Украинан президента Порошенко Петрос немцойн Билд газетаца къамелдеш дIахьедина, Оьрсийчоьй, Украиний шо хьалхачул а герга ю вовшашца тIом болон, аьлла. Кремло “цхьана могIанехь талхийна а ца Iа Минскехь бина барт”, герзаш дуьйлучуьра совцорехь, машар чIагIбарехь а дукха ду сакхташ, боху Порошенкос.
“Шайн буьйранчашца цхьаьна оьрсийн 8000 эскархо ву Украинехь, дозанашкахь бу баккхий ницкъаш,” – элира президента Чиллан-беттан 1-чу дийнахь канцлерца Меркел Ангелица къамелдеш. Иштта, Германин Оьрсийчоьнан юкъаметтигех лаьцна шена гург а довзийтира Порошенкос.
Германехь проблемаш гIовтто гIерта Оьрсийчоь. Кремл нийсачу новкъаяккха гIертачу, ГIирмина аннекси ярна шена критика ечу Меркелан позицеш а йо аьшнаш, - бохура цо.