ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цуьнан цIийндена тIехула ду хIара дерриг а". Гериханова Аминин гергарчо дуьйцу – Оьрсийчу цунна экстрадици ян гIертарх


Румынин а, Украинан а дозанехь
Румынин а, Украинан а дозанехь

36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина лецира Зазадокху-беттан 13-чохь Румыница долчу дозанехь Украинера араяла гIертачу хенахь. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейо Шеман дозана тIехь боьлхучу тIемашкахь дакъалацарна. Пхи шо гергга хьалха Нохчийчуьра дIаяхара Гериханова, цул тIаьхьа ехира иза Киевехь а, Львовхь а. Цуьнан гергарнаш а, иза евзарш а тешна бу, бакъо йоцуш герзашца вовшахкхеттачу тобанашца цуьнан юкъарлорнаш хилла цахиларх

Цунна тIехIуьттуш, Европан мехкашкахь акцеш ю дIахIош кест-кеста. ТIаьххьара Евросоюзехь бехачу нохчийн жигархой Стигалкъекъа-беттан 12-чохь Страсбургерчу Европан Кхеташонна хьалха митинге бевлира, "Маршо Аминина" аьлла, францхойн, нохчийн, ингалсан а меттанашкахь тIеяздина плакат карахь.

Оцу юкъанна Австрехь цунна экстрадици ярна дуьхьал къуьйсуш ву Аминин кIентан деден ваша Бахарчиев Амрудди. Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь цо дийцира Гериханова Аминех лаьцна, хаийтира Нохчийчохь цунна мича бахьанашца тIаьхьабевллера а, шена хетарехь, Румынин Iедалхошна цунна тховкIело яла стенна ца лаьа а.

- Стигалкъекъа-баттахь Румынин Iедалша дуьхьало йина Гериханова Аминина политикан тховкIело яла. Муха кхетаво цара дуьхьалоярх?

– Цхьана а хIуманца ца кхетаво. Охан-беттан 18-чохь Кассацин кхело Аминина экстрадици еш сацам тIечIагIбира. ШолгIачу дийнахь цуьнан интервью яра мухIжаран статус йоьхуш, цуьнца 10 сахьтехь къамелаш динера. Интервью йинчо аьллера, Аминера шега кхаьчна информацино ша Iадийна, и талла а, бакъ дуй хьажа а деза шен, 30 дийнахь жоп лур ду аьлла. Де-ши де даьлча Аминас телефон туьйхира соьга, ца ло шена тховкIело, хIун бахьанашца – ала а ца элира аьлла.

ООН-н мухIажарийн гIуллакхашкахула йолу Лакхарчу комиссаран урхалла (UNHCR) а юкъаялийра оха, церан юристаш а, интервью дIахьош гIо дан а, цуьнан бакъонаш ца йохаяйта а. Иштта юкъаеара Amnesty International организаци а. Аминин цIарах Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле иск кховдийра цара, ЕСПЧ-но тIе а ийцира, 39-чу бакъонах пайда а оьцуш, цундела Оьрсийчу экстрадици яр сацийна ду Товбеца-бутт юккъе баллац, ткъа Стигалкъекъа-бутт чекхбалале цуьнан гIуллакхан йоллу материалаш ЕСПЧ-кхеле дIахьажон декхаре бу Румынин Iедалхой.

– Экстрадици яр юкъахдаккхаро мел а дегайовхо юьтий шуна, гIуллакх диканца доьрзур ду аьлла?

– Теша-м теша тхо, чIогIа дегайовхо ю, цундела Европан пачхьалкхашкарчу Румынин векалташна хьалха митингаш йира, Гаагерчу кхела хьалха а протест йира, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелана хьалха митинг дIаяьхьна, Амина Оьрсийчоьне дIа ма ло бохуш.

– Кхин мила ву шуна гIо деш?

– Европера нохчийн диаспораш а, Швецехь куп тоьхна йолу бакъоларъяран «Вайфонд» органиаци а, митингаш вовшахтухуш а, кхиндолчу юридикан хеттаршкахь а гIо латтадо цо тхуна. Доцца аьлча, дуккха а нах бу-кх Аминина сагатдеш, тхо тешна ду, иза маьрша яккха тхан ницкъ кхочур бу аьлла. Амина цхьана а хIумана бехке ма яц. И дерриг а цуьнан хIусамдена, сан вешин кIантана тIехула ду.

– Маца ваханера иза Шема?

– 2014-чу шарахь ГIуран-беттан тIаьххьарчу деношкхаь, Туркойчухула дIавахнера иза.

–Амина цхьаьна а йоцуш ваханера иза?

