И бахьана долуш Малхбузерчу Европехь дукха емал вира Орбан а, цуьнан мухIажаршца йолу гамо а. Амма цул тIаьхьа ах шо а далале цхьа могIа кхечу пачхьалкхан Венгрех масала а оьцуш, шайн дозанаш дIакъовлуш ду. Кху деношкахь Австрин урхалло сацам бина, мухIашарш шарахь билгалдаьккхинчу цхьана леринчу терахьал сов кхин чу ца бита, ткъа уьш цу ца битархьама шен дозанехь пен ботта.
Шаьш тIеоьцучу мухIажарий терахь дикка лахдан сацам бина цу хIуманна тIехь Германица хIинцалца схьа солидаралле хиллачу, шен мигранташца къинхетам гайтарца гIарйаьллачу Швецино а ур-атталла, ткъа иштта Германин уггаре а тешаме партнер ларалучу Францино а, Даний, Финляндий, Балтика хIордана уллохь Iохку пачхьалкхаший-м йийца а ца оьшу.
Цу чолхечу хьелашкахь немцойн канцлерна Меркел Ангелина кхочуш ю йоллучу Европехь а, шен пачхьалкхана чоьхьарчу политикехь а мухIажаршца „марша догIийла“ боху позици цуо лацарна йоллу критика а. Ма-дарра аьлча, бIеннаш эзарнашкахь Германе даханчу беттанашкахь схьабаьхкинчу мухIажарех я мигрантехь цхьаммо мискъазараттала цхьа къепедацар дар а Меркелна бале долу, немцойн политикан майданерчу аьтто-популистийн партеша а, цуьнца шеца урхалле болчу консервативан ницкъаша а цу къепедацаршна Меркелан политика бехке еш хиларна.
Ша Iедалехь йолчу итт шарчохь цкъа а тахана санна лахара хилла яц цуьнан рейтинг немцойн юкъараллехь. ТIехула тIе тIебогIучу зазадоккху баттахь Германехь дIабахьана безаш регионалан харжамаш хилар тидаме эцча, Меркелан а, цуо урхалла дечу коалицин а политикан кхоллам еари дийнахьий, пIераскан дийнахьий Брюсселехь дIахьочу мухIажарех йолчу саммитехь билгалбаккха мегаш бу.
ХIунда аьлча, нагахь санна Меркелна ма-лаара, кхинйолу Европера пачхьалкхаш мухIажарш леринчу квоташца вовшашлахь бекъа а, тIеэца а реза ца хилахь, тIаккха даханчу шарахь Германе веана волу миллион герга мигрант а, царел совнаха дела денна Шемара а, Гергарчу Малхбалера а схьаоьхуш берш а беккъа немцошна биса там бу.
Амма Брюсселерчу саммите гулбеллачу Евробертан пачхьалкхийн куьйгалхойх доккхаъчу декъано Меркелан план тIеоьцур ю бохучуьнца тийса кIезга са ду. ХIунда аьлча, масала, Малхбалерчу Европерчу пачхьалкхаш тоххарехь дацаре до, шаьш а мухIажарш тIеэца декхарийлахь хилар.
Иштта масех де хьалха Берлино дуьхьало ешшехь вовшахкхеттачу Венгрин, Полшин, Словакин, Чехин куьйгалхоша сацам бина Македонин, Болгарин дозанашка шайн эскархой а хьажйина, и догIанаш олуш ма-хиллара эчиган пардонца дIакъовла, цигахула схьаоьху мигранташ тIех ца бовлийта.
Европерчу адамийн бакъонашларйархоша а, юкъараллин жигархоша а дера емал бо и сацам, цунах домино эффект а хилла, кхечу пачхьалкхаша а мухIажаршна букътоха кхерам бу, ткъа мухIажарш цу кепарчу гIулчашца ишттаъ-вуьштаъ Европе схьаоьхучара саца а лур бац, бохуш.
Германерчу Про Флюхтлинг юкъараллин цхьаьнакхетараллин координатор йолчу Рогенау Барбарас Маршо радиога дийцарехь, Малхбалерчу Европин куьйгалхоша тIеэцна болу барт Евробертан низамаш дохош хилла ца Iаш, ша Евробарт а эшшане а оьшуш буй-те бохучу зил тIе далош бу. Цу пачхьалкхаша, хетарехь, дицдина шаьш Евробертан декъашхой хила гIерташ къахьегар а, шайн бахархоша а эзарнашкахь мухIажаралла лайна хилар а.
Рогенау Барбара: „Малхбалерчу Европерчу пачхьалкхашна шаьш даханчу иттанаш шерашкахь Iама декхар дара, мухIажар хилар – иза хIун бохург ду, иза мел хала ду, политикан хийцамаш лан, цу кепара уьш кхета декхар дара, ишттачу хьелашкахь болчу нахана гIодар мел мехала ду бохучух. Малхбалерчу Европера пачхьалкхашна кхин дIа а Евробертан киснара ахчанаш луш ду, мухIажарш тIеэца а, царна гIо дан а. Амма цара и болх беш бац.
Цундела мухIажаршна цигахь саца ца лаьа, хIунда аьлча царна хаа жимма Неврехьа шаьш дIадахча цигахь шайна бакъонийн пачхьалкхаш а, социалан пачхьалкхаш а карор юйла. Адамалла а карор дуйла. И адамалла бохург хIун ду, хетарехь, Малхбалерчу Европера пачхьалкхашна дицделлачух тера ду. Иза вуно гIайгIане а ду“.
Цу юкъана ша болийначу некъатIера юхаяла ша дагахь ца хилар хаийтира немцонй канцлера Меркел Ангелас ша еари Iуьйранна Брюсселе новкъаялале. Цуо билгалдаьккхира, хIинцале а Европе схьакхаьчна болу мухIажарш Евробертана юккъейогIучу 28 пачхьалкхено бекъа безаш хилар а, ши бутт хьалха мухIажарийн хьокъехь Туркойчоьнца бина барт кхочушбан безаш хилар а.