Your browser doesn’t support HTML5
ПIаьнгаз-чIожехь меттигерчу нохчийн гулам хилла кхаарин дийнахь. Цара цхьанаэшшара емалдина цхьа де хьалха, гуьржийн полицино цигахь 5 стаг дIа а лоцуш, 20 шо долчу кIантана коьртах герз тоьхна, чов а еш, леррина операци дIаяхьар.
Гулбеллачара кхайкхам бина Iедалшка хиллачунна кхоччуш таллам а бина, куьгбехке берш жоьпе озабе аьлла: «Вайна дуккха а гина леррина йолу операцеш.Нах дIалоьцуш а гина вайна. Зуламхо дIалацар вай къуьйсуш хIума дац, нагахь санна, иза зуламхо валахь. ДIалацарх а, чуволларх а кхетар ду вай. Зулам дина хиллехь а, деши санна, кегий нах чу а оьхуш, хье юккъе тапча еттар – иза цхьа а леррина операци яц».
ПIаьнгазера нохчийн гуламе баьхкина дуккха а нах бара. Цундела арахь дIабаьхьира иза. Хууш ма-хиллара, и юкъаралла екъаелла ю, динан а, Iадатийн дакъошна. Декъаделла хиларо дайтина иза вайна тIехь.
Вайн барт боцу дела хилла иза, аьлла вистхуьлуш къамел дира хIокху пIаьнгазхочо: «Тобанашкахь декъа а делла, Iаш ду вай, хIорш ваххабисташ бу, хIорш кхин бу, хIорш байъа беза, хIорш Хьаьжин муридаш бу бохуш. 13 декъе бекъабелла кху чохь (чIожехь) беха нах. Шуй, тхой бохуш Iаш ду вай. Иштта къестамаш бо вай. ХIара тIедеънарг шу ваххабисташний, шу Хьаьжин муридашний аьлла доцуш, массарна тIедогIуш ду. Вай дерриге цхьаъ хилла, дIахIиттича дика хир дара».
Меттигерчу журналиста Бордзгор Сулхана дийцарехь, Iедалшка оцу гуламо бина кхайкхам дIакхачийна. Цаьргара жоьпе хьоьжур бу хIинца, элира цо: «Вовшахкхетта сацам бина, Iедале и гIуллакх нийса листа аьлла. Уьш бехке буй, баций дац дуьйцург, цара доьхуш дерг нийса схьаала боху хилларг хIун ду, леррина коьртах тоха дезаш дара цунна герз аьлла».
Дагадоуьйту леррина йолу операци ПIаьнгазехь шинарин Iуьйранна дIаяхьна хилар. Полицин леррина йолчу тобано чу а лелхаш, 5 стаг дIалаьцнера. Ткъа, шен меттахь вижина Iуьллу 19 шо долу Мачаликашвили Тамерланна коьртахь герз а тоьхна, лазийна. Иза вочу хьолехь дарбанан цIийнехь ву хIинца а.