ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

26 гIалгIа политикан тутмакхийн тептаре язвина


Загидова Марьям

ГIалгIайчуьрчу бакъоларъярхойн "Машр" юкъаралло политикан тутмакхийн могIарашка язвина Магасехь Зазадоккху-беттан 26-чохь гулам хIотторна лаьцна кхобу 26 жигархо. Нохчийчоьнца шайн махко дозанаш къастош бинчу бертанна реза бац уьш. Цул сов, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке дарж дита а баьхна цара.

Гуламна дуьхьал - бекхам

Протест айарна бехктакхаме ийзочийн цIерш йоху "Машро". Политикан тутмакхийн статус къастийна царна. Ткъа гIуданаш а тоьхна, маьрша битинчех олу юкъаралло "репрессеш лайна нах".

"Iуьйре герга кхочуш, тIехь ницкъ а беш, нах дIасалахка хIоьттира Iедал [Зазадоккху- беттан 26-чу дийнахь –Ред.]. Оцу бахьаница вовшахъхьаьрчира тIелетта ницкъхой а, царех Iалашбала гIерта нах а. Цул тIаьхьа Iедало репрессеш йолийра, бух а боцуш, бехктакхаме ийзабо болийра мехкан куьйгалхочунна товш боцу оппоненташ", боху бакъоларъярхо Муцольгов Мохьмад коьртехь волчу "Машр" юкъаралло.

Лецна латточех бу оппозицин лидерш Мальсагов Муса, Чемурзиев Барах, Барахоев Ахьмад, Ужахов Малсаг, Хаутиев Бахьавдин, жигархой Кациев Хьасан, Нальгиев ИсмаьIал, Плиев Муса, кхиберш.

26 стаг ву, "Машро" бахарехь, ГIебарта-Балкхаройчоьнан, Къилбаседа ХIирийчоьнан изолятошкахь латтош, 100 сов вахархочунна тоьхна даккхий гIуданаш. Хьийзош бу, юкъаралло тоьшалла дарехь, протесташка арабийлина боцу нах а тIехь.

"Машаре манифест яра иза"

ГIалгIайн лидерш а, жигархой а лецарх, царна дуьхьал бехктакхамаш гIовтторах долу документаш зуьйш ю бакъоларъярхойн "Мемориал" центр, элира "Кавказ.Реалиига" оцу дуьненаюкъарчу хьукматан кхеташонан куьйгалхочо Орлов Олега.

"Сан кхетамехь, лецна кхобу нах политикан тутмакхийн тIегIана баха йиш ю муьлххачу а хьукматан. Амма царна и статус ялале талла деза дерриг а, бало беза хьакъдоллу бух", - билгалдаьккхира Орловс.

Бакъоларъярхочо дагадоуьйту политикан тутмакхаш муьлш бу. Уьш политика бахьанехь цхьацца боцу бехкаш Iедало тIехьерчийна нах бу, бакъоларъярхочо дийцарехь.

"Масала, элира Орловс, - Нохчийчуьра бакъоларъярхо Титиев Оюб, иза наркотикаш лелорна бехкевина, амма оха иза политикан тутмакх ву боху. Даима а эриг хуьлу, "Мемориалан" версица полит-тутмакх, амма изза тептар кхолла бакъо ю муьлххачу а юкъараллин. "Машран" а ю бакъо цхьацца нах политикан тутмакхаш лара", аьлла хета "Мемориалан" куьйгалхочунна.

ГIалгIайн оппозицина дуьхьал айина компани шаьш тергалъеш ду, гуламера нах ницкъаша дIасалахка оьшуш ситуаци яцара Магасехь, иза машаре манифестаци яра, цунна дуьхьал ницкъ баккхар ца догIу дуьненаюкъарчу низамашца, масала, адамийн бакъонийн Европерчу конвенцица, элира Орлов Олега.

"Хьал эшна догIу"

Политикан тутмакхийн тептар хIотто дуьхьало хуьлийла дац цхьана а хьукматна, элира "Кавказ.Реалиига" Human Rights Watch юкъараллин Оьрсийчуьрчу программин куьйгалхочо Локшина Татьянас.

"Ткъа муха тIеоьцу наха и тептар, мел дIасадаржадо, муха дIакхочу нехан кхетаме - иза и даржош йолчу хьукмате халкъалахь болчу ларамо гойту. ГIалгIайн оппозицин лидерш лецна латтор харцо ю, сов ницкъ баьккхина царна дуьхьал", - аьлла хета Локшинана.

Цо дагадоуьйту, карарчу муьрехь гIалгIайн оппозиционерашна дуьхьал айдина "девнаш материалашца дузуш" хьийзаш талламчаш хилар. "И нах гурашка лаьцна мел кхобу, Iедалца а, халкъаца а къамелдан бертан комиссеш кхоллар, дийцарш дIадахьар хьехадойла а дац, гIоьртина ду хьал, телхаш ду кхидIа а", - боху дуьненаюкъарчу Human Rights Watch хьукматан Оьрсийчуьрчу векало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG