Исханов Хьусейн: Ичкерин паспорто гIо дийр ду вайнахана

Ичкерин паспорт.

„Чеченпресс“ сайт тIехь дозанал арахьа йолчу Нохчийн Республика Ичкерин урхалло дукха хан йоцуш зорбане даьхна Ичкерин пачхьалкхан олаллехь шаьш лоручу наха шаьшна Iалашдан йиш йолчу паспортийн сурташ а, и документаш декъаран хьокъехь долу Ичкерин куьйгаллин омранаш а, уьш эцархьама кхочушдан дезаш долу хьелаш а.
„Ичкерин вахархочуьн паспорт кечдаран а, дIакхачоран а хьокъехь йолу инструкци“ цIе йолчу кехатехь Ичкерин арахьарчу гIуллакхийн министралло биллдаьккхина ду, муьлхачу а нохчочунна, иза мичча меттехь вехаш велахь а, цуьнан долахь муьлхачу а пачхьалкхан паспорт делахь а, иза эца йиш ю аьлла.

Цу хьокъехь ша динчу дIахьедарехь Ичкерин урхаллин куьйгалхочуо Закаев Ахьмада билгалдаьккхина ду, Цхьанакхеттачу Европин дозанна тIехь вехаш 300 эзар герга вайн махкахо ву, аьлла.

Ка ма-доллу, цу нехан интеграци кхиаме хилийта къахьоьгуш ду тхо, бохуш яздо цуо. Цу къахьегарехь цхьа мехала гIулч ю, Закаев Ахьмада билгал ма даккхара, къоман паспорташ нохчашна дала долор.

Европехь а, кхечу Малхбузехь а бехачу вайнахалахь тайп-тайпана ду цу паспорташка хьежар. Цхьаболчара хазхетарца а, баккхийберца а тIеэцна долу и хIума вукхара кхардарца дийцаре до. Цара боху: кху дуьненчохь цхьанна меттехь къобалдеш доцу и кехат стенна пайденна ду, цунах хIун до?

Ичкерин вахархочуьн паспорт уггаре а хьалхарчу могIаршкахь схьа эцна, дозаллийца иза лелош а болчех ву Австрехь вехаш волу нохчийн диаспорин жигархо Исханов Хьусейн. Хьусейне хаьттира Маршо Радионо, баккъал а хIун до Ичкерин паспортех, цуьнца цхьанхьа а ваха йиш ца хилча аьлла.

Исханов Хьусейн: „И паспорташ дуккхаъчу наха къа а хьегна, Европехь бехаш болчу вайнахана гIоьнна арахецна ду. Вай Оьрсийчоьнан дахарбой дац, вай оьрсий а дац аьлла дIагайтар ю цуьнан политикан Iалашо.

Цул совнаха, кхузахь тховкIело йоьхуш болчу нахехь Iедале дIагайта цхьа а бух ца хуьлу, шаьш Оьрсийчу юха ца хьовсадайта а, шайна тховкIело ялийта а, карахь иштта паспорт ца хилча.

Кхин цхьа хIума а ду: вайн берашна, вайн тIекхуьучу чкъурана а ма оьшу уьш, шайн мохк буйла царна диц ца далийта, шаьш мичара, муха схьадаьхкина ду царна хаийта. Иза а ду и паспорт юккъедаккхаран бахьанех цхьаъ“.

Кхин цхьа хIума ду, Ичкерин паспорташ цатешамца тIеоьцучара далош - и паспорташ ишттаъ - вуьшттаъ цхьанна пачхьалкхо къобалдеш ца хилча, царех мах стенна бокху Ичкерин Iедало, бохург?

Исханов Хьусейна дуьйцу, и кехаташ арахоьцуш а, уьш луучаьрга дIакхачош а цу хIуманна жоьпалле болчара беш боккха болх бу, бохуш. Ткъа мах боцуш луш цхьанна а пачхьалкхан паспорт ца хуьлу, и пачхьалкхе къобалйийна елахь я яцахь а, боху цуо.

Ала догIу, кхардамчаш а, цатешарш а, и Ичкерин паспорташ пайденна ца хетарш а мел дукха белахь а, иза муьлхачу а къоман уггаре а коьртачех пачхьалкхан символ хилар.

Иза цхьанна а хIуманна пайденна дац бахар а шеконе ду, хIунда аьлча, карарчу хенахь Европехь политикан тховкIело йоьхуш болчу нохчийн мухIажарийн карахь нагахь санна дIагайта и тайпа кехат хилча, цуо тIеIаткъам ца беш дуьссур дац цуьнан гIуллакх меттигерачу Iедалхоша таллар, и паспорт лелочуьн политикан хьежамаш цуо гойту дена.