волуш, компромате видео йаржийначул тӀаьхьа. Цунах лаьцна даржийна оппозицин блогеро Халитов Хьасана. И хаам тӀечӀагӀбо "СK SOS" кризисан тобано а, иттта а кхинйочу телеграм-каналийн хьостанаша а.
Халитовс зорбане йаьккхина Баширов тIехь волу видео гезгамашин-беттан 7-чохь. Цу дийнахь зорбан министран гӀоьнча лачкъийна маьршачу нехан духар доьхначу наха.
Цул тӀаьхьа ши де даьлча Халитовс Башировца йаьккхина керла видео зорбанехь йаржийра: хетарехь, Соьлжа-ГӀаларчу Ӏедалхойн кабинет чохь дIайазйина. ШолгӀачу видео тIехь Башировс ахчанаш дехьадьахна чоьтийн скриншоташ йу - 500 эзар сом шен банкехула дахьийтар гойтуш. Хетарехь, и ахча зорбан министран гӀоьнчера дехна хила тарлуш ду боху, йуьйцу видео нахала ца йоккхург.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчоьнан зорбан министран гӀоьнча вайна маьттаза видео йаьржинчул тӀаьхьаНохчийчоьнан официалан зорбанан гӀирсаша, Баширов лачкъийна аьлла хаам баьржина кхо де даьлча йаздира, гезгамашан-беттан 10-чохь "Зударийн инициативаш: гӀуллакх ден хан" цӀе йолчу Оьрсийчоьнан форумна кечамбарх хеттарш луьстучу кхеташонехь цо дакъалаьцна аьлла. Иза тӀечӀагӀдеш сурт зорбане а даьккхинера. Министран гIоьнчас кхеташонехь дакъалацарх лаьцна ма-хуьллу доцца дийцира: билгалдаьккхира цо "форум дӀайахьа бинчу кечаман лаккхара мах хадийна" аьлла.
Баширов Сайд-Мохьмад Нохчийчоьнан информацин министран гIоьнчан даржехь вара 202I-чу шеран стигалкъекъа-баттахь дуьйна. Республикерчу Ӏедало Ӏуналла дечу "Грозный" телеканалера цу дарже дехьаваьллера иза. 2024-чу шеран зазадокху- баттахь цунна йелла "Нохчийн Республикина гӀуллакхаш дарна" мидал.
МухIажаран статусах вокхуш ву Белокиев
Украинан агIор тIемаш бечу Шейх Мансуран цIарахчу Ичкерин батальонан хиллачу пресс-секретарера схьайаккха тарло "кхин тIе а иза Iалашвеш" йелла статус – цунах гIуллакх айдина арахьара тIебаьхкинчу нехан гIуллакхаш луьстучу Польшера урхалло.
Миграцин статусах ваккхаран бахьанаш ду аьлла Оьрсийчоьнан арахьарчу пачхьалкхашкахь лелачу паспортах цо пайдаэцар а, шозза иза Украине вахар а. Оцу кепара сацам тIеэцахь, блогер Оьрсийчу дIахьажон тарло, ткъа цигахь цунна дуьхьал долийна лаьтташ ду масех бухкузаламан гIуллакх.
КХИН А ХЬАЖА: Украинхошкахьа йолчу нохчийн батальонан хиллачу спикеран Польшера мухIажаран статус дIайаккха тарлоПольшин пачхьалкхашка ваьлла Белокиев, Оьрсийчоьнан паспорт ша стенна эцна дуьйцуш. ТIебаьхкинчу нехан гIуллакхаш луьстучу урхалле вистхилла ишта Шейх Мансуран цIарахчу батальонан командир ЧIебарлойн Муслим а. Цо хаийтина полшхойн Iедалхошна, Белокиев Украине варан Iалашонех - Оьрсийчоьнна дуьхьал батальоно бечу тIамах лаьцна шуьйра довзийта, Запорожьен, Авдеевскан агIор, Бахмутехь дIайаьхьначу операцешкахь дакъалаца а веана вара аьлла. 2022-чу шеран товбеца-баттера схьа дуьйна батальонан пресс-секретарь вара иза, билгалдаьккхина ЧIебарлойн Муслима.
Белокиев Ислама Кавказ.Реалии сайте ма-дийццара, 2014-чу шарахь Варшаверчу векалтехь Оьрсийчоьнан паспорт схьаэцнера. Цул хьалха Польшера арахьарчу бахархойн гIуллакхашкахула йолчу урхаллера кхин тIе а иза ларвеш делла кехат а дара цуьнгахь. МухӀажаран статусах къаьсташ, стаг кхин тIе а ларвеш велахь, цунна кхечу мехкашкахь дIасалела некъан паспорт луш дац, цундела блогеро шен пачхьалкхалла долчу мехкан паспорт схьаэцна хиллера. Оьрсийчоьнан арахьарчу паспортца Франце а, Норвеге а вахана иза, ткъа 2022-чу шеран охан-баттахь а, 2023-чу шеран чиллан-баттахь а – Украине.
"Польшин низамашца а догIуш, нагахь санна "кхин тIе а ларвеш" кехат делахь, сан йерриг а бакъо йу, Оьрсийчоь йоцчахь массо а меттахь лела. Цундела со ца кхета, и кехат соьгара схьадоккхуш гIуллакх стенна айдина ду. Политикан бух болуш хила мегаш ду", - билгалдоккху ша Белокиевс.
Европера а, Туркойчуьра а диаспоро Ичкерин маршонан де даздина
Германира а, Бельгера а, Австрера а, Туркойчуьра а, кхин йолчу пачхьалкхашкара а нохчийн диаспорийн векалша Нохчийн Ичкерия республикан суверенитет кхайкхийна 33 шо кхачарна лерина барамаш дIабаьхьна.
Ичкерин арахьарчу Iедалан векалийн, Нохчийчохь хилачу шина тIеман декъашхойн а, кегийрхойн а цхьанакхетар хилира Берлинехь. Цара дийцаредира шайн йукъарчух, диаспорехь болх бан Iалашонех, ишта Украинера тIамца доьзначух, цигахь нохчийн лаамхойн вовшахтохараллаша дакъалацарх а. Оцу кепара цхьанакхетар хилира Туркойчохь а.
КХИН А ХЬАЖА: Европера а, Туркойчуьра а нохчийн диаспоро Ичкерин маршонан де билгалдаьккхинаВенехь диаспоран векалш кхайкхинера Австрин парламенте, цул тIаьхьа гIишлона хьалха барам хIоттийра цара, хаамбира тхан редакцига пачхьалкхера Нохчийн Ичкерия республикин векало Дунаева Розас.
Цо дийцрехь, жигархойн цхьанакхетар хилира ишта NEOS партин векалшца, цара чIагIо йина Нохчийчоьнна оккупаци йина хиларх хаттар праламентан кхеташонехь айдийр ду шаьш аьлла.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: