Зазадокху-беттан ююьххьехь Украинера арайолучу заманчохь Румыница долчу дозанехь лецира 36 шо долу Нохчийчуьра яхархо Гериханова Амина. Иза бехкейо Шеман дозана тIехь тIемаш барна – оцу тIехула Оьрсийчоьнан агIоно Интерполехула лехамашка елира Гериханова.
Румынин дозанехь лацарах хIара дуьххьара хилларг дац – Чиллан-бутт бовш дуьйна Къилбаседа Кавказера схьабевлла, Оьрсийчоьнан паспорт долчу бахархоша кест-кеста латкъамаш бо къоман а, динан а билгалонашца шайца дискриминаци лелош хиларх меттигерчу миграцин хьукмато. Бакъонашларъярхойн хаамашца, къаьсттина иза хьакхало нохчех: царна ян тарло депортаци, йа лаца тарло уьш, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь уьш бацахь а, Румынин доза транзитехь хадош хилчхьана.
Нохчийн шина доьзалан масалашна тIехь Кавказ.Реалиино дуьйцу, муха новкъарлонаш йо Румынино республикера бахархой чубогIуш, муьлхачу тIаьхьалонца дерза тарло царна и гIуллакх.
"Хьиджабна тIехула до ахь и хеттарш?"
Румыни дехьабовларх гIуллакх ца хилира нохчочун Айзин доьзалан- иза а, цуьнан цIийнда Зелим а, церан 11 шо долу йоI а Молдовехула бевддера тIамех (церан дехарца цIераш хийцина. – Редакцин билгалдаккхар.).
ТIамехь хIун хуьлу, дика кхеташ ву Зелим: шен 16 шо долчу хенахь цхьахйолчу батальнах дIакхийтира иза, Нохчийчохь шолгIа тIом болуш Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бина цо. Лаьмнашкахь жаннаш шелдинера цо шен, когийн пIелгIаш гIорийнера – гергарчара дарбадан ГIалгIайчу дехьаваьккхинера иза, цул тIаьхьа дехарш дина, дозанал дехьавалитйира. Германехь а, Туркойчохь а, Iарбойн Эмираташкахь а, Оманехь а, Катарехь а ваьхна Зелим, кхо шо хьалха шен доьзалца Украине веара иза, цигахь йолийра цо юьртабахаман сферехь бизнес. ТIом баьлча, нохчийн батальонах дIа а кхетта, Украинехьа тIемаш бан сацамбира Зелима, амма цкъа хьалха – доьзал шен гергара нах болчу Германи дIабига лиира.
Цара массара а бакъ ца дора – дискриминаци лелорах "куьйгъяздан" ца лиира
Чиллан-беттан 27-чу буса Зелим, Айза, церан 11 шо долу йоI, доттагIчун боккха доьзал а, Одессехь веха дагестанхо а, Молдове бахкира. ШолгIачу дийнахь румынхойн дозане гIоьртира уьш, цигахь дIагайтира Оьрсийчоьнан паспорташ а, Германехь даха йолу бакъо а.
"Тхоьгара талла дIадехира паспорташ "Лецушены" КПП-хь, - дуьйцу Айзас. – Цул тIаьхьа соьга хеттарш дан буьйлира. Муьлхачу динехь ю? Ламаз дой оха? Мархийн бутт кхобий? Муьлхачу имамашка ладоьгIу? Маьждиге лелий? Балхахь юй? ХIунда яц? Ваша вуй хьан? Иза хIун лелош ву? Сахьт сов хан елира. Со оьгIазъяханера: "Сан хьиджбана тIехула деш ду аш хIара хеттарш?" аьлла. Цара массара а бакъ ца дора – дискриминаци лелорах "куьйгъяздан" ца лиира
Айзас бахарехь, дозанехула паргIат чекхбуьйлура Нохчийчуьра нах, церан чоьхьара Оьрсийчоьнан паспортийн хенаш чекхевллехь а. Буса ши сахьт даьлча дозанхойн сацам хилира, Зелим йоIаца а, доттагIчун доьзалца а дехьавалийта – Айза пачхьалкхе чу ца йита. Машен доттагIчуьнгахь а йитина, Айза а, Зелим а, церан бер а автобустIехь Кишиневе юхабаьхкира. Немцой консулаллица зIене бевлира уьш, дипломаташа жоп делира Румынин дозанхойн балхана Iаткъам бойла дац шайн аьлла. МухIажирех йоьттинчу Кишиневехь доьзална халла карийра кхаа денна хьешан цIа.
"Кадыров муха хета хьуна? Путин?"
Цхьа хан яьлча, Зелимна петар карийра шен зудчунна а, йоIана а, ткъа ша Германи дIавахара, цигахь балха хIотта дагахь. Цхьа а дуьхьало йоцуш, Румыни чувитира иза транзитца дехьавала, амма Венгрина тIекхачале йолчу пунктехь иза лецира, документаш харц ду аьлла, бехкевина.
"Румынин дозанехь цхьана будки чохь буьйса яьккхира ас, нийсса автобанехь. Ах метар гIант дара цу чохь, шийла яра, наб йойла дацара. Бедарш а, телефон а дIаяьккхинера соьгара – хиллачух сайн доьзале, доттагIашка хаийта а аьтто бацара сан. Iуьйранна полисхойн декъе дIавигира со, куьйгех гIоьмаш тоьхна, дегIах хьоьвсира, цхьалха а ваьккхина. Оццу дийнахь кхечу меттиге дIавигира со, тоьхна гIоьмаш а йолуш. Шаьш муьлхачу урхаллера ду ца хаийтинчу ницкъахоша элира, сан кехаташ харц ду", - дагалоьцу Зелима.
Кадыровхошца уьйраш хиларх хиттира цуьнга – лаьцначо дахьединера "уьш бIаьргабахка ца беза", Нохчийчохь Iаш воцу а дуккха а хан ю аьлла. Зелиман куьйгийн, пIелгийн таммагIаш ийцира, скан йира бӀаьрсинпардойн, паспортан экспертиза а яьккхира. Цул тIаьхьа, гочдархо ву аьллачу стага, кхуьнан телефон схьаеанера доьзалца а, доттагIашца а зIене валийта, лаьцнарг дIахоьцуш ву аьлла ду бохучу кехаташна куьйг а яздайтира.
КХИН А ХЬАЖА: "Нохчийчохь тIелетаршна бехкебан". Украинерчу тIамах бевдда кавказхой – Оьрсийчу дIабала кхерамна бухахь бу
"Ас куьйгъяздира, амма тIаьхьа кхийтира со, гочдархочо нийса ца дуьйций, - дагалоьцу Зелима,- иза церан стаг вуйла. Ас телефон блок тоьхначуьра дIа ма яьккхи, суна тIекхийтира пхи ницкъахо, иза сан карара схьа а йоккхуш, сан бедарш этIийра. Ас мохь хьоькхура, адвокат воьхура, хи малийта бехира, со юха Украине дIавахийта а элира. Со политикан мухIажар ву, Германехь ваха бакъо а ю сайн бехира. Суьйранна куьйгех тоьхна гIоьмаш чIагIйина, Сибиу гIалин аэропорте дIавигира со, Оьрсийчу дIахьажон".
Хьалхарчу кемана тIаьхьависира конвой, сацамбира Зелим Румынерчу Бухаресте дIавига. Новкъахь церан машен юьйхира – иштта шолгIачу кемана а тIаьхьависира. ТIаккха лаьцначуьнга дIахьедира, Молдове иза дIахьажор ву аьлла.
"Суна гIоле хилира – Оьрсийчу дIавеллехь со вен тарлора", - даредира Зелима.
Молдовица дозанехь къаьстира, Румынин дозанхоша Нохчийчуьра вахархочун апспорта дайина хилар. Дийнахь-бусий ладегIа дийзира цуьнан, сацаме хьоьжуш, иза лаьцчхьана цунна юург а, йа мала хи а делла яцара.
"Ас боху молдаванхошка: "ДIавахийтийша со, суна ишта а чIогIа ницкъбина, сан доьзал шуьгахь бу, суна Украине юхаваха лаьа. Соьга боху: "Хьо лартIахь вуй, цигахь вуьйр ву хьо"! Ас боху, цигахь валар гIоле ду суна, хIара сийсазаллаш ловчул а. Молдовехь тIелецира со, юург а, мала хи а делира суна",- дийцина къамелдечо.
Оьрсийчу дIахьажийнею со вен тарлора
Цуьнан зудчо Айзас бахарехь, цул тIаьхьа доьзал баккъал а гIоьртира Украине юхабаха, амма церан оцу пачхьалкхехь даха бакъо йоллушехь, церан аьтто ца белира – Оьрсийчоьнан паспорт бахьана долуш. Румынехь Зелиме а аьллера изза.
"Оьрсийчоьнан паспорт массанхьа а берзан билет санна ду. Тхо кхета Украинех, диверсанташ дуккха а бу. Тхоьга къайлах Украине юха гIо а бехира. ХIусамдас аьттехьа а тIе ца дитира: лацахь, шен дан хIуммаъ хир дац аьлла", - дуьйцу Айзас. ТIейетташехь дуккхаъ болу нохчий а, дагестанхой а Украинера ара ца бовлу – уьш кхоьру хIусамах бовларна йа Оьрсийчу дIахьовсорна", - аьлла, тIетуьйхира Айзас.
"Эрна хабар ца дуьйцуш, куьйгаш язде!»
Оццу хенахь, Зазадокху-беттан юьххьехь, Румынин дозанехь хьаштдоцург Iоттаделира нохчийн кхин а цхьана зудчух, майрчух. Туркойчохь са а даьIна, юхадогIуш дара Австрехь веха Ахьмад а, Хьалима а – румынхойн агIор доьзале дуккха а хеттарш динера, цул тIаьхьа цхьа а бахьана а доцуш, чу бита дуьхьалбевллера.
"ПхоьалгIа бутт болуш, доьзалхочух яра со хIетахь, йовха яра, тхайга хеттарш даре хьийсира тхо шина сахьтехь. Изза процедура яра иза а, пхи де хьалха Стамбуле доьлхуш хилла йолу. Украинехь болчу тIамах лаьцна хIун хета, Кадыров муха хета, цуьнан да? Стенгахь болх беш ду, мел ахча доккху? Сан хIусамден вежарий хIун лелош бу, тхан дай-наной? Динах лаьцна а хиттира, шиIтойх ю со, йа суннитех ю бохуш", - дийцина Хьалимас.
Цо бахарехь, цуьнгара а, цуьнан хIусамдегара а телефонаш а, ноутбукаш а дIаехира. Телефон тIаьхьо юхаелира, чуьра цхьацца хIуманаш а хийцина – оьрсийн метта ингалсан мотт бара хIоттийна. Кхарна ца велира гочдархо, къамел дора ингалсан маттахь, Хьалимина а, Ахьмадна а и мотт ца хуушшехь, цара буьйцург немцойн бу. Хеттарш динчул тIаьхьа дозанхоша куьйгаш яздан цхьа кехаташ деара кхарна, румынхойн маттахь хIиттийна долу.
КХИН А ХЬАЖА: "Цуьнан цIийндена тIехула ду хIара дерриг а". Гериханова Аминин гергарчо дуьйцу – Оьрсийчу цунна экстрадици ян гIертарх
"Суна моьттура, царна куьйгаш яздича, тхойша дIадохуьйтур ду, амма гочдар доьхура ас. Тхоьга элира: "Эрна хабарш ца дуьйцуш, куьйгаш язде". Цул тIаьхьа Болгарин агIор волчу дозанхочо юха кхайкхира тхо – цунна хиънера, юха оцу паччхьалкхе дахка дуьхьалоечу кехаташна оха куьйгаш яздинийла. Проблема яра бохура, тхан немцойн доттагIчун дехарца, Стамбулера оха йохьуш хилла шира кассеташ а, суьрташ а чохь долу чамда бахьана долуш – чамди тIехула тхоьга цхьа а хеттарш ца динера. Болгари юхадаьхкира тхо, цигахь машен йитина, кеманца цIа даьхкира", - дийцира Хьалимас.