11 дийнахь церан карахь хилла ю иза,  набахте хиллехь а, ларми чохь хиллехь а

– ХIаъ, ша ваханера. 2019-чу шарахь бIаьста кхелхира иза Шемахь. Ша Амина а, тхан боллу гергара нах а кадыровхоша хьийзон болийра 2015-гIа шо довш дуьйнна. Сийсазбора, юьхьIаьржа хIиттабора, Амина дIайигира. 11 дийнахь церан карахь Iийна ю иза, набахтехь хиллехь а, йа ларми чохь хиллехь а. Йоккха стресс хиллера цунна, ша стенгахь латтош ю хаа де а доцуш. И йоллу сийсазаллаш лелийначул тIаьхьа сацамбира цо, шен бераца Нохчийчуьра Украине, Киеве дIаяха. ТIаьххьарчу масех шарахь цигахь яра иза, Львовхь яьхна, доллу кехаташ ду цуьнгахь, цунна тоьшалла деш. 2018-чу шарахь Оьрсийчоьно Интерполехула лехамашка елира – иза бехкейира Шеман дозана тIехь тIемаш барна. Доцца аьлча, шайггара долийна гIуллакх ду-кх.

– Нохчийчуьра иза дIаяхначул тIаьхьа долийна гIуллакх?

– ХIаъ, Амина шо хьалха дIаяхара Украине. Цуьнга цигахь хеттарш динера СБУ-хь, тIаккха дуьхьало йира иза Оьрсийчоьне дIаяла, хIунда аьлча, уьш тешнера: йоллу оцу хеначохь иза Украинехь хиллийла, цхьана а Шема ца яханий кхийтира.

– Украинхойн Iедалшкахьара цхьа а претензеш яцара?

– Цхьанне а тайпа. Маьрша ехаш яра иза, шен болх а беш.

– Аминин да-нана дуй?

– Аминин да-нана дац. Ши ваша ву, царна тIехь а гIело хьегийтина кадыровцаша. ХIинца цуьнан цIе яккха а ца ваьхьа и шиъ.

– Нохчийчохь ву и шиъ?

– ХIаъ, Алды олучу поселкехь вехаш ву. Шо сов кхечу стагехь марехь хилла иза Украинехь, иза а тIепаза вайна, цунна хууш дац, стенгахь ву, цунна хIун хилла. ХIокху гIуллакха тIехь Аминина гIо дан стаг вац. Аминин кIентан деннана а, ши дейиша а ю Германехь Iаш, амма церан йист ца яьлла кехаташца, цундела цигара дIасабовла йиш яц церан.

– Шайн кIентан кIентан, вешин кIентан дола дан а лууш барий уьш?

– Дера лаьара, чIогIа лууш бара. Бераца уьйр ма ю церан.

– Амина лаьцнийла муха хиира хьуна?

Кавказ.Реалиин сайта тIехь бинчу хаамехь дийшира ас, цхьа Гериханова Амина лаьцна аьлла. Суна цуьнан фамили ца хаьара – 20 шо ду со Австрехь веха. Цуьнан кIентан тхан фамили хиллера – Бахарчиев. Суна гира "Бахарчиев Мухьаммад-Iабдулла" - кхийтира со: хIара-м сайниг ма ву аьлла.

– Цул тIаьхьа хIун дира ахь?

–Германерчу кIентан денене телефон туьйхира ас, цо тIечIагIдира, уьш бу аьлла. ТIаккха сайн бевзачаьргахула хиира суна Амина стенгахь латтош ю а, цуьнан кIант мичахь ву а, мел оьшу информаци а гулйира. Сайн лулахочуьнца цхьаьна Румыни вахара со, бархI дийнахь кIант цаьргара схьаваккха гIиртира тхо. ХIинца соьца ву-кх иза.

– И кIант хьан кIентан, йоьIан а вац, хьан вешин-йишин бер а дац иза. ХIетте а, стенна оьшура хьуна иза дIавига?

Мохь хьоькхура цо, и сурт гинчу цуьнан дог хIинца а дац меттахь

– Цкъа-делахь, цуьнан да вац, шолгIа-делахь, сан ву-кх иза, тхан цIийнах. Иза дIавига со тIаьхьавеача, стрессехь вара иза, хабар дийца а ца лууш. Полисхойн декъера иза берийн хIусаме дIавуьгучу хенахь, гочдархочо дийцира суна, мохь хьоькхуш хиллера цо, и ирча сурт хьалхара дIа ца долуш, дог хIинца а меттахь дац шен бохуш яра.

– Ткъа хIинца муха ву кIант?

