Тайпанийн Кхеташонна Iедалх лечкъа бен ца дуьсу

ГIалгIайчуьрчу Iедало тIаьххьарчу шина шера чохь шозлагIа дIакъовла кхайкхийна махкара Тайпанийн Кхеташо

Кхаа баттанна болх дIасацийна ГIалгIайчоьнан юстицин министралло махкарчу Тайпанийн Кхеташонан. Оцу хьокъехь "Кавказ.Реалиига" хаамбина юкъараллах ханна куьйгалла дечу Даскиев Мурада.

"Пригородан кIошт а, кхидолу гIалгIайн латтанаш а Къилбаседа ХIирийчоьне, я Оьрсийчоьнан кхечу регионе дIадаларх долу низам къобал ма дойла цхьаммо а", аьлла, Тайпанийн Кхеташоно шен сайтехь бина кхайкхам бу юстицин хьукматна дехкар дан бахьана делларг.

Стигалкъекъа-баттахь Къилбаседа ХIирийчоьнца мехкийн доза къасто дагахь хилла ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек, йита воллуш хилла хIирашна "конституци а йохош халкъера дIаяьккхина" Пригородан кIошт, тоьшалла до Тайпанийн Кхеташоно.

КХИН А ХЬАЖА: Барт эгIаран лам

ХIирийчоьнанний, ГIалгIайчоьнанний куьйгалхой дозанийн хьокъехь бартбан вовшахкхета аьлла хаийтина дац официалехь. Амма шайн дай баьхна меттигаш ХIирийчоьнан юрисдикцехь хилар къобалдан кечлуш ю Магас боху хабар гIалгIашлахь лела ю дикка хан.

Даьржина эладита тIечIагIдан санна нисбелира оцу юкъанна Къилбаседа ХIирийчоьнан туризман а, кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу а урхалло ша Маьтлоама (хIирийн маттахь – Мадыхох, оьрсийн маттахь – Столовая гора) яхийта туристийн тоба кечъеш ю, аьлла, баржийна хаам. Ломан цхьа агIо ю хIирийн юрисдикцехь, важа – гIалгIайн, ткъа БуьрийтIера лома садаIархой хьажор ду шайгара и лам баккхар, аьлла хета гIалгIашна.

ХIинцачул хьалха Тайпанийн Кхеташо дIакъовла гIоьртира Евкуровн Iедал 2017-чу шеран юьххьехь. Кхеле яьлларг хIетахь а яра юстицин министралла. Юкъаралло 18-за низам талхийна ша-шена кечдинчу белхан бакъонан кехаташкахь, ткъа и гIалаташ дац дIатодан йиш йолуш а, бохура юристаша. Кхузза ГIалгIайчоьнан Лакхара кхел гулъелира оцу бахьаница. 2017-чу шеран Чиллан-беттан 6-чохь кхело сацамбира, юстицин министралла харц ю, Кхеташоно кехаташца дитина гIалаташ дIанисдойла ду, аьлла.

КХИН А ХЬАЖА: 26 гIалгIа политикан тутмакхийн тептаре язвина

Жигархочунна Евлоева Изабеллина хетарехь, юстицин министралло лелориг дозу Iедал "Тайпанийн Кхеташонна, цуьнан жигархошна, уьш протестхошкахьа бовларна, таIзардан гIертарца".

"Доцчух лаьцна хаамаш баржорна Тайпанийн Кхеташонан куьйгалхочун декхарш кхочушден Даскиев Мурад жоьпе ийзор а, оцу юкъараллин куьйгалхо Ужахов Малсаг лацар а ду оццу бахьаница", - боху Евлоевас.

Иза тешна ю, "Iедал массо а кепара халкъан аз дIадукъа гIерташ хиларх". Евлоевас дийцарехь, гIалгIайн массо а тайпанийн векалш бу Кхеташонан декъахь, ю иза "къомо чIоггIа лоруш а, юьхьанца дуьйна цуьнан массо а акцешкахь дакъалаьцна а".

2015-чу шеран Iай кхоьллира ГIалгIайчохь Тайпанийн Кхеташо. Оцу муьрехь йолуш хиллачу, амма президентан гонера ларалучу, 2009-чу шарахь дуьйна лаьттачу кхечу Тайпанийн Кхеташонна дуьхьал. Керлачу юкъараллин декъабахара Евкуровн Кхеташонера цхьаболу нах – верриг а вара 11 стаг. 2016-чу шеран гурахь юстицин урхалло къобал а йира иза. Цхьаболучара дийцарехь, гIалгIайн 100 гергга тайпан векалш бу Кхеташонехь, ткъа цуьнан сайто йовзийтина цIе яц 26 бен.

Ши бутт гергга хьалха лаьцна Тайпанийн Кхеташонан куьйгалхо Ужахов Малсаг кхобу БуьрийтIерачу изоляторехь. Даскиевна дуьхьал хьалхара административан дов айдира, цо доцург дуьйцу сайтехула, аьлла. ШолгIаниг схьадиллира, 2018-чу шарахь Магасехь протесташка лелла, аьлла.