Нохчийн мухIажаршца а цхьаьна болх бечу, бакъонашларъяран нохчийн «Вайфонд» юкъараллин векало Румынин миграцин хьукматийн политика динан билгалонца йолу радикалан дискриминаци ю боху.
"Кест-кеста шайн махка бахка дуьхьало йо нохчашна Румынин Iедалша, тхуна иттаннашкахь иштта меттигаш бевза. Оцу юкъанна, Кавказан регионашкара кхинболу Оьрсийчоьнан бахархой ца Iиттало иштачу проблемашца. Тхан агоIнашка язбеллачара дуккха а дийцира тхуна, румынхойн дозанехь шайца лелийначу харцонех, бух боцуш шайн пачхьалкхе дахка дехкарх. Нохчийн шина доьзална белла дIабовллалц дихкина", - дийцира Кавказ.Реалиига организацехь.
Румынин дозанхойн урхаллера комментарий йийхира Кавказ.Реалиин редакцино, нохчашца оцу кепара леларх лаьцна – жоп луш, кхачийра талламан барамашца доьзна ду аьлла документ.
Ас телефон блокера дIа ма яккхара, суна тIекхийтира пхи ницкъахо, телефон дIаяьккхира соьгара
"Дозанхойн контрол ечу заманчохь дозанхойн полицино кхочушдо кхин тIе, шолгIа линин шух а, аш бохьучу мохьах а, трнаспортан гIирсех а хьакхалун талламбар. Оцу процедурица догIуш, дегIах хьовса а тарло, интервью эца а, лерринчу гIирсех пайдаэца а, къоман а, Европан а, дуьненаюкъарчу а базашкахь хьовса а. ШолгIачу линехь контроль латтийначу дозанхойн эпсарийн седанан лоьмар а, цIе а схьагайта аьлла, дехар дан бакъо ю шун, иштта пунктан цIе а, доза хадийна де а хаа", - аьлла ду официалан жоьпехь.
Хьалимин а, Ахьмадан а, Зелиман а, Айзин а Оьрсийчоьнан паспорташ тIехь тоьхна штам ю "1"терахьца – дозанхойн хьаькаман пурбанца бертаза депортаци ян сацамбар ду иза.
***
ООН-н хаамашца, тIом болабелчхьана Украинера араваьлла хIинцале а пхи миллион ахмиллион стаг. ДIа а бахана, Европехь тховкIело еха дезначарлахь бу Украиненхь бехаш хилла Къилбаседа Кавказера бахархой а цхьаьна- царех цхьаберш Оьрсийоьно лехамашка беллла бу хьалхо Интерполехула шаьш кхоьллинчу бехкзуламан гIуллакхашца доьзна, чIагIдо бакъонашларъярхоша. Оцу нахана кхерам бу Оьрсийчу дIабала, цигахь церан синошна кхерам лаьтта.
Зазадокху-беттан 13-чохь Украинера дIайоьдучу юкъанна Румынин дозанехь дIалецира 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполан лехамашка еллера иза – мухIажир бехкейина Шеман тIамехь дакъалацарна. Пхи шо гергга хан ю Гериханова Нохчийчуьра дIаяхна, Киевехь ехаш яра иза. Цуьнан гергарнаш а, иза евза-езарш а тешна бу, бакъо йоцуш вовшахтоьхначу юкъараллашца цуьнан гIуллкх хилла дац аьлла.
Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь Швецин миграицн Iедалша дуьхьало йира мухIажаран статус яла нохчочунна Ш.Артуран (цуьнан интересашкахь карарчу хенахь бакъйолу цIе йоккхуш яц цуьнан). Цунна Оьрсийчу депортаци ян тарло, ткъа цигахь кхерам лаьтта цунна, дIахьедо бакъонашларъярхоша.
Оьрсийчоьнан дехарца Польшехь лецира, Украинерчу тIамах ведда 30 шо долу дагестарнхо Зубагиров Мохьмад. Карарчу хенахь Москварчу "Медведь" цIе йолчу йоьалгIачу СИЗО-хь латтош ву иза. Стенна бехкевеш ву, цкъачунна хууш дац.