– ХIинца сай санна ведда лела, кхиссало, ловзу. ШолгIачу-кхолгIачу дийнахь сох дIаийра, тхоьца хьалакхиъча санна ву.

– Школе лелаш вуй иза?

– Кехаташ кечдеш ду тхо цунна. Европехь йоккха бюрократи ма ю. Суна уллохь масех школа ю, царех кхоъ билгалъяьккхина, кехат дахьийтина ас, жоп лардеш ду. ЦIахь сан йоI ю цунна хьоьхуш.

– Нанна сагатдой? Дага а йогIий?

– ДагайогIу, амма са ца гатдо. Кхузахь паркаш, аттракционаш ю, сагатдан йиш яц, оха сагатдан а ца вуьту.

– "Вайфондо" яздира, Украинан президентан офисо дош делла, Гериханова Амина шайн пачхьалкхе юха чуйита а, цуьнан кхерамзаллех лаьтта хаттар дIакъовла а. И доцург кхин цхьа а гIулчаш йиний цара, Амина маьршаяккхархьама?

– ХIан-хIа, ца йина. Церан хан а ма яц и лело. Хууш ду-кх вайна цигара хьал. Иза юха чуйита реза хилар а ма ду гIуллакх.

– Румынехь кхелаш муха дIайоьлхура?

– Адвоката а, Аминас а дуьйцург тергал деш дацара. ЧIогIа цабезамца хуьлура.

– Стенца доьзна ду и аьлла хета хьуна?

– Со тешна ву, динца доьзна ду аьлла. Иза бехке цахилар а, иза доьзалхочух яккхар а, шайн бала боцуш санна хуьлура. Цхьа роботаш санна лелар-кх уьш.

– Ткъа ша Амина мича хьолехь яра?

– Амина доьналла долуш ю! Хьалха шен берана сагатдора цо, хIинца тхо а доьхна ца хилийта, тхоьга ала дош а хуьлура.

– Украине юхаяха лаьий цунна?

– ХIаъ, дера лаьа! Амма Оьрсийчоьно Интерполе еллачуьра дIаяккха еза иза цкъьа дуьххьара. Адвокаташ цу тIехь болх беш бу.

– Аминех йист яллалц цуьнан гIуллакх дIадахьа адвокат карийний шуна?

ХIаъ, Amnesty International юкъаралло велла тхуна. Ас цуьнга иштта дIакхачийна, Аминин гIуллакх Украинехь листинчу СБУ-н белхахочун телефон а, цунна дерриг а хууш ма ду. Сайн ницкъ мел берг деш схьавогIуш ву со. Со хилла а ца Iа. Кхузахь дуккха а нах бу Аминина сагатдеш, дуккъаъ наха гIо дина. Адвокатана дала ахча оьшуш, орца дехнера оха, кхаа-деа дийнахь ялх эзар евро гергга ахча вовшахкхийтира.

ГIудалкх чохь волчу соьга хIуммаъ далур дацара, дика адамаш ца хиллехь

Нохчийчохь шолгIа тIом болуш лазийна ву со. 1995-чу шеран Товбеца-беттан 2-чохь, Шуьйтара мухIажарш арабовлучу хенахь, некъаш тIе бомбанаш еттара. Оцу бухахь нисъелла тхан машен 60 метар кIоргачу бердах чу яхара. Сан букъдаьIахк кагъелира. ХIинца 27 шо хуьлуш ду со заьIапхойн гIудалкх чохь висина. Кху хьолехь волчу соьга кIад а далур дацара, дика адамаш ца хиллехь. Дийцина ца валлал баркалла ала лаьа суна, Аминина сагатдечу а, гIо дечу а массарна а,

***

Карарчу шеран Стигалкъекъа-баттахь Швецерчу миграцин Iедалша дуьхьало йира мухIажаран статус яла нохчочунна Ш.Артурна (цуьнан кхерамзалла ларъеш, фамили йовзуьйтуш яц). Оьрсийчоьне дIавала тарло иза, цигахь мухIжарна кхерам лаьтта, дIахьедо бакъонашларъярхоша.

Оьрсийчоьнан дехарца Польшехь лецира Украинерчу тIамах ведда 30 шо долу дагестанхо Зубагиров Мохьмад. Москварчу «Медведь» олучу номер 4 йолчу СИЗО-хь ву иза хIинца. Иза стенна бехкевеш ву, цкъачунна хууш дац.

Кавказерчу мухIажаршна Европехь гIо латторан спецификех а, нагахь санна, Оьрсийчу уьш дIахьовсабахь царех хиндолчух а дийцира Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь бакъоларъяран «Вайфонд» ассоциаци йиллинчех цхьаммо - Садулаева Аминас